Дерриге а Исламан библиотека

85 - The Mansions of the Stars - Al-Burūj .

:1

Стигланах дуй боу Ас‚ /седарчий чохь долу/ гIаланашйолчу‚

:2

Шуна ваIда йинчу /къемат/ дийнах а дуй боу Ас‚

:3

Ша тешалла дийр долчух а, шена т1ехь тешалла дийр долчух а /дуй боу Ас/.

:4

Х1аллакхилисаьнгарийндай,

:5

/Муъмина нахах/ шена ягориг йинчу цIеран дай.

:6

Уьш бара цунна гонахь хиина‚

:7

Шаьш муъмина нахана тIехь дечуьнгахьоьжуш.

:8

Цаьргара чIир ца оьцура цара деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен.

:9

Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ма ву.

:10

Баккъалла а, и муъмин божарий а‚ муъмин зударий а байле лаьцнарш‚ тIаккха тоба ца динарш − царна жоьжахатин Iазап ду‚ царна цIеран Iазап ду.

:11

Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а − царна бошмаш ю‚ шайн бухахула хиш оьхуш долу. Иза боккха толам бу-кх!

:12

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волчун /Делан/ ницкъ чIогIа бу-кх!

:13

Баккъалла а, Цо д1адоладо‚ Цо карладоккху /муьлха гIуллакх/. (Цо кхоьллина халкъ юхьанца, Цо дендийр ду и тIаьхьа къематдинахь)

:14

Иза гечдийриг а ву‚ безаш верг а ву /Шена гIуллакх деш берш/.

:15

Сийлахь Iаршан Да а ву‚

:16

Шена луург деш верга ву.

:17

Эскарийн хабар деъний хьоьга‚ /хIай Мухьаммад/,

:18

ФирIавнан а‚ самудийн а /хабар/?

:19

ХIаъ! Цатешнарш харцона чохь ма бу.

:20

Дела царна тIехьахула го бина ма ву (Дела царна тIехь ницкъ болуш ву).

:21

ХIаъ! Иза сийлахь Къуръан ма ду.

:22

1алашдечу уьна чохьма ду.