Дерриге а Исламан библиотека

61 - The Ranks - Aş-Şaf .

:1

Далла тасбахь дина стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.

:2

ХIай ийман диллинарш! Аш хIунда дуьйцу шаьш деш доцург?

:3

Йоккха хилла оьгIазло Далла гергахь аш āлар шаьш деш доцург.

:4

Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тIом беш берш цхьа могIа бина, шаьш чIагIйина гIишло санна.

:5

Мусас ма элира шен къоме /ахь хьахаде иза‚ хIай Мухьаммад‚ хьан нахе/: "ХIай сан къам‚ аш хIунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма дуй со шуьга /ваийтина/ Делан элча вуйла". Уьш /бакъдолчух/ дIабирзича − Дала дIадерзира церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца до песакъ къам.

:6

Марьяман кIанта Iийсас ма элира‚ /ахь дагадайта иза хьан нахе‚ хIай Мухьаммад/: "ХIай Исраилан кIентий! Баккъалла а, со шуьга /ваийтина/ Делан элча ву-кх‚ бакъдеш сол хьалха хилла Таврат а‚ кхаъ боккхуш сол тIаьхьа вогIур волчу элчанца, шен цIе Ахьмадйолуш". ТIаьхьа иза шайга веъча билгалонашца‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла ду".

:7

Мила ву зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллина волчул‚ ша /Далла/ муьт1ахь хиларе (ислам дине) кхойкхуш а волуш? Дала нис ца до зуламе къам.

:8

Уьш лууш бу шайн багенашца Делан нур дайа. Дала кхочушдо Шен нур, цатешачарна и мел ца дезахь.

:9

Иза ву вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъдолчу динца и толийтархьама массо а дина тIехь, мушрикунашна иза мел ца дезахь а.

:10

ХIай ийман диллинарш! Ас нисдой шу йохка-эцарна тIе, цо шу кIелхьарадохур долуш лазош долчу Iазапах? /Иза :/

:11

Шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешар ду‚ аш Делан новкъахь къахьегарду шайн бахамца а‚ синошца а. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь.

:12

Цо (Дала) гечдийр ду шуна къинош‚ чудохуьйтур ду бошмашна‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ Iадн ялсаманин цIенчу гIишлошна. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!

:13

Кхин /ниIмат хир ду/, шуна ша дезаш долу − Делера гIо а‚ гергара толам а. Ахь кхаъ баккха муъмин нахана.

:14

ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш Делан гIоьнчий, Марьяман кIанта Iийсас шен мутаIелимашка аьлла хиларх терра: "Муьлш бу Делан аг1оргахьа сан гIоьнчий?" МутаIелимаша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий". Исраилан кIентех цхьана тобано ийман диллира‚ /кхечу/ тобано керстаналла дира. ТIаккха Оха чIагIбира ийман диллинарш церан мостагIчунна тIехь − уьш хилира толам баьккхинарш /делилашца а, билгалонашца а/.