Дерриге а Исламан библиотека

72 - The Jinn - Al-Jinn .

:1

Ахь āла: "Соьга вехьеца хаийтина: "ЛадуьйгIира /Къуръане/ жинийн цхьана тобано‚ тIаккха цара элира: "Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар!

:2

Цо (Къуръано) нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаш кхиош-кхобуш волчу Делаца цхьа а накъост.

:3

Баккъалла а, лакхадели тхо кхиош-кхобуш волчу Делан возалла − ца леци Цо зуда-накъост а‚ доьзалхо а.

:4

Баккъалла а, хили тхан Iовдалниголуш Далла тIехь кIорггера харцдерг.

:5

Тхуна моьттура цкъа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг.

:6

Адамийн цхьа божарийбара ларлуш жинийн божаршца (цаьргара гIо луьйцуш) − цара совбехира уьш тиларца (Делан дозанех бовларца).

:7

Баккъалла а, царна моьттура шуна моьттуш хилларг: "Цкъа а Дала цхьа а денвийр вац"‚ аьлла.

:8

/Жинаша элира/: "Тхо хьакхаделира стиглах‚ тхуна иза карийра нуьцIкъалчу гIаролех‚ цIе тухучу седарчех юьззина.

:9

Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор шена кIело йина Iеш болу цIе туху седа.

:10

Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш Кхиош-кхобуш волу Дела царна нийса некъ лууш ву.

:11

Тхох диканаш а ду‚ тхох уьш доцурш а ду‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш.

:12

Тхуна хиира: тхуна цкъа а ницкъ кхочур бац Дела (-н омрах довла) лаьттахь а‚ тхуна цкъа а ницкъ кхочур бац девдана кIелхьардовла а.

:13

Тхуна нийса некъ (Къуръан) хезча‚ тхо Цунах (Делах) тийшира. Ша кхиош-кхобуш волчу шен Делах тешаш верг − кхоьрур вац шен мела эшарх а‚ зулам хиларх а /къа сов даьлла/.

:14

Баккъалла а, тхох /Далла/ муьт1ахь дерш а ду‚ тхох /бакъдолчух/ дIадирзинарш а ду. Ткъа шаьш /Далла/ муьт1ахь хилларш − дикачунна тIе /нийсачу новкъа/ нисбелла.

:15

Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш − царах хили жоьжахатина ягориг".

:16

Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа, Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь шортта догIа дойтур дара Оха царна)‚

:17

Цуьнца уьш зерхьама. Ша кхиош-кхобуш волу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг - Цо вохуьйтур ву и лан хала долчу Iазапа чу.

:18

Баккъалла а, маьждигашДелан ду − аш ма кхайкха Делаца цхьа а!

:19

Баккъалла а, Делан лай (Мухьаммад) д1ахIоьттича Цуьнга кхойкхуш,уьш (бусалба джинаш) дисира тIеттIа цунна тIе гулделла /ладогIа лууш/.

:20

Ахь āла /цу керстанашка, хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, ас кхойкху со кхиош-кхобуш волчу сан Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу ас".

:21

Ахь āла: "Баккъалла а, со вац сан долахь шуна зен долуш‚ нийса некъ болуш а".

:22

Ахь āла: "Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург вадан меттиг.

:23

Делера дерг а‚ Цуьнан элчаналлин дерг а дIакхачор бен /нахе дац суна тIехь/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iесалла еш верг − баккъалла а, цунна жоьжахатин цIе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ.

:24

Шайна хир ду аьлла ваIда йинарг галц − тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вуно ледар гIоьнчий хиларца‚ вуно кIеззиг ницкъ хиларца.

:25

Ахь āла: "Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваIда йинарг я со кхиош-кхобуш волчу сан Дала цунна хан тоьхна‚

:26

Къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тIе цхьа а

:27

/Ша Далла/ реза хилла элча воцург. Т1аккха, баккъалла а, Цо лоьлуьйту элчанна хьалхахула а‚ тIехьахула а /иза джинех а, шайт1анан васвасаллах а Iалашвеш маликийн/ тергаме тоба.

:28

Шена хаийтан цара (элчанаша) дIакхачийна дуйла шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делан элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хIор хIума дагарйина Цо барамца".