Дерриге а Исламан библиотека

92 - The Night - Al-Layl .

:1

Буьйсанах дуй боу Ас, /цо Iалам боданца/ дIахьулдеш‚

:2

Дийнах а дуй боу Ас‚ иза серладаьлча,

:3

Ша борша а, сте а адам кхоьллинчуьнца (Делаца) а дуй боу Ас:

:4

Баккъалла а, шун къахьегартайп-тайпана ду-кх!

:5

Амма ша /шен даьхни/ д1аделларг а (харжаш еш Дала бохучу новкъахь)‚ /Делах/ кхийринарг а‚

:6

Ша уггар хазниг бакъдинарг −

:7

Оха цунна атта дийр ду аттачунна (дикчу 1амална) тIе /водар/.

:8

Амма ша пис хилларг‚ /дуьненан/ хьал лехнарга‚

:9

Ша уггар хазниг харцдинарг −

:10

Оха цунна атта дийр ду халачунна (вочу дахарна дуьненахь а, эхартахь а) тIе (водар).

:11

Цунна пайдане хир бац цуьнан бахам, иза кIелвисча /жоьжахате вохуьйтуш/.

:12

Баккъалла а, Тхуна тIехь бу нийса некъ /иза билгалбаккхар/.

:13

Баккъалла а, Тхан ду тIаьхьарниг а‚ хьалхарниг а (эхарт а‚ дуьне а).

:14

Ас кхерам тесина шуна алу кхуьссучу цIарца.

:15

ЧугIур вац цунна уггар декъазаниг бен‚

:16

Ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дIавирзина волу.

:17

Цунах генаваьр ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚

:18

Шен бахам ша цIанвалан (закатна, сагIина) д1алуш верг‚

:19

Цхьангара шена бекхамна дика ца лоьхуш‚

:20

Уггар лакхахь волчу ша Кхиош-кхобучун юьхь езар бен.

:21

Т1аьхьа реза хир ву иза /Дала ялсаманехь шена деллачу ниIматашна/.