Дерриге а Исламан библиотека

71 - Noah - Nūĥ .

:1

Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: "Кхерам таса хьан къомана цунна тIе лазош долу Iазап дале"‚ аьлла.

:2

Цо элира: "ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ билгала волу кхерамча ву-кх:

:3

Далла Iибадат де‚ Цунах кхера‚ суна муьтIахь хила!

:4

/ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна − Iожалла т1екхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла, ша еъча, тIаьхьатоттур яц‚ шу хууш хиллехь".

:5

Цо (Нухьас ша дукха къахьегначул тIаьхьа, наха дин тIе ца лоцуш, гаттавелча) элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, ас кхайкхийра /дин/ сан къоме буса а‚ дийнахь а.

:6

Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи.

:7

Баккъалла а, ас уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къиной тIехь/‚ курабевлира курабовларца.

:8

ТIаккха ас цаьрга кхайкхира чIогIа (ца кхоьруш, аз айдина).

:9

ТIаккха, баккъалла а, ас цаьрга кхайкхира гучахь, ас кхайкхира цаьрга къайлаха.

:10

Ас элира: "Гечдар деха шаьш кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдийриг.

:11

Цо стигал йоуьйтур юшуна алсам /догIица/.

:12

Цо гIодийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш.

:13

Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лийрарца?

:14

Цо кхоьллина шу даржаца (хьалха тIадам‚ тIаккха детина цIи хуьлуш‚ тIаккха − т1ехк (даьIахк) хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…).

:15

Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал?

:16

Цо хилийтира бутт царна чохь нур хилла‚ Цо хилийтира малх чиркх хилла.

:17

Дала шу схьадалийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. (Āдам лаьттах кхоьллира).

:18

ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга (лаьтте)‚ арадохур ду /лаьтта чуьра/ арадахарца /къематдийнахь/.

:19

Дала хилийтина шуна латта, /дIабаржина/ куз санна.

:20

Шу цунна тIехула лелийтархьама, шайна шуьйра некъаш луьйцуш".

:21

Нухьас элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшалла бен сов ца яьккхинчунна.

:22

Цара йи тIех йоккха мекарло:

:23

Цара элира: "Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а!"

:24

/Нухьас доIа дира/: "Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен".

:25

Шайна гIалатех (къинойх) уьш хи чу бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий.

:26

Нухьас элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь ма виталахь лаьтта тIехь цатешачарах цхьа а цIа чохь вехаш верг.

:27

Баккъалла а, Ахь уьш битахь, цара Хьан леш тилор бу‚ цара дуьненавоккхур вац къинош деш верг‚ тIех ца тешаш верг бен.

:28

Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гечделахь суна а‚ сан денна-нанна а‚ муъмин хилла сан цIа чу ваьллачунна а‚ муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а‚ Ахь сов ма бахалахь зуламхой хIаллакбарций бен!"