Дерриге а Исламан библиотека

81 - The Overthrowing - At-Takwīr .

:1

Малх дIахьарчича‚

:2

Седарчий охьадегча‚

:3

Лаьмнаш /шайн меттигашкара/ дIадоладалийтича,

:4

Пхораэмкалш Iу воцуш йитича,

:5

Акхарой гулйича‚

:6

ХIордаш дагийна‚ царах цIе хилча‚

:7

Синош /шайн дуьненахь хиллачу догIмий чу/ дIадерзича‚

:8

Дийна йолуш /кешна чу/ дIайоьллина хиллачу йоь1игехаьттича,

:9

Х1ун къа бахьанехь иза йина хилла аьлла,

:10

/Нехан Iамалш тIеяздина/ тептарш дIаделлича‚

:11

Стигал /уьстагIан цIока доккхуш санна/ схьаяккхича‚

:12

Жоьжахати дIалатича‚

:13

Ялсамани /Делах кхоьруш хиллачарна/ гергаялийча −

:14

/И массо а хIума хилча, тIаккха/ синна хуур ду, ша хIун деана.

:15

ХIан-хIа! Дуй боу Ас дийнахь хьуллечу, буьйсана гучудолучу (къегачу) седарчех.

:16

/Малхаца, баттаца/ дIасалелаш‚ тIаккха /малх д1абузучу хенахь/ къайладовлуш долчу седарчех а‚

:17

Буьйсанах а‚ иза Iаржъелча‚

:18

Iуьйренах а‚ иза серлаяла йолаелча :

:19

Баккъалла а, иза (Къуръан) сийлахь долчу элчанандош ма ду‚

:20

Нуьцкъала долчу, Шегахь Iарш йолчун (Далла) гергахь чIогIа долчу‚

:21

/Шена кхин маликаш/ муьтIахь долчу‚ цигахь ша тешаме долчу.

:22

Ма вац шун накъост (Мухьаммад) жинийх /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/.

:23

Цуннаи (Джабраил малик) ма гира серлаяьллачу анахь (стиглан арахь).

:24

И ма вац шега къайлахь (нахана ца гуш долу) доуьйтачу вехьех хIумма эшадеш (нахах хьулдеш‚ ца дуьйцуш).

:25

И (Къуръан) ма дац /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/ шена не1алтаьллачу шайтIанан дош.

:26

Шу мича доьду /цу Къуръанна инкарло еш/?

:27

Иза беккъа хьехам бу Iаламашна‚

:28

Шух ша нисвала лиъначунна.

:29

Шуна луур-м дац, Iаламийн Да ша волчу Далла ца лаахь.