Дерриге а Исламан библиотека

62 - The Congregation, Friday - Al-Jumu`ah .

:1

Ша паччахь волчу‚ Ша /массо а кхачамбацарех/ ц1ена волчу‚ Ша веза волчу‚ Ша хьукам /нийса/ деш волчу Далла тасбахь деш дустигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а.

:2

Иза ву Ша ваийтинарг йоза ца хуучу нахехьцеран шайна юккъера элча‚ цо царна дуьйцуш Цуьнан аяташ‚ уьш цIанбеш‚ царна Iамадеш жайна а‚ хьикмата‚ уьш хьалха хиллехь а билгалчу тиларчахь.

:3

/Нахах/ кхечарнаа /дуьйцу цо Делан аяташ/, шаьш царах (хьалха Мухьаммад пайхамарна гонахь хиллаболчарах) ца кхиъна болчу. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.

:4

Иза Делан дозалла (сий) ду‚ Цо ло иза Шена луучунна. Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву.

:5

Шайна тIе Таврат диллинчеран‚ тIаккха иза д1а цадихьинчеранмасал ду жайнаш хьочу виранмасалх тера. Вон ду-кх Делан аяташ харцдинчу къоман масал. Дала нис ца бо зуламе нах.

:6

Ахь āла: "ХIай жуьгтий (-н динехь) хилларш! Шу моьттуш делахь шаьш Делан доттагIий ду/кхин/ нах боцуш, − шуна дала лаал, шаьш бакълуьйш хиллехь".

:7

Иза цIкъа а луур дац царна шайн куьйгаша хьалха а даьккхина. Дела бевзаш ву зуламхой.

:8

Ахь āла: "Шу шех довдуш долу и валар дуьхьалкхетар ду шуна. ТIаккха шу дIадерзор ду къайлахьдерг а‚ гучахьдерг а хууш волчуьнга (Далла тIе). ТIаккха Цо д1адуьйцур ду шуьга аш деш хилларг".

:9

ХIай ийман диллинарш! Шайга кхийкхича ламазе пIераскан дийнахь, сихло Дела хьехон /рузба ламазе/‚ йита йохка-эцар. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь.

:10

Ламаз кхочушхилча − д1асадаржа лаьттахула‚ леха Делан ниIмат. Аш хьехавеДела дуккха а - шу даккхийдедийта.

:11

Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачахь. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицкъ лучарех уггар диканиг ву-кх".