Дерриге а Исламан библиотека

90 - The City - Al-Balad .

:1

ХIан-хIа! Дуй боу Ас хIоккху гIалих (Макках).

:2

Хьо /хIай Мухьаммад/ хьаналву-кх цу гIалахь!

:3

Дех (Адамах) дуй боу Ас‚ цо дуьнена ваьккхинчух а (цуьнан доьзалах − нахах):

:4

Оха кхоьллина адам халонгахь.

:5

Цуннамоьтту-те шена тIехь цхьанна а ницкъ кхочур бац?

:6

Цо олу: "Ас дуккха даьхни хIаллакдина".

:7

Цунна моьтту-те ша цхьанна гина вац?

:8

Оха цунна ши бIаьрг ца бина?

:9

Мотт а‚ ши балда а /ца дина/?

:10

Оха нисвина иза /дикачунна а‚ вочунна а тIе боьдучу/ шина новкъа.

:11

Ирхояхьан хьала ца гIирти иза.

:12

Хьоьга стено хаийтина‚ иза хIун ирхо яхьар ду?

:13

Лай азатваккхар ду.

:14

Я хIума яор ду мацалла йолчудийнахь

:15

Шен гергара долчу боберана‚

:16

ЧIогIа къоьлла йолчу мискачунна.

:17

ТIаккха /иза дахь/ хир ву иза иймандиллинчарах а‚ вовшашка собаре хила олуш весет диначарах а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш весет диначарах а.

:18

Уьш бу аьтту агIонан (ялсаманин) дай.

:19

Тхан аятех цатешнарш − уьш бу аьрру агIонан (жоьжахатин) дай.

:20

Царна хир ю /шен неIарш царна тIехь/ д1акъевлина цIе.