Дерриге а Исламан библиотека

75 - The Resurrection - Al-Qiyāmah .

:1

ХIан-хIа! Дуй боу Ас къематденца.

:2

ХIан-хIа! Дуй боу Ас дукха бехкаш бохучусица.

:3

Адамна моьтту-те Оха янне гулйийр яц шен даьIахкаш?

:4

ХIаъ! Ницкъ болуш ду /Тхо/ цуьнан пIелгаш /гулдина‚ вовшахтоьхна/ дIанисдан.

:5

ХIаъ‚ луу адамна къинош дан /и къематде харцдарца/ шен хьалха /йисинчу заманчохь/.

:6

Хотту цо /къинош динчу керста адамо, ца вешаш/: "Маца хир ду и къематде?" −

:7

БIаьрса /хьере хилла/ дIатохаделча.

:8

Бутт лаьцича /шен нур дIадихьна‚ бода хилча/.

:9

Малх а‚ бутт а вовшахтоьхча.

:10

Эр ду адамо оцу /къемат/дийнахь: "Мичахь ю дIавадан меттиг?"

:11

ХIан-хIа! ДIавадан меттиг ма яц!

:12

Хьуо Кхиош-кхобучунна тIе ю оцу дийнахь дIанисвалан меттиг.

:13

ДIадуьйцур ду оцу дийнахь адаме цо хьалхадаьккхинарга‚ цо тIаьхьатаьттинарга.

:14

ХIаъ‚ тIаккха адам ша шена тIехь теш хир ду-кх (массо а межено тешалла дийр ду ша диначунна тIехь).

:15

Шен бехказлонаш цо мел ялича а /къобалйийр яц уьш/.

:16

Хьан мотт ма хьавзабе /Джабраил малико хьайга Къуръанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сих валархьама /хьайна дагахь цадисаран кхоьруш, хIай Мухьаммад/.

:17

Баккъалла а, Тхуна тIехь ду иза гулдар а /хьан дагчохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/.

:18

Оха иза доьшуш, тIаьхьахIотта цуьнан дешарна.

:19

ТIаккха Тхуна тIехь ду иза билгалдаккхар а.

:20

ХIаъ! Шу ма дезаш ду сиханиг.

:21

Аш /д1атесна/ дуьтуш ма ду тIаьхьарниг (эхарт).

:22

Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚

:23

Шаьш Кхиош-кхобучуьнга хьоьжуш.

:24

Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла

:25

Шайна тIехь боккха ницкъ бина хьуна хеталуш.

:26

ХIан-хIа! /Са озина доккхуш/ и логе кхаьчча, /цо сауьйзуш/,

:27

Эр ду /цуьнан гергарчара/: "Хьан тавийр вара /х1ара/?"

:28

Хуур ду /адамна/ хIара /дуьненах/ дIакъастар дуйла.

:29

/Сауьйзуш ветталуш/ ност ностарх кхетар ю.

:30

Хьуо Кхиош-кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дIалахкар /шаьш йинчу Iамалах бекхам эцан/.

:31

Бакъ ца дора / керста адамо хIара дин/‚ ламаз а ца дора.

:32

Амма харцдора /Къуръан/‚ юхавелира /ийманах/.

:33

ТIаккха шен доьзална тIе воьдура кураволуш.

:34

Ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

:35

ТIаккха ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

:36

Моьттуш ду-те адамна ша эрна дуьтур ду /дендина барт ца хоттуш /?

:37

Иза (адам) дацара ткъа /хилла/ тIадамах (зудчунна чу кхоьссинчу стеган хих)?

:38

ТIаккха дукъаделла ц1и хилира цунах. ТIаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/.

:39

ТIаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а.

:40

Ткъа И /Дела, Ша цу кепара тамаше х1уманаш кхоьллинарг/ ницкъ кхочуш вац белларш денбан?/Ву, делора!/