Дерриге а Исламан библиотека

86 - The Nightcommer - Aţ-Ţāriq .

:1

Стигланах а дуй боу Ас‚ /буса кхетачу/ седах а дуй боу Ас.

:2

Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/, и / буса кхетарг/ хIун седа бу?

:3

Бода хадош болу седа бу иза.

:4

Цхьа а са ма дац шена тIехь тергамховолуш бен.

:5

Хьожийла адам‚ стенах ша кхоьллина ду!

:6

Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих.

:7

Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьIакех (т1ехкех).

:8

Баккъалла а, И /Дела/ ву иза юхаверзонницкъ кхочуш верг.

:9

Къайленаш толлучу /къемат/ дийнахь.

:10

Ма бац цунна (къинош диначунна) ницкъ а‚ ма вац цунна (къинош диначунна) гIоьнча а.

:11

Стигланах а дуй боу Ас‚ шегахь юхадерзор долчу (шен хен-хенахь доьлху догIа долчу).

:12

Латтах а дуй боу Ас‚ шегахь дадар долчу /орамат схьадолуш/:

:13

Баккъалла а, и /Къуръан/ /диканиг а‚ вониг а/ къастош дош ду-кх!

:14

Иза забар яц-кх!

:15

Баккъалла а, уьш (керстанаш) мекарло еш бу мекарло ярца.

:16

Аса йо /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло.

:17

Бита и керстанаш /сих ца луш цаьргара чIир эца/‚ Аса а буьтур бу цхьа жимма.