ХIай пайхамар! Ахь хIунда хьарам до Дала хьуна хьанал динаргхьан зударий резабан гIерташ? Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
Дала тIе диллина шуна дуйнаш бастар. Дела ву шун гIоьнча. Иза ву хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.
Пайхамара шен цхьаболчу зударшка (Хьафсате) къайлах дийцира цхьа хабар. Цо (Хьафсато) иза кхечаьрга (Iаишате) дийцича‚ Дала иза цунна (элчанна) гучудаьккхича, цунах (цу хабарх) цхьадерг довзийтира цо (элчанас Хьафсате), цхьадерг хьулдийра. Цо цуьнга (Хьафсате) и дийцича‚ элира /Хьафсата/: "Хьан дийцина хьоьга иза?" Цо элира: "Соьга дийцина иза /нехан къайленаш/ хууш волчо‚ /массо а х1ума/ дика девзаш волчо (Дала)."
Аш шимма (Хьафсата а‚ Iаишата а) тōба динехьара Деле… /И дика хир дара шуна аш цунна дуьхьал барт бечул/. Шу шиннан дог дIатевжира /Делан элчанца лело дезачу г1иллакхах/. Аш вовшашна гIо дахь цунна (пайхамарна) дуьхьал − баккъалла а, Дела − Иза ву и ларвийр верг‚ Джибрил а ду‚ муъмин нахах дика мел верг а ву‚ маликаш а ду цул тIаьхьа гIоьнчий.
Мега иза Кхиош-кхобуш волчу цуьнан Дала, цо шу дитича, цунна шул дика зударий бало: шаьш бусалба болуш‚ муъмин болуш‚ муьтIахь болуш‚ тōба деш болуш‚ Iибадат деш болуш‚ /пайхамарца/ дIасалелаш болуш‚ хьалха марехь хилларш а‚ маре баханза болу мехкарий а.
ХIай ийман диллинарш! Ларде шаьш а‚ шайн доьзал а /жоьжахатин/ цIерах‚ шен ягориг нах а‚ тIулгаша болчу. Цунна тIе хIоьттийна ирча‚ чIогIа маликаш ду‚ юха ца довлуш Дала шайна омра динчух, шаьш кхочушдеш шайга омра деш дерг.
ХIай /Делах/ цатешнарш! Шу бехказа ма дийла тахана /къематдийнахь/: шуна беш болу бекхам аш /дуьненахь/ деш хилларг /бахьанехь/ ду.
ХIай ийман диллинарш! Шу д1адерза Деле цIена тōба дарца − тарло шу Кхиош-кхобучу шун Дала шу цIандан шун къинойх‚ /тIаккха/ шу бошмашна чу дихка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ оцу дийнахь Дала сийсазвийр вац пайхамар а‚ цуьнца ийман диллинарш а. Церан нур дедда лелар ду царна хьалхахула а‚ церан аьтту куьйгаш долчу агIорхьара а‚ цара олуш: "Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела‚ Ахь кхочушделахь тхан нур‚ Ахь тхуна гечделахь. Баккъалла а, Хьо ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг".
ХIай пайхамар! Къийсам латтабе цатешачаьрца а‚ мунепакъашца а‚ луьра хила цаьрца. Церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон ду-кх /церан/ дIадерзар!
Дала масал далийна цатешачарна Нухьан зудчух а‚ ЛутIан зудчух а: уьш бара Тхан дикчу лех шина лена /куьйга/ кIел‚ цара шиммо а царна шинна тешнабехк бира /зина дар боцу/‚ цхьанна а хIуманца Делера шаьш шиъ кIелхьар-м ца яьккхира цара‚ элира /цаьрга/: "Шу шиъ чу гIо /жоьжахатин/ цIерга цу чу г1ош болчарца".
Дала масал далийна ийман диллинчарна ФирIавнан зудчух‚ цо ма элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь суна дēлахь Хьуна гергахь ялсамани чохь цIа‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь ФирIавнах а‚ цуьнан балхах а‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь зулам дечу къомах".
Iимранан йоI Марьямах а /масал далийна Дала/‚ ша лардина хиллачу шен йоIалла. Оха цуьнан дегIа чу са уьйзира Тхан Сих (Джабраил малико)‚ цо (Марьяма) бакъдира ша Кхиош-кхобуш волчу шен Делан дешнаш‚ Цуьнан жайнаш а‚ иза хилира муьтIахь болчарах.