Дерриге а Исламан библиотека

79 - Those who drag forth - An-Nāzi`āt .

:1

Шаьш нуьцкъала /керстанийн синош/ схьадохучу /маликех/ дуй боу Ас,

:2

Шаьш жигара/муъмин нехан синош/ схьаоьцучу /маликех/ дуй боу Ас,

:3

Нека дечарах, нека дарца а, дуй боу Ас,

:4

Сихлуш долчарах, сихдаларца, дуй боу Ас,

:5

/Делан/ омра шен-шен метта дIадоькъучарах /маликех/ а дуй боу Ас:

:6

Оцу дийнахь /Iалам/ эгор ду эгочо.

:7

Цунна тIаьххьо хир ду тIаьхьадогIург.

:8

Дегнаш оцу дийнахь /кхераделла/ детталур ду.

:9

Церан хьежар /шайн ирча хьал гучудаьлча, сийсазадаьлла/ охьатаь1на хир ду.

:10

Олура цара /дуьненахь болуш, ца бешаш/: "Вай юхадерзор ду вай схьадаьллачу /дахаре/

:11

Вайх хиллачул тIаьхьа яхкаелла даьIахкаш?"

:12

Олура цара: "Иза хIета пайдабоцу юхадерзар ма ду".

:13

Баккъалла а, иза беккъа цхьа мохь хир бу. (Исрафил малико сур лакхар.)

:14

Уьш берриге а /денбина/ латта тIехь хир бу.

:15

Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ Мусан хабар?

:16

Цуьнга кхайкхира иза Кхиош-кхобучо ТIува цIе йолчу езачу атагIахь:

:17

"Хьада ФирIавна тIе гIо‚ иза тIехваьлла /Делан дозанех/.

:18

Ахь āла /цуьнга/: "Хьо /ширках/ цIанвала дагахь вуй?

:19

Ас нисвийр ву хьо Кхиош-кхобучунна тIе‚ тIаккха кхоьрур ву хьо". ("Хир ву хьо дика Iамал ечарах.")

:20

Цо (Мусас) гайтира цуьнга доккха делил (муIжизат‚ бозбуунчалла).

:21

Харцдира /иза ФирIавнас/‚ Iеса велира иза.

:22

ТIаккха юхавелира, сихвелла.

:23

Цо гулбира /бозбуунчаш а‚ шен бIо а/‚ кхайкхира‚

:24

Т1аккха цо элира: "Со ву вуно лекха волу шу кхиош-кхобуш волу /шун дела/!"

:25

Дала схьалецира иза тIаьххьара /дош бахьанехь/ таIзарций‚ хьалха аьлла /дошбахьанехь/ таIзарций.

:26

Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу /Делах/ кхоьруш волчунна.

:27

Шу дара хала /Цунна/ кхолла я стигал яра? Цо х1оттийна иза!

:28

Цо айбира цуьнан тхов‚ тIаккха нисйира /цхьа а гуш 1уьрг доцуш/.

:29

Бодане йира цуьнан буьйса‚ схьадаьккхира сатасар.

:30

Латта цул тIаьхьа даржийра Цо.

:31

Схьадаьккхира цунах хи а‚ дожийлаш а.

:32

Лаьмнаш дуьйг1ира Цо /латта тIехь/.

:33

Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а.

:34

Боккха бāлабеъча,

:35

Оцу дийнахь адамна дагадогIур ду ша къахьегнарг.

:36

Гучуйоккхур ю жоьжахати гучунна.

:37

Амма тIехваьлларг /Делан дозанех/‚

:38

/Эхартал/дуьненан дахар хаьржинарг −

:39

Жоьжахати хир ю цуьнан чугIойла.

:40

Амма ша Кхиош-кхобучунна хьалха хIотта кхоьруш хилларг‚ шен дезачух (дуьненан марзонах) шен са а духатоьхнарг−

:41

Ялсамани хир ю цуьнан чугIойла.

:42

Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад, ца бешаш/ сахьтах‚ маца хир ду иза хIоттар‚ бохуш‚

:43

Хьуна мичара ду и хьехадан?

:44

Хьо Кхиош-кхобучуьнга ю цуьнан чакхе!

:45

Баккъалла а, хьо кхерамча ву цунах кхоьруш волчунна.

:46

Уьш иза шайна гуш долчу дийнахь хир бу шаьш /дуьненахь/ цхьа суьйре я цхьа Iуьйре бен ца яьккхинарш санна.