Дерриге а Исламан библиотека

68 - The Pen - Al-Qalam .

:1

Нỳн. Дуй боу Ас къоламца а‚ цара /наха/ яздешдолчуьнца а:

:2

Хьо ма вац /хIай Мухьаммад/ хьо Кхиош – Кхобучу (Делан) къинхетамца жинийх.

:3

Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял.

:4

Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккха (хаза) гIиллакххьайгахь долуш.

:5

ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚

:6

Мила ву шух питане лаьцнарг.

:7

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волу хьан Дела − Цунна дика вевза Шен некъах тилавелларг а‚ Цунна дика бевза нийсачу новкъахь берш а.

:8

Хьо /хIай Мухьаммад/ муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчарна.

:9

Уьш лууш бара хьо кIеда хила − тIаккха шаьш кIеда хир бара.

:10

Хьо муьтIахь ма хилалахь массо а /харц/ дуйнаш дуккха боуш сийсаз- волчунна‚

:11

/Х1ор/ луьйш волчунна /нахах таьхьашха/‚ /царна юккъехь/ меттанаш дIасакхуьйхьуш волчунна‚

:12

Дикчу /хIуманна/ новкъарло еш волчунна‚ къинош деш дозанех ваьлла волчунна‚

:13

Къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьненвалар шеконехь долчунна(да мила ву ца хууш, боьха леларца вевзаш волчу).

:14

Шен даьхни а, к1ентий а хиларца /Делан дозанех а ваьлла, кура а ваьлла и/.

:15

Шена Тхан аяташ дийшича, цо элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш".

:16

Оха цуьнан мера тIе вастдуьллур ду.

:17

Баккъалла а, Оха зийра уьш‚ Оха цхьана бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш /бешара/ стоьмаш бохур бу Iуьйранна‚ аьлла‚

:18

"Дала мукъалахь" ца элира цара.

:19

ТIаккха цунна (бешана) го тесира хьо кхиош-кхобуш волчу хьан Делера го тосуш долчо‚ уьш наб еш болуш.

:20

/Егна/ Iаржъелларг санна Iуьйренга елира и /церан беш/.

:21

Iуьйранга бевлича, вовшашка кхийкхира цара:

:22

"Шайн беш чу гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь"‚ аьлла.

:23

Уьш болабелира, меллаша вовшашка луьйш:

:24

"Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш боьхуш/".

:25

Iуьйранна новкъа бевлира уьш, шайн дагахь /мисканиг/ духатоха ницкъ болуш.

:26

Иза шайна /егна/ гича‚ цара элира: "Баккъалла а, вай тиладелла‚

:27

ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина".

:28

Царах кхечарал Iедале волчо элира: "Ас ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара"‚ аьлла?

:29

Цара элира: "Вонах цIена ву-кх и вай кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой".

:30

Уьш вовшашна бехкаш бохуш дуьхьалбевлира.

:31

Цара элира: "Ма бала бу вайна: вай хилира /Делан дозанех/ тIехдовлурш.

:32

Вай кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца /и беш/ хийцо а тарло. Баккъалла а, вай кхиош-кхобуш волчу вайн Делан /дикане/ догдохуш ду-кх".

:33

Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду, уьш хууш хиллехь.

:34

Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна шаьш кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю.

:35

Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ муьт1ахь болу нахкъинош дечарах тера?

:36

Шуна хIун хилла /иштта ойла ял/? Аш муха хьукам до?

:37

Я шуна жайна ду‚ аш шена чохь доьшуш /и хьукам/?

:38

Баккъалла а, шуна цу /жайна/ чохь долуш аш мел хоржург?

:39

Я шуна Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукам хир долуш?

:40

Хатта цаьрга /хIай Мухьаммад/‚ мила ву царах и чIагIдийриг.

:41

Я церан накъостийбу? Схьабалабе цара шайн и накъостий, шаьш бакълуьйш хиллехь.

:42

Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю‚ уьш кхойкхур бу сужуде − царна могур дац‚ −

:43

БIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга сужуде кхойкхуш дара уьш могуш болуш.

:44

Вита Со суо хIара хабар харцдеш волчуьнца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг /хIаллакбарца/ царна ца хуучухула.

:45

Ас хан лур ю царна. /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх.

:46

Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?

:47

Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду, цара дIаяздеш?

:48

Собар де хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чIеран накъостахтера: цо /Деле/ кхийкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш.

:49

Ша Кхиош-кхобуш волчун ниIмат шех ца кхиънехьара, иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара сийсаз а хилла.

:50

Ша Кхиош-кхобуш волчо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарах.

:51

Цатешнарш кийча бу шайн бIаьргашца хьо хIаллакваншайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: "Баккъалла а, иза жинийх ву-кх".

:52

Иза-м дац массо а Iаламна хьехам бен.