Дерриге а Исламан библиотека

83 - The Defrauding - Al-Muţaffifīn .

:1

Боккха бāлабу /йохка-эцар еш дустуш -узуш/ эшош болчарна‚

:2

Ишттанаш бу уьш шаьш нахера дустуш оьцуш /терза/ нисйойтуш‚

:3

Ткъа шаьш царна дустуш а‚ узуш а - эшаеш.

:4

Царна ца моьтту-те шаьш /деллачул тIаьхьа/ дендийр дуйла

:5

Сийлахь-доккхачу денна!

:6

Оцу дийнахь нах д1ахIуттур бу Iаламийн Дена /Далла/ хьалха.

:7

ХIан-хIа! Баккъалла а, къинош диначеран тептар Сижжинчохь хир ду!

:8

Хьуна стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ иза Сижжин хIун ю?

:9

МухIар тоьхна тептар /ду иза/.

:10

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

:11

Шаьш бекхаман де харцдеш болчу‚

:12

Иза харцдийр ма дац массо а дозанах ваьлла‚ къинош деш волчо бен.

:13

Шена тIехь Тхан аяташ дешча‚ цо олу: "Хьалхалерчийн туьйранаш /ду хIорш/".

:14

ХIан-хIа! ХIаъ! Цара карадеш долчо макх латийна церан дегнашка.

:15

ХIан-хIа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-кхобучух дIахьулбина хир бу (царна и Дела гур вац).

:16

ТIаккха уьш чугIур бу жоьжахатина.

:17

ТIаккха эр ду: "ХIара ду аш харцдеш хилларг".

:18

ХIан-хIа! Баккъалла а, дикачеран тептар Iиллиййунанчохь хир ду.

:19

Хьуна стено хаийтина‚ и хIун Iиллиййун ю?

:20

МухIар тоьхна тептар /ду иза/.

:21

Цунна тешалла дийр ду /Далла/ гергахь долчу /маликаша/.

:22

Баккъалла а, диканиг динарш /ялсаманехь/ ни1маташкахь хир бу‚

:23

Маьнганий тIехь хьоьжуш.

:24

Хьуна девзар ду церан яххьашкахь ниIматийн лепар!

:25

Малор ду царна мухIар тоьхначу уггар цIенчу чагIарах‚

:26

Цуьнан чакхе мискю. Оцунна т1ехь яхье бовлийла шаьш яхье бовлурш!

:27

Цунах (чагIарах) тоьхнарг таснимаххир ду‚

:28

Шовда бу иза‚ шена чуьра мер долуш /Далла/ гергаболчара.

:29

Баккъалла а, къинош динарш бара ийман диллинчарах боьлуш‚

:30

Царна тIехбовлуш, вовшашка муьшкаш еш‚

:31

Шайн доьзална тIебоьрзуш, тIебоьрзура забарш еш‚

:32

И /муъмин нах/ шайна гича‚ цара олура: "Баккъалла а, хIорш тилабелларш бу-кх!"

:33

Ца бахийтина уьш царна (бусалбанашна) тIе тергамхойхилла.

:34

Тахана ийман диллина хилларш /Делах/ цатешачарах боьлур бу!

:35

Маьнганий тIехь хьоьжуш хир бу!

:36

/Нисса/ бекхам биний /Делах/ цатешачарна цара деш хиллачуьнца? /Х1аъ, бина, Делора!/