Дерриге а Исламан библиотека

78 - The Tidings - An-Naba .

:1

Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?

:2

Сийлахь-доккхачу хабарх!

:3

Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу.

:4

ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!

:5

ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!

:6

Оха ца дина латта моттхилла ?

:7

Лаьмнаш хьостамийхилла?

:8

Оха кхоьллина шу шиш (боьрша а‚ сте а).

:9

Оха хилийтина шун наб садаIар хилла.

:10

Оха хилийтина буьйса духархилла.

:11

Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/

:12

Оха йоьг1на шуна тIехула ворхI чIогIа /стигал/‚

:13

Оха бина т1ех лепаш чиркх (малх).

:14

Оха даийтина Iовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи (догIа).

:15

Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚

:16

Луьста бошмаш а.

:17

Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна.

:18

Оцу дийнахь сур локхур ю − шу догIур ду тобанашца.

:19

ДIаеллира стигал − цунах хилира неIарш.

:20

ДIадихьира лаьмнаш − /царах/ дисира шаьш хилла сурт.

:21

Баккъалла а, жоьжахати хилира кIелонна йоьгIна (керстанаш чубаре хьоьжуш)‚

:22

/Делан дозанех/ тIехбевлачарна чугIойла хилла.

:23

Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь.

:24

Iовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а

:25

Лалийна хи а‚ наткъарш бен.

:26

/Царна/ нийсса богIуш бекхам бу /иза/.

:27

Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе.

:28

Цара харцдора Тхан аяташ т1ех харцдарца.

:29

Массо а хIума дIатергалдина Оха жайнаца!

:30

Iовша шайна! Совдоккхур дац Оха шуна Iазап бен.

:31

Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/.

:32

Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.

:33

/Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.

:34

Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.

:35

Царна хозур дац цу чохь даьсса хабар а‚ харцдерг а.

:36

Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобучуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла,

:37

Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобучуьнгара, Ша сов къинхетаме волчуьнгара.Цуьнгара хабар дийцаран доладийр дац цара.

:38

Оцу дийнахь д1ахIуттур ду Саа‚ маликаш а могIица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен − цо а эр ду бакъдерг.

:39

Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Шена лиъначо схьалаьцна шен Кхиош-кхобучуьнга дIаверзаран некъ.

:40

Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна гергахь долчу Iазапца − оцу дийнахь адам хьожур ду шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано: "Декъаза ваьлла со‚ сох хиллехьара поппар /-ан чан/!"