ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!
ГIаттабуса‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаIа/.
Цуьнан ах /йите/‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае.
Я тIетоха цунна. Къуръан деша (меллаша, хазчу) дешарца.
Оха дуьхьалтухур ду хьуна деза дош.
Баккъалла а, буьйсанан хан еза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгал ю дашца.
Боккъалла а, хьуна /дан/ дийнахь дехха гIуллакхаш ду (Къуръан деша мукъа ца волу хьо).
Хьехае хьуо Кхиош-кхобуш волчу /Делан/ цIе. /Дуьненан гIуллакхех/ хада Цунна (Дала) Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца.
Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобург ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал (тIетовжа гIоьнча).
Собар де цара (Маккан керастанаша) олучунна тIехь‚ бита уьш хазчу кепара. /Дукха бехкаш ца бохуш, цатам ца беш/.
Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдеш берш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг.
Баккъалла а, Тхоьгахь буржолаш а ю‚ /жоьжахатин/ цIе а ю.
Лага чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду.
Оцу /къемат/дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегалур ду‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу г1умаран барз.
Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ вахийтарх терра.
ФирIавн Iеса хилира элчанна − тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу схьалацарца.
Шу муха ца кхоьру /хIай къурайшан тоба/, аш керстаналла дича, ша бераш къеж бийр болчу дийнах? −
Стигал этIар ю /оцу дийнан ирчаллах/. Цуьнан (Делан) ваIда кхочушхилла.
Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо шен Кхиош-кхобучуьнга некъ схьалоцур бу /цунах/.
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучунна хууш ду хьо буьйсан кха дèкъан шина дèкъал кIеззиг йолчу заманчохь гIеттина /Шена Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха дèкъан цхьа дáкъа заманчохь а‚ хьоьца болчарах цхьа тоба ю /иштта буса гIеттина Iамал еш − иза а хаьа Далла/. Дáла барам бийна буьйсан а‚ дийнан а. Цунна хии шуна /ерриг буьйса я цунах дукхаерг Iибадат дарца денйан/ могур доций, /хIинца/ гечдина Цо шуна – деша Къуръанахшайна атта дерг /буса/. Цунна (Далла) хии‚ шух хир ву цомгушниг‚ кхиберш лаьттахула бевлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш (шайна рицкъ тардеш)‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу - деша цунах (Къуръанах) шайна атта дерг. ХIоттаде ламаз‚ д1ало закат‚ аш д1ало Далла хаза декхар /юхалург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ сийлахь-еза ял а хилла. Деле гечдар дēха. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.