Дерриге а Исламан библиотека

76 - The Man - Al-'Insān .

:1

Еара май адамна тIе заманан цхьа киртиг, и ша хьехон хIума а йоцуш.

:2

Баккъалла а, Оха кхоьллира адам ийначу тIадамах‚ Оха иза зуьйш ву /тIе декхарш дихкарца‚ бāланаш кхиссарца/. ТIаккха хилийтира иза хозуш а‚ гуш а.

:3

Баккъалла а, Оха иза нисвира новкъа: я цо баркалла олуш‚ я керстадеш.

:4

Баккъалла а, Оха кечйина цатешачарна зIайнаш а‚ буржолаш а‚/жоьжахатин/ цIе а.

:5

Баккъалла /Дала бохург деш/ дика хиллачара мер ду када чуьра /хаза маларш/ шех кафур (хаза хьожа йогIу хIума) тоьхна долу.

:6

Шовданан хи муьйлур ду Делан леша‚ шаьш и схьадоккхуш /шайна луучахь/ шортта схьадаккхарций.

:7

Уьш кхочушдеш бу /Далла Iибадат дан/ делла дош‚ уьш кхоьруш бу /къемат/ дийнах‚ шен вон чIогIа даьржина хиллачу.

:8

Цара дао даар, шайна деззашехь, мискачунна а‚ боберана а‚ йийсарна а,

:9

/Шаьш олуш/: "Оха дао шуна Делан юьхьана (Делан дуьхьа)‚ тхуна ца оьшу шуьгара бекхам а‚ баркалла а.

:10

Баккъалла а, тхо кхоьру тхан Кхиош-кхобучуьнгараяххьаш чIогIа хебар йолчу дийнах".

:11

Дала ларийра уьш оцу дийнан вонах‚ диллира /церан яьххьаш т1е/ бослепар а‚ хазахетар а.

:12

Бекхам бира царна шаьш /Далла ечу Iамална тIехь/ собар дарна бешций‚ дариций.

:13

Цигахь уьш Iийр бу маьнганий тIетевжина. Царна гур бац цигахь малх а‚ шело а‚

:14

Гергахь хир ду царна /цу бешан/ IиндагIа‚ охьакхевдина хир бу цуьнан стоьмаш охьакхавдарах (аьтто хуьлуш шаьш бāха ира хIоьттина волчунна а‚ охьа хиъна волчунна а‚ вижна волчунна а).

:15

Царна тIехьийзор бу датон пхьегIаца‚ чохь са гучу кадаца /кегий нах/ −

:16

Датон чохь са гучу кадаца (оцу тIехьийзачара хьуна мала бегIийла йолчу кепара малар) дIалуш.

:17

Цигахь малор бу чагIаран кад‚ шех занжабилтоьхна болу.

:18

Цигахь /малор ду/ шовда‚ шех салсабиль олу.

:19

Царна тIехьийзар бу къан ца лун кегирхой‚ хьуна уьш гича, дIасадаржина луълуъ ду моьттуш.

:20

Хьо хьежначу хенахь‚ цигахь хьуна гур ду ниIматаш а‚ доккха /чакхе йоцуш/ мулк (ниIмат, Дала хьуна делла долу).

:21

Царна тIедуьйхина хир ду дуьткъачу баьццара дарин духар а‚ стоммачу дарин духар а‚ уьш хазбина хир бу датон чIагаршца‚ уьш Кхиош-кхобучо царна малор ду цIена малар а.

:22

"Баккъалла а, хIара хили шуна бекхамна /аш йина дика Iамалш бахьанехь/‚ шун /дуьненахь/ къахьегар хили /х1инца/ баркалле".

:23

Баккъалла а, Оха доссора хьоьга Къуръан /кIез-кIеззиг/ доссорца.

:24

Хьо собаре хила хьуо Кхиош-кхобучун хьукамна‚ хьо муьтIахь ма хила царах къинош дечунна а‚ /дин/ керста дечунна.

:25

Ахь хьехае хьуо Кхиош-кхобучун цIе Iуьйранна а‚ суьйрана а.(Ламазаш де, Iибадат де Далла).

:26

Буьйсанах а /цхьана декъехь/ сужуд де Цунна‚ тасбахь а де Цунна еххачу буьйсана. (Буьйса денъе Далла Iибадат дарца).

:27

Баккъалла а, хIорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьр дерг (дуьне)‚ дуьту шайна тIехьахь деза (хала) де − /къематде/.

:28

Оха кхоьллина уьш‚ чIагIйина церан меженаш. Тхуна лиъча, Оха /уьш/ хийцор бара царах терачаьрца хийцорца.

:29

Баккъалла а, хIара хьехам бу‚ шена луучо т1елаьцна /иза/ ша Кхиош-кхобучуьнга некъ бина.

:30

Шуна луур дац Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.

:31

Цо вохуьйту Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой − царна Цо кечдина лазош долу Iазап.