Дерриге а Исламан библиотека
1

ХIай пайхамар! Шаьшзударий буьтуш уьш бита Iиддатана. Аш дагарде Iиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах − шаьш Кхиош-кхобуш волчух /и Iиддат тергал ца дан/. Шайн цIеношкара ара ма бахалаш уьш /и Iиддат чекхдаланза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цIеношкара/ ара, цхьа билгала ирчанигшаьш деънехь бен. ХIорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац, Дала цхьа гIуллакххилийта тарло цул тIаьхьа.

2

Церан хан (Iиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазчу гIиллакхца /шаьш цхьана даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазчу гIиллакхца /шайна цхьана даха тарлур дац аьлла хеталахь/. Аш шиъ тешхIоттаве /цхьанакхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу/массо а балих хьалхавала/.

3

Цо (Дала) цунна рицкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тIе товжуш верг − иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочушдеш ву Шен гIуллакх. Дала хилийтина массо а хIуманна барам.

4

Шун зударех шайн цIий дарахдог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу‚ и цIи дар хIинци ца хиллачарна (жима хилар бахьанехь) а /кхо бутт бу/. Берах бисинчеран /1иддатан/ хан − бера дар ду. (Бер дича чекхдолу церан Iиддат). Делах кхоьруш верг милла велахь - Цо цунна шен гIуллакхах атто хуьлуьйтур ю.

5

ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссина долу. Дала цIанвийр ву шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсамйоккхур цунна ял.

6

Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /х1ай марой/ Iеччахь, шайн тароне хьаьжжа. Зен ма де царна аш гатто ярца. Уьш берах балахь, харж е царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь − церан мах дIало. Вовшашца догадовла /хIай мар а, зуда а/ хазчу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхойла цунна.

7

Хьал долчо шен хьолах харж йойла. Шегахь кIеззиг рицкъ долчо харж йойла Дала шена деллачух. Дала цхьанна сина тIе ца дуьллу Ша цунна делларг бен. Дала халонал тIаьхьа атто хуьлуьйтур ю.

8

Маса юрт дуьхьалъяьлла хилла ша Кхиош-кхобуш волчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омрана. Оха уьш тергал йира чIогIачу хьесапаца‚ Оха Iазап дира царна ирча Iазапаца.

9

Цара Iевшира шайн гIуллакхан бāла‚ церан гIуллакхан тIаьхье хилира эшалла.

10

Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Шу кхера Делах‚ хIай хьекъал дерш‚ шаьш ийман диллина долу. Дала шуьга боссина хьехам (Къуръан).

11

Элча /ваийтина шуьга/‚ цо шуна дуьйцуш Делан билгала долу аяташ ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш а боданера нуре бахархьама. Делах а тийшина, дика Iамал еш верг − Цо иза вуьллур ву бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ иза цу чохь гуттар лаьттар ву. Хаза хилийтина Дала цунна рицкъ.

12

Дела ву Ша кхоьллинарг ворхI стигал‚ лаьттах а цаьрга терра. /Делан/ омра охьадуссу царна юккъехула шуна хаархьама и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла а‚ Цо чулаьцна юйла массо а хIума Шен Iилмаца.