Дерриге а Исламан библиотека

80 - He Frowned - `Abasa .

:1

Юьхь хабийна дIавирзи

:2

Шена тIе бIаьргашбоцург вогIу‚ аьлла.

:3

Стено хоуьйту хьоьга‚ иза-м цIанвала а мегий?

:4

Я хьехам т1елоцур бу − цу хьехамо цунна пайда бийр бу.

:5

Амма хьал долуш верг −

:6

Хьо цунна тIе чIогIа воьрзу.

:7

Хьуна тIехь ма дац /къа/, иза цIан ца велчи а.

:8

Амма хьуна тIе веъча, сихвелла

:9

И ша /Делах/ кхоьруш верг −

:10

Ахь иза тергал а ца во.

:11

ХIан-хIа! /Ма леладе иза/ баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу!

:12

Шена луучо и т1елоцу.

:13

Сийлахь долчу жайнашкахь бу иза (Лавхь махьфуза чохь).

:14

Шаьш айдина хилла долчу/Далла гергахь/‚ цIандина хилла долчу /жайнашкахь/‚

:15

/Делан а, Цуьнан элчанийн а юккъехь/ элчанаш хилла долчу маликийн куьйгашца /яздина долчу/‚

:16

/Далла гергахь/ сийлахь долчу, /Делах кхоьруш/ дика 1амалш еш долчу /маликийн куьйгашца/.

:17

ХIаллакхилиадам! Стено керстаналла дайтина цуьнга?

:18

Муьлхачу хIуманах Цо (Дала) ша кхоьллина /хаий цунна/?

:19

ТIадамах кхоьллина Цо иза‚ тIаккха Цо цунна /массо а хIуманца/ барам бина.

:20

ТIаккха Цо цунна некъатта бина.

:21

ТIаккха Цо иза валийтина‚ каш чувиллийтина.

:22

ТIаккха, Шена ма лиънехь, Цо иза денвийр ву /къематдийнахь/.

:23

ХIан-хIа! Цо (адамо) ма кхочуш ца до шега /Дала/ омра динарг.

:24

И адам хьожийла ша дуучуьнга!

:25

Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догIа) шортта доттарца!

:26

ТIаккха Оха ма дадийна и латта дадорца.

:27

Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚

:28

Кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚

:29

Зайтуна‚ хурма а‚

:30

Дуккха дитташ долу бошмаш а‚

:31

Стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а.

:32

Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш.

:33

Нуьцкъала мохьбеъча!

:34

Оцу дийнахь стаг водур ву шен веших‚

:35

Шен ненах а‚ шен дех а‚

:36

Шен зудчух а‚ шен кIентийх а.

:37

Оцарах хIор стагана оцу дийнахь гIуллакх хир ду ша хьалхаваккхар.

:38

Цхьа яххьашоцу дийнахь хир ю къегийна‚

:39

Йоьлуш‚ яккхийедаш.

:40

Цхьа /кхин/ яххьаш оцу дийнахь хир ю шайна тIе чан йиллина‚

:41

Уьш дIахьулйийр ю бодано.

:42

Уьш бу цатешнарш‚ къинош динарш.