Дерриге а Исламан библиотека

70 - The Ascending Stairways - Al-Ma`ārij .

:1

Дийхира цхьана доьхучо дужу Iазап

:2

Цатешачарна яц цунна ян дуьхьало.

:3

Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна хьаладовла/ кензаш йолчу.

:4

Хьаладовлу маликаш а‚ Са (Джибрил малик) а Иза волчу‚ шен барам /нахана гергахь/ шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь.

:5

Ахь собар делахь /хIай Мухьаммад цу керстанаша хьо сийсазаван гIерташ дуьйцуш долчунгахь/ хазчу собарца.

:6

Баккъалла а, царна иза (Делан Iазап) гуш ду генахь‚

:7

Тхуна иза гуш ду гергахь.

:8

Оцу дийнахь стигал хир ю лалина цIеста санна.

:9

Лаьмнаш хир ду /бежнийн тIера схьадаьккхина/ цIока санна.

:10

/Оцу дийнахь/ доттагIчо доттагIчух хоттур ма дац /шен бāла совбаларна/−

:11

Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хIетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош динчунна оцу дийнахь Iазапах кIелхьарвала шен кIентий дIабелла а‚

:12

Шен зуда а‚ шен ваша а /дIабелла а/‚

:13

Ша тIелаьцна хилла долу шен тайпаа /дIаделла а/‚

:14

Массо а лаьттахь мел верг а /дIавелла а/, тIаккха кIелхьарвала /луур дара цунна/.

:15

ХIан-хIа! Баккъалла а, иза (жоьжахати) āлу лепа цIе ю.

:16

Схьаозор долуш ду цо коьртан чIор.

:17

ТIекхойкхур ву цо ша /Дела цхьаъ варх/ юхаваьлларг а‚ /ийманах/ дIаведдарг а,

:18

Гулдийнарг /дуьненахь даьхни, хьанал-хьарам ца къестош/, т1аккха и д1адиллинарга /Делан а, нехан а хьакъ д1а ца луш/.

:19

Адам кхоьллина ду /бāла беъча/ собар доцуш, /Делан ниIматашна/ шукур доцуш.

:20

Шех цадезарг (пекъаралла, цамгар, кхерам) 1оттаделча, нуьцкъала собарх волуш (массо а диканах дог дуьллуш),

:21

Шех диканиг 1оттаделча, нуьцкъала духадетташ /сагIа далар‚ дикачу агIор харж яр а/,

:22

Ламазаш деш берш боцурш,

:23

Шаьш шайн ламазашкахь гуттар болуш.

:24

Шайн /хьолехь/ билгала хьакъ долуш

:25

/СагIа/ доьхучунна а‚ шегахь хIумма доцчунна а (сагIа ца доьхучунна а),

:26

Шаьш декхаран дебакъдеш берш,

:27

Шаьш Кхиош-кхобуш волчу шайн Делан Iазапах кхоьруш берш.

:28

Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш волчу церан Делан Iазап тешаме дац /муьлхачу хенахь дан тарло/.

:29

Шаьш шайн эвхье меженаш ларъеш берш

:30

Шайн зударий боцучарах а‚ шайн аьтту куьйго доладина зударийбоцучарах а. Оцаргахь уьш бехке бац.

:31

Цул тIехбевлларш – уьш /Делан/ дозанех бевлларш бу.

:32

Шаьшшайна бина тешам а‚ шаьш йина ваIда а кхочушъеш берш,

:33

Шаьш шайн тешаллина тIехь лаьтташ берш,

:34

Шаьш шайн ламазаш Iалашдешберш -

:35

Уьш /ялсаманин/ бошмашкахь хир бу шайх сийдина.

:36

ХIун хилла цатешначарна - хьуна хьалха дIасхьауьйдуш болчарна‚

:37

/Хьуна/ аьтту агIорхьа‚ аьрру агIорхьа а тобанаш еш болчу /бусалбанех ца бешаш вовшашка дуьйцуш болчу: хIорш ялсамане гIахь‚ вай царал хьалха гIур ду/?

:38

Лууш вуй - те царах массо а стаг ша ниIматийн ялсамане вахийта?

:39

ХIан-хIа! Баккъалла а, Оха уьш кхоьллира царна хуучух /тIадамах, курабовла ца оьшура царна/.

:40

ХIан-хIа! Ас дуй боу малхбалийн а‚ малхбузийна Кхиош-кхобучу Делах: баккъалла а, Тхо ницIкъ болуш ду-кх

:41

/Уьш/ хийцабан царал дикачаьрца‚ /цу тIехь/ тхол хьалхавер вац /цхьа а/.

:42

Бита уьш /шайн тиларчохь/ дIасаийдан а‚ ловзан а шайн ваIда йина йолчу /къемат/ денна дуьхьалкхетталц.

:43

Оцу дийнахь уьш арабовлур бу кешнаш чуьра сихбевлла, шаьш /хьалха шаьш Iибадат деш хилла болу/ тIулгашна тIе бовдуш санна‚

:44

Шайн бIаьргаш охьатоьхна. Сийсазалла кхуьур ю царах. И де ду-кх царна хир ду аьлла ваIда йина хилларг!