Дерриге а Исламан библиотека

77 - The Emissaries - Al-Mursalāt .

:1

ТIеттIа дохуьйтучу мехашца /дуй боу Ас/‚

:2

Нуьцкъала хьоькхучу мехашца /дуй боу Ас/‚

:3

/ДогIа/ даржочу мехашца /дуй боу Ас/‚ /я догIа даийта мархаш лохкучу маликех/,

:4

/Бакъдерг харцдолчух‚ хьаналдерг хьарамдолчух/ къасточу /маликашца/ дуй боу Ас‚

:5

Хьехам /пайхамаршка/ дIалуш долчу /маликашца/ /дуй боу Ас/‚

:6

/Далла наха/ бехк ца биллитарна /шайга элчанаш ца баийтира‚ аьлла/‚ /Делера/ кхерам тасарца а /доуьйту и вехьеш/:

:7

Баккъалла а, шуна ваIда йинарг хилаза ца долу /и къематде дог1ур ду:/

:8

Седарчий дIадайинчухенахь‚

:9

Стигал единчу хенахь‚

:10

Лаьмнаш нисдина дIасадаьржинчу хенахь‚

:11

Элчанаш /гулбан тешалла дан/ хан тоьхначу хенахь.

:12

Муьлхачу денна тIаьхьатаьттина /элчанийн тешалла/?

:13

Къастаманденна!

:14

Стено хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и къастаман де?

:15

Боккха бāлабу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.

:16

Оха хIаллак ца бина хьалха хилларш?

:17

ТIаккха царна тIаьхьабохуьйтур бу Оха тIаьхьахилларш.

:18

Иштта /та1зар/ до Оха къинош леточарна.

:19

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.

:20

Оха ца кхоьллина шу хIумма йоцчу хих?

:21

Т1аккха Оха дIа ма нисдира иза чIогIачу меттигехь.

:22

Цхьа билгала хан тIекхаччалц.

:23

Оха дIанисдира‚ дика дIанисдийраш а ду /Тхо/.

:24

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.

:25

Оха ца хилийтира латта /шуна/ дIатардала меттиг хила,

:26

Дийна болчарна а‚ беллачарна а?

:27

Оха хилийтира цунна (латтана) тIехь лекха лаьмнаш‚ шуна малора теза хи (хаза чам болу, дег1ана томе долу хи).

:28

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.

:29

/Эр ду маликаша/: "ДIагIо /хIинца/ шаьш ша харцдеш хиллачунна (жоьжахатин Iазапна) тIе!

:30

ДIагIо шен кхо дāкъа долчу IиндагIе!"

:31

IиндагIа а хир дац /цунах/‚ цIерах а ларор дац цо.

:32

Баккъалла а, цо суйнаш кхуьссур ду, гIаланаш санна (даккхий)‚

:33

Шаьш можа эмкалш санна.

:34

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

:35

Иза де ду − уьш бист хир бац.

:36

Царна пурба лур дац тIаккха цара бехказлонаш ян.

:37

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

:38

Иза къастаман де ду. Оха гулдийр ду шу а‚ хьалхарнаш а.

:39

Шайна цхьа мекарло хиллехь‚ йе Суна /шайн/ мекарло!

:40

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

:41

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш − уьш хир бу IиндагIехь а‚ шовданашкахь а‚

:42

Шайна безначу стоьмашкахь а.

:43

ГIоза даа‚ гIоза мала шаьш Iамал йина ма хилла!

:44

Оха иштта бекхам бо дикачарна!

:45

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

:46

Даа‚ кIеззиг пайда эца /дуьненахь/: баккъалла а, шу къинош динарш ду-кх!

:47

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

:48

Цаьрга элча: "Гора гIо /ламаз де/!" − уьш гора ца гIора.

:49

Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!

:50

Муьлхачу дийцарах цул тIаьхьа уьш тешар бу?