Дерриге а Исламан библиотека

87 - The Most High - Al-'A`lá .

:1

/Массо а Шеца хила там бочу вочу сибтех/ ц1анъе хьан вунō лекха волчу Кхиош-кхобучун цIе!

:2

Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо а хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚

:3

Ишттаниг а ву Иза Ша /массо а х1уманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина волу‚

:4

Ишттаниг а ву Иза Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу.

:5

Цо хилийтина царах /сенъеллачул тIаьхьа/ якъаелла Iаржъелла яраш.

:6

Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /Къуръан/‚ хьуна дицлур дац иза

:7

Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучахь дерг а‚ къайлахь дерг а.

:8

Оха атта дийр ду хьуна аттадолчунна/тIаьхьахIотта хьо/.

:9

Хьехам бе /Къуръанца/‚ хьехамо пайдабахь / бийр бу аьлла хьайна хетачунна/!

:10

Т1елоцур бу хьуна /и хьан хьехам - Къуръан/ /Делах/ кхоьруш волчо.

:11

Цунах хийрваьр ву хьуна т1ех декъазаваьлларг.

:12

Иза ву хьуна вегар волуш йоккхачу цIаргахь.

:13

ТIаккха иза лийр а вац цигахь /1азапах парг1ат а волуш/, вехар а вац /ирсе дахарехь/.

:14

Ваккхийвийди /закат луш/ ша цIанвелларг‚

:15

Ша Кхиош-кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз дийнарг.

:16

ХIаъ! Аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/!

:17

Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара!

:18

Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахьдерг а‚

:19

ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а.