Дерриге а Исламан библиотека

89 - The Dawn - Al-Fajr .

:1

Сатасарах дуй боу Ас.

:2

Итт буьйсанеха дуй боу Ас.

:3

Шала а‚ шалза адолчух дуй боу Ас.

:4

Буьйсанах а дуй боу Ас‚ иза дIайолаелча.

:5

Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/

:6

Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьо Кхиош-кхобуш волчо Iадашца?

:7

Шайн бIогIамаш долчу ирамашцаа?

:8

Ишттанаш бу уьш шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш.

:9

Самудашцаа, атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?

:10

Хьостамашдолчу ФирIавнаца?

:11

Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тIехбевла хилла болчу.

:12

Дукха дира цара цигахь вон хIуманаш.

:13

Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-кхобучо тайп-тайпана Iазап.

:14

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал еш/.

:15

Адамо ша Кхиош-кхобучо зийча‚ Цо шена сий дича‚ ниIматаш делча‚ олу: "Со Кхиош-кхобучо сий дина сан".

:16

Амма Цо ша зийча‚ шена рицкъ кIеззиг делча‚ цо олу: "Со Кхиош-кхобучо со сийсазаваьккхи".

:17

ХIан-хIа! Боберан сий ца до аш.

:18

Мискачунна даа хIума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш.

:19

/Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чIогIа даарца.

:20

Даьхни дезаш ду шу дукха дезарца.

:21

Латта нисдийча‚ нисдеш‚ нисдеш /цунах д1асаяьржина чан хуьлуш/.

:22

ВогIур вухьо Кхиош-кхобург а‚ малик а могIица − могIица.

:23

Оцу /къемат/дийнахь ялор ю (гучуйоккхур ю) жоьжахати. Оцу дийнахь дагадогIурду адамна. Стенна ду цунна /хIинца/ и дагадар?!

:24

Цо эр ду: "Хьалхадаьккхина хиллехьара ас /диканиг/ сайн /хирг долчу/ дахарна".

:25

Оцу дийнахь Цуьнан (Делан) Iазап дийр дац цхьаммо а‚

:26

Цхьаммо а буьхкур бац Цуьнан шад.

:27

/Делах кхоьруш хиллачаьрга эр ду/: "ХIай синтем хилла долу са!

:28

ДIадерза хьуо Кхиош-кхобучуьнга хьо реза долуш‚ хьайна /Дела а‚ маликаш а/ реза долуш‚

:29

ДIакхиа Сан /дикачу/ лешка‚

:30

Чу гIо Сан ялсамани".