Дерриге а Исламан библиотека

84 - The Sundering - Al-'Inshiqāq .

:1

Стигал етIича‚

:2

Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча‚

:3

Латта дIадаржича /нисдича, тIехь мел йолу хIума дIа а яккхина/‚

:4

Шена тIехь (чохь) мел дерг дIакхоьссина‚ ша даьсса дисча‚

:5

Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла, /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча/х1уттур ду къематде/.

:6

ХIай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тIе вахан къахоьгуш ву къахьегарца (валарна тIе вахан‚ я Далла)‚ хьо Цунна дуьхьалкхетар ма ву (я айхьа йинчу Iамална − диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а).

:7

Амма и шен тептаршега шен аьтту куьйга дIаделларг −

:8

ТIаьхьа цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚

:9

Шен цIийнан охIлана тIе иза д1авоьрзур ву хазахеташ.

:10

Амма и шен тептар шега шен букъа т1ехьахула дIаделларг −

:11

ТIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /велла дIавалар атта дара цунна/‚

:12

Чуваьр ву жоьжахатина.

:13

Баккъалла а, иза вара шен доьзалехь хазахеташ /дуьненахь волуш/.

:14

Баккъалла а, цунна моьттура ша /шен Кхиош-кхобучунна тIе/ цкъа а юхавоьрзур вац.

:15

ХIаъ‚ баккъалла а, иза кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш.

:16

ХIан-хIа! Дуй боу Ас /малх дIабузуш я малх д1акхеташ/ стигал цIийяларца‚

:17

/Дуй боу Ас/ буьйсанах а‚ цо гулдечуха.

:18

Баттах а /дуй боу Ас/, и буьзча /боккха хилла/

:19

Шу хьаьвзар ма ду цхьана хьолера кхечу хьоле.

:20

ХIун ду-те царна уьш ца теша?

:21

Шайна тIехь Къуръан доьшуш, сужуд ца дан?

:22

ХIаъ! И ца тешаш хилларш /дин/ харцдеш бу-кх.

:23

Дела дика хууш ву цара шайгахь хьулдинарг.

:24

Кхаъ баккха царна лазош долчу Iазапца‚

:25

Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш боцучарна − царна хир ю хедар йоцу ял!