Далла тасбахь деш ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цунна ду паччахьалла‚ Цунна бу хастам а. Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг .
Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву ца тешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш дийриг гуш дерг ву.
Цо кхоьллира стигланаш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хIоттира шун куц‚ тIаккха хаздира шун куьцаш. Цунна тIе ду /чакхенан/ дIадерзар.
Цунна хаьа стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цунна хаьа аш къйладоккхург а‚ аш дIахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг.
Шуьга ца деара хьалха ца тешаш хиллачеран хабар? Цара Iевшира шайн гIуллакхийн бāла‚ царна лазош долу Iазап а ду.
Иза ду цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тIаккха цара олуш хиларна: "/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?" Цара керстадира /уьш Дала баийтар/‚ уьш дIабирзира /оцу элчанех а‚ бакъдолчу ийманах а/. Дела /церан Iибадат/ ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.
/Делах/ цатешначарна моьттинашаьш дендийр дац. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "ХIаъ‚ со Кхиош-кхобучу сан Делах дуй боу ас: дендийр ма ду шу‚ тIаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду".
Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссинчу нурах а (Къуръанах). Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву.
Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/дийне. Иза ду вовшашна зенаш хиларан а, кхиамаш хиларан а де. Милла велахь Делах тешаш а, дика Iамал еш а, Оха цIанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмаш чу‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу, цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а − уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца а бен. Милла велахь Делах тешаш − Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо а хIума хууш верг ву.
МуьтIахь хила Далла а‚ муьтIахь хила элчанна а. Шу дIадерзахь /ийманах/ − Тхан элчанна тIехь-м билгала дIакхачор бен дац.
АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тIе тевжийла муъмин нах.
ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалах а шуна мостагIий берш а бу‚ царах ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь − /и дика ду шуна/, баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питнаду. Ткъа Дела − Цунна гергахь сийлахь-йоккха ял ю!
Шу Делах кхералашшайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш /шайга Дала дечу омре/‚ шу муьтIахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш е /Делан новкъахь/ шуна шайна дика хилийтархьама. Шен синан бIаьрмецигаллах Iалаш хилларг − уьш бу баккхийбедар берш.
Аш /юхалург/ Далла лахь хаза декхар − Цо масийттазаалсамдаьккхина юхадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву (Шех тешначарна оьгIазе воцуш).
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.