Дерриге а Исламан библиотека

69 - The Reality - Al-Ĥāqqah .

:1

Бакъхилла доьжнарг.

:2

ХIун ду и бакъхилла доьжнарг?

:3

Стено хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и бакъхилла доьжнарг?

:4

Самудаша а‚ Iадаша а харцдира тухуш дерг.

:5

Амма самудаш а - уьш хIаллакбира /чIогIаллица/ дозанах беллачу мохьаца.

:6

Ва амма Iадаш а – ткъа уьш хIаллакбира инзаре нуьцкъалчу т1ех шилачу мехаца.

:7

Цо /нуьцкъалла/ балийтира и царна ворхI буса а‚ бархI дийнахь а тIеттIа. Хьуна гур бара нах оцу дийнахь /хIаллакбина/ дIасакхиссина‚ даьсса дисна (чохь хора йолу) хурманан диттан гIадаш санна.

:8

Цхьа а бухадисар гуй хьуна царна?

:9

Веара ФирIавн‚ цул хьалха мел верг а‚ муътафикаташа /беара/ къа деш.

:10

Цара Iесалла йира шаьш Кхиош-кхобуш волчу Делан элчанна − тIаккха уьш схьалаьцира т1ех чIогIа долчу схьалацаро.

:11

Оха хи дозанах даьлча, дихьира шу лелаш долчуьнца(кеманца).

:12

Иза хилийтархьама шуна хьехам‚ тидаме долчу лерге тидаме эцийтархьама а.

:13

Сурлекхча цхьана лакхарца‚

:14

Латта а дIадихьча‚ лаьмнаш а /айдича/‚ царах аьтта х1ур бича цхьана атарца -

:15

Оцу дийнахь дог1ур ду данза ца даьлларг (къематде).

:16

Стигал йедар ю‚ оцу дийнахь хир ю иза ледаръяьлла (ч1аг1о йоцуш),

:17

Маликаш хир ду цуьнан йисташкахула. Хьо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан Iарш хьур ю оцу дийнахь бархIамошайна т1ехула.

:18

Оцу дийнахь шу хIоттор ду /кхиэлна/ хьалха‚ цхьа а хьуллеш хуьлу хIума хьулделла хир дац шух.

:19

Амма шен жайна шега аьтту (бакъахьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду /ч1ог1а хазахетта/: "ХIей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна!

:20

Баккъалла а, со моьттушма вара /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьалкхетар дуйла".

:21

Иза хир ву ша реза волчу дахарехь.

:22

Лекхачу бешахь.

:23

Шен стоьмаш гергахь болуш.

:24

/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ гIоза мала шайна /дуьненан/ дIадаханчу деношкахь шаьш хьалхадаьккхинарг /бахьанехь/ ".

:25

Ва амма шен жайна шега аьрру (харцхьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду: "ЭхI! И сан жайна соьга ма деллехьара!

:26

И сан /ч1ог1а суна дуьхьал долу/ хьесап хууш ца хиллехьара со.

:27

Эх1! И сан /дуьненахь/ валар хиллехьара тIаьххьара‚ /со юха ден ца веш/.

:28

Со кIелхьар ца ваьккхи сан бахамо.

:29

ХIаллакхили соьгара сан долахь мел хилларг (сан уьйранаш а, сан хьал а)".

:30

/Делан омра догIур ду/: "Схьалаца иза! ДIавихка иза!

:31

Т1аккха жоьжахати чу д1авига иза.

:32

ТIаккха шен яхалла кхузткъе итт дол йолчу зIайнах вихкина д1алалла иза".

:33

Баккъалла а, иза вацара сийлахь-воккхачу Делах тешаш.

:34

Мискачунна даа хIума дала /кхечарна/ дагадоуьйтуш вацара иза.

:35

Вац цунна тахана кхузахь цхьа а доттагI.

:36

Даа хIума дац диларш бен.

:37

Уьш дуур дац гIалатбевллачара а бен.

:38

ХIан-хIа! Ас дуй боу шуна гуш долчуьнца

:39

Шуна гуш доцучуьнца а:

:40

Баккъалла а, иза сийлахьчу элчанан дош ма ду (Делера цо дуьйцуш).

:41

ШаIирандош ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх шу тешаш дерг.

:42

Бозбуунчин дош а ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх аш ойла еш дерг.

:43

Iаламийн Дегара охьадоьссина ду иза (Къуръан).

:44

ЦоТхуна аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш,

:45

Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту (бакъахьара) куьйга‚

:46

ТIаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха.

:47

Шух цхьа а хир ма вацара цунах иза духатухуш.

:48

Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу-кх /Делах/ кхоьруш болчарна.

:49

Баккъалла а, Тхо хууш ду-кх шух /дин/ харцдеш берш буйла.

:50

Баккъалла а, иза (Къуръан) г1айг1а ю-кх цатешачарна. (Цуьнга ийман диллинчарна хир долу ниIматаш гина пошме хир бу керстанаш къематдийнахь).

:51

Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!

:52

Сийлахь-воккхачу хьуо кхиош-кхобуш волчу хьан Делан цIе хастае! (Массо а вочу сибатех ц1анве Иза).