Дерриге а Исламан библиотека

67 - The Sovereignty - Al-Mulk .

:1

Беркате (хастаме) хили Иза (Дела)‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу.

:2

Иза ву Ша кхоьллина далар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вуно диканиг Iамал ярца. Иза ву веза верг а‚ гечдийриг а.

:3

Иза ву Ша кхоьллина ворхI стигал тIеттIа. Хьуна гур ма яц сов Къинхетаме волчо кхоьллинчунгахь цхьа а вовшашца ца йогIу хIума. Тохал бIаьрг: гуй хьуна цхьа а яьдда меттиг?

:4

ТIаккха юх-юха а тохал бIаьрг − хьоьга духадоьрзур ду бIаьргтохар кIелдисна‚ ша гIелделла долуш.

:5

Оха хаздина дуьненанстигал чиркхашца (седарчашца)‚ Оха хилийтина уьш шайтIанашна кхоссарш. Оха кечдина царна (шайтIанашна) егачу цIеранIазап.

:6

Шаьш Кхиош-кхобучух(Делах) цатешначарна а жоьжахатин Iазап ду. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!

:7

Шаьш цу чу кхоьссича, царна хозур ду цуьнан угIарш‚ и ша кхехкаш йолуш.

:8

Ша оьгIазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош динчеран/ толгIа (тоба) массаза кхоьссича а, цуьнан гIаролаша цаьрга хоттур ду: "Кхерамча (Делан элча) ца веара шуьга?"‚ аьлла.

:9

Цара эр: "ХIаъ‚ веара тхоьга кхерамча − Оха иза харцвира‚ оха элира: "Дала хIумма а ца доссийна‚ шу ма ду доккхачу тиларчохь".

:10

Цара элира: "Тхо хиллехьара ладугIуш а‚ ойла еш а − тхо хир ма дацара егачу цIеран дайшлахь".

:11

Уьш къера хилира шайн къинна. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цIеран дай!

:12

Баккъалла а, шайна гуш воццушехь шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш − царна ду гечдар а‚ йоккха ял.

:13

Къайладаккха шайн дош, я гучудаккха иза − баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.

:14

Ткъа ца хаьа Цунна‚ ша кхоьллинчунна? Иза ву сов дика кхетаме верг а‚ сов дика хууш верг а.

:15

Иза ву шуна латта кIеда /лела атта/ динарг – лела /шу, хIай нах/ цуьнан агIонашкахула, даа цуьнан рицкъах (Дала лаьттахь делла ниIматаш хьанал къахьегарца). − Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гIовтар.

:16

Шу тешна дуй /хIай Далла инкарло еш берш/ стиглахь волчух, Цо шаьш лаьттах худор дац аьлла, т1аккха и /латта/ детталуш?

:17

Я шу тешна дуй стиглахь волчух Цо шайна боуьйтур бац аьлла тIулгех /буьзна/ чIогIа мох? ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муха бу Сан кхерам.

:18

Харцбира /элчанаш/ царал хьалха хиллачара а − муха хилира /царна/ Сан инкарло! (Ма ирча хилира Сан Iазап!).

:19

Царна ца го олхазаршшайна тIехула лелаш долу − /шайн тIамаш/ даржадеш‚ тIаккха тIегулдеш? Уьш сацадеш верг-м Сов Къинхетаме волу Дела бен вац. Баккъалла а, Иза ву-кх массо а хIума гуш верг.

:20

Мила ву и шуна бIо хилла гIо дийр дерг ша сов къинхетаме волчу Делан Iазап духатоха? Цатешнарш ма бац Iехабаларгахь бен.

:21

Мила ву иза шуна рицкъ лур дерг, Цо Шен рицкъ сацадича? ХIаъ‚ ма /Далла/ дуьхьалбевлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ гена бевлла уьш.

:22

Ткъа шен юьхь тIехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нийсса лелаш верг ву?

:23

Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Иза ву шу кхиинарг а‚ шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КIеззиг ду-кх аш баркалла олург!"

:24

Ахь āла: "Иза ву шу лаьттахь даржийнарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу".

:25

Цара олу: "Маца хир ду и аш бохург, шу бакълуьйш хиллехь?"

:26

Ахь āла: "Iилма Далла гергахь ду‚ ткъа со билгала волу къерамча ву".

:27

Иза шайна гича гергахь‚ цатешначеран яххьаш ирчаелира‚ /цаьрга/ элира /маликаша, бехк боккхуш/: "ХIара ду иза аш /дуьненахь долуш/ ша лоьхуш хилларг!"

:28

Ахь āла: "Гой шуна‚ со Дала хIаллаквича‚ соьца берш а‚ я Цо тхох къинхетам бича‚ хьан кIелхьарбохур бу цатешнарш лазош долчу Iазапах?"

:29

Ахь āла: "Иза ву сов къинхетаме волу Дела‚ Цуьнга ийман диллина оха‚ Цунна тIе а тевжина. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ мила ву билгалчу тиларчохь".

:30

Ахь āла: "Гой шуна‚ и шун хи 1уьйранца лекъча‚ хьан лур ду шуна оьхуш долу хьастан хи?"