Дерриге а Исламан библиотека

82 - The Cleaving - Al-'Infiţār .

:1

Стигал яьтIича‚

:2

Седарчий охьдегча‚

:3

ХIордаш /шайн йисташ дIаяьлла вовшахийна/ цхьа хIорд хилча‚

:4

Кешнаш тIекIелдевлича /белларш хьалгIовтийта/‚ −

:5

/ТIаккха/ хии синна, ша хIун хьалхадаьккхи‚ хIун тIаьхьатаьтти.

:6

ХIай адам! Стено марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-кхобучунна Iесалла ян?

:7

Иштта ву Иза Ша хьо кхоьллина‚ тIаккха хьо д1анисвина (хьан массо а меже таза йолуш, хьо хозуш, ойла еш, гуш волуш), т1аккха /хазчу куцахь/ д1атарвина.

:8

Шена луучу суьртехь Цо кхоьлли хьо.

:9

ХIан-хIа! Шу харцдеш ма ду бекхам хирг хилар /къематдийнахь/.

:10

Баккъалла а, шуна тIе хIоттийна лардархойма бу‚

:11

Сийлахь хилла‚ яздеш долу.

:12

Царна хаьа аш дийриг.

:13

Баккъалла а, дика берш /шена чохь массо а хIума долу/ наIим цIе йолчу ялсаманехь хир бу.

:14

Баккъалла а, къинош деш берш жоьжахатехь хир бу.

:15

Цу чу гIур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Iовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь.

:16

Цунах къайлабер ма бац уьш.

:17

Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?

:18

ТIаккха а хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?

:19

Оцу дийнахь сино синан цхьанна хIуманна тIехь доладийр дац. ГIуллакх оцу дийнахь хир ду Делан.