Дерриге а Исламан библиотека

88 - The Overwhelming - Al-Ghāshiyah .

:1

Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ дIалоцучунхабар?

:2

Цхьа яххьаш оцу дийнахь сийсаза хир ю‚

:3

Къахьоьгуш‚ кIадъелла‚

:4

Евхачу цIергахь егаш‚

:5

Шайна цIийдинчу хьостера хи малош.

:6

Даар хир дац царна кIохцалах бен.

:7

Цо барстор бац /уьш/‚ мацаллах хьалхабохур а бац.

:8

Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь ниIмат хьоьгуш.

:9

Шаьш /дуьненахь йолуш Далла гIуллакхдарехь/ къахьегарна реза йолуш.

:10

Лекхачу бешахь /ялсаманехь хир ю уьш/.

:11

Царна хозур дац цу чохь даьсса хабарш.

:12

Цу чохь оьхуш шовда хир ду.

:13

Цу чохь айдина маьнганаш хир ду.

:14

Охьадихкина кедаш хир ду.

:15

МогIица дихкина гIайбанаш хир ду.

:16

Даржина кузаш а хир ду.

:17

Уьш ца хьовсу эмкале‚ иза муха кхоьллина ю?

:18

Стигале‚ иза муха аййина ю?

:19

Лаьмнашка‚ уьш муха доьгIна ду?

:20

Лаьтте‚ иза муха даржина ду /тодина нахана пайда эца/?

:21

Хьехам бе /хIай Мухьаммад/! Хьо, баккъалла а, хьехамча ма вуй!

:22

Хьо царна тIе хIоттийна хьаькам ма вац.

:23

Ша дIавирзинарг /хьехамах/‚ керстаналла динарг а воцучунна /хьехам бе/.

:24

Цунна Дала Iазап дийр ду вуно доккхачу Iазапаца.

:25

Баккъалла а, Тхуна тIе церан дIадерзар ду.

:26

ТIаккха баккъалла а, Тхуна тIехь церан хьесапду.