Дерриге а Исламан библиотека

91 - The Sun - Ash-Shams .

:1

Малхах дуй боу Ас‚ цуьнан лепарх а.

:2

Баттах а дуй боу Ас‚ иза цу /малхана/ тIаьхьахIуттуш /кхеташ, иза дIабуьзча/.

:3

Дийнах а дуй боу Ас, иза цо (малхо) къагош.

:4

Буьйсанах а дуй боу Ас‚ цо и (малх) дIахьулбеш.

:5

Стигланах а дуй боу Ас‚ и хIоттинчух а (Делах).

:6

Лаьттах а дуй боу Ас‚ иза даржинчуха (Делах).

:7

Сих а дуй боу Ас‚ иза дIанисдинчух а (Делах).

:8

Цо (Дала) кхетийна и (са) къа дарах а‚ /Делах/ кхерарах а.

:9

Декъала хили и /са дика Iамалш ярца/ ц1андийнарг.

:10

Декъаза хили и /са вон Iамалш ярца/ бехдийнарг.

:11

Харцдира /Делан дин/ самудашашаьш тIех тиларца.

:12

Сихвелира царах уггар декъазниг/Дала яийтинчу эмкална урс хьакха/.

:13

Элира цаьрга Делан элчано (Салихьо): "(Шу ларлолаш зен дарх а) Делан эмкална, (новкъарло ярх а) цунна хи мала".

:14

Цара иза харцвира‚ цу /эмкална/ урс хьаькхира. Шаьш Кхиош-Кхобучо церан къа бахьанехь уьш хIаллакбира − /цу хIаллакбарехь/ цхьанисбира‚

:15

Цуьнан тIаьхьенах Иза ца кхоьру.