Дерриге а Исламан библиотека

93 - The Morning Hours - Ađ-Đuĥaá .

:1

Iуьйренах дуй боу Ас‚

:2

Буьйсанах дуй боу Ас‚ иза бода бахьаш дIатийча:

:3

Хьо д1а ца тесна хьо Кхиош-кхобуш волчо‚ вац Иза хьоь безам байна а.

:4

ТIаьхьарниг (эхарт) тоьлуш ю хьуна хьалхарчул (дуьненал).

:5

ТIаьхьа лур ду хьо Кхиош-кхобуш волчо хьуна − хир ву хьо реза.

:6

Хьо ца карийра Цуна бобер? Цо хьо тIеийцира.

:7

Хьо карийра Цунна (нийса дин довза) ваьлла лелаш− Цо хьо нийсачу новкъа виллира.

:8

Хьо карийра Цунна къе − Цо хьо хьоле хилийтира.

:9

Ахь ма белахь боберана ницкъ‚

:10

Ахь ма тохалахь /сагIа/ дуьйхург духа.

:11

Ахь хьехаделахь хьан Кхиош-кхобучун ниIмат.