Дерриге а Исламан библиотека

74 - The Cloaked One - Al-Muddaththir .

:1

ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!

:2

ХьалагIатта‚ кхерам таса!

:3

Хьуо Кхиош-кхобург воккхаве!

:4

Хьан бедар цIанъе!

:5

Боьху хIуманаш дIатаса!

:6

Ма ло хIума хьайна /цунах/ алссам тIекхиар лоьхуш.

:7

Хьо Кхиош-кхобучун /гIуллакхна/ собаре хила.

:8

Сур лекхначу хенахь (шолгIа локху сур) −

:9

Иза оцу дийнахь хала де ду.

:10

/Делах/ тешаш боцучарна атта доцуш.

:11

Вита Со а и Ас кхоьллинарга тхаьш.

:12

Ас хилийтира цунна шортта даьхни а‚

:13

КIентий а, шаьш цуьнца цхьана /гуттар/ лаьтташ.

:14

Ас аьтто бира цунна /хаза/ аьтто барца.

:15

ТIаккха а лиира цунна Ас совдаккха /шен хьал/.

:16

ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал.

:17

Ас тIеюьллур ю цунна ирхо (Iазапан мохь).

:18

Баккъалла а, цо ойла йора‚ хьесап а дора.

:19

ХIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?

:20

ТIаккха а хIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?

:21

ТIаккха иза хьежира.

:22

ТIаккха юьхь хабийра‚ вусавелира.

:23

ТIаккха иза юхваьлира /Къуръанах/‚ куравелира.

:24

Цо элира: "ХIара деккъа бозбуунчалла ду /хьалха дуьйна/ схьадогIуш долу.

:25

ХIара деккъа адаман дош ду".

:26

Ас вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь.

:27

Хьан хаийтина хьуна‚ хIун ю и сакъар?

:28

Буха а ца вуьту цо‚ дIа а ца тосу,

:29

Гучуйолу и адамна /геннара цуьнан юьхь Iаржаеш/.

:30

Цунна тIехIоьттина ткъеяссина /малик/ ду.

:31

Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питнина бен а‚ жайнан охIлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнан охIлане а‚ муъмин нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: "ХIун лиъна-техьа Далла хIокхунца‚ масал а далийна?" Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна.

:32

ХIан-хIа! Баттаца дуй боу Ас!

:33

Буьйсанца дуй боу и тIаьхьаяханчу хенахь.

:34

Сатасарца дуй боу и гучудаьллачу хенахь.

:35

Баккъалла а, иза (сакъар олу жоьжахати) уггар яккхичарах цхьаъ ю!

:36

Кхерамча адамашна /ю иза/.

:37

Шух шен луучунна /диканна/ хьалхавала а‚ /вочунна/ тIаьхьависа а.

:38

Массо а са ша карадинчуьнца закъалт ду

:39

Аьтту куьйган дай боцурш.

:40

Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу

:41

Къинош диначарах:

:42

"Хьан дигина шу сакъара чу?"

:43

Цара элира: "Тхо ца хилира ламазаш дечарах,

:44

Тхо ца хилира мискачарна хIума даош.

:45

Даьсса хабарш дуьйцучаьрца /даьсса/ хабар дуьйцуш хилира тхо‚

:46

Бекхаман дехарцдеш хилира тхо

:47

Тхайга бакъдерг далц".

:48

Пайда бийр бац царна шапаIат дечеран шапаIато.

:49

ХIун ду царна уьш хьехамах дIаберза?

:50

Шаьш акхаяьлла вираш санна‚

:51

/Кхераелла/ йовдуш ломах?

:52

ХIаъ, царах массо а ву лууш шега лойла схьадиллина жайнаш.

:53

ХIан-хIа‚ уьш ца кхоьру эхартах.

:54

ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /Къуръан/ хьехам бу,

:55

Шена /нисвала/ луучо т1елоцур бу и.

:56

Далла лаахь бен цара т1елоцур-м бац. Иза ву /Шех/ кхеран охIла‚ Иза ву /Ша/ гечдаран охIла.