Хьуна тIе мунепакъашбаьхкича, цара элира: "Оха тешалла до: баккъалла а, хьо Делан элча ма ву." Далла хууш ду хьо, баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепакъаш харцлуьйш ма бу.
Шайн дуйнаш шайна /бусалбанашкара зен ца хилийта/ турс хиллалийцира цара − /иштта/ цара дIатилина /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг!
Иза ду цара ийман диллина хиларна тIаккха керстадарна. Церан дегнех мухIар тоьхна− уьш ца кхета.
Хьуна уьш гича, хьо цецвоккху церан догIмаша‚ цара хабар дуьйцуш ахь ладугIу церан даше. ГIортина бIогIамаш санна бу уьш(шаьш хIоьттана Iа ца луш). Массо а мохь шайна дуьхьал бу моьтту царна. Уьш мостагIий бу‚ хьо ларлолахь царах. Дала хIаллакбийр бу уьш. Муха генабевлла уьш /ийманах билгалонаш еъначул тIаьхьа/?!
Цаьрга элча: "Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна"‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дIабоьрзуш /ийманах/, шаьш кура а бовлий.
Царна цхьатерра ду: ахь царна гечдар дийхича а‚ ца дийхича а. Данне а Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца до песакъ къам.
Уьш бу олуш: "Харжаш ма е Делан элчанна гергахь болчарна− дIасабаржийта уьш /Мадинатера/". Делан ю стигланийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепакъаш кхеташ бац-кх.
Цара (мунепакъаша) олу: "Тхо Мадинате юхадирзича, сийлахьболчара сийсазаберш арабохур бу цу (Мадината) чуьра". Делан ду сий‚ Цуьнан элчанан а ду‚ муъмин нехан а ду‚ делахь а, мунепакъашна ца хаьа-кх.
ХIай ийман диллинарш! Шу юкъах ма дохийла шун бахамо а‚ шун доьзало а Дела хьехорах (дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах). И деш берш− уьш бу эшнарш.
Харж е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъах шайх цхьанна тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: "Веза Дела‚ Ахь со тIаьхьатаьттинехьара цхьа кIеззиг заманна, ас сагIа доккхур дара‚ со хир вара дика Iамал ечарах".
ТIаьхьатоттур дац Дала цхьа а са, цуьнан Iожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг.