Дерриге а Исламан библиотека
1

Баккъалла а, хези Далла шен майрачух лаьцна хьоьга юх-юха а дуьйцуш йолчун дош‚ цо Деле далхадо шен г1уллакх‚ и Дела хозуш ма ву шун шиннан къамел. Баккъалла а, и Дела хозуш верг а ма ву‚ гуш верг а ма ву.

2

Шух шайн зударшка "шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду"‚ бохурш − уьш церан наной ца хуьлу /цара иза бахарх/. Церан наной уьш бинаршбен бац. Баккъалла а, цара дуьйцург ца деза дош ма ду‚ харцдерг ма ду. Баккъалла а, Дела /уьш дохкобевлла, и къа дитча/ бехк цабуьллург а ву‚ гечдийриг а ву.

3

И шайн зударшка "шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду"‚ олурш‚ тIаккха шаьш аьллачунна тIе юхабоьрзуш берш− цхьа лай азатваккха веза цара шаьш /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. Цуьнца хьехам беш бу шуна. Дела аш дийриг сов дика хууш ву.

4

И цакарийначо марха кхобур ду шина баттахь тIеттIа шаьш шиъ /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. И ца магахь - кхузткъа мискачунна даа хIума лур ду. Иза ду шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешийтархьама. Уьш Делан дозанаш ду /тIех ма довла царна/. /Делах/ цатешачарна лазош долу Iазап ду.

5

Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а /мостагIаллица/ дуьхьалбовлуш берш сийсазбийр болуш бу‚ царал хьалха хилларш сийсазбарх терра. Оха доссийна билгала долу аяташ. Цатешачарна сийсаза долу Iазап ма ду.

6

Оцу дийнахь Дала гIовтор бу уьш берриг /кешнаш чуьра/‚ Цо дуьйцур ду цаьрга цара дина хилларг /дуьненахь/. Дала тидам бина цунах‚ цара дицдина. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ву-кх.

7

Хьуна ца го: и Дела хууш ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кханнан къайлахь хабар хир ма дац воьалгIаниг Иза волуш бен‚ пхеннан а − йолхалгIаниг Иза волуш бен. Цул /кIеззиг/ дерг а‚ цул дукха дерг а хир ма дац Иза цаьрца волуш бен, уьш миччахьа а хилчи. ТIаккха Цо цаьрга дуьйцур ду цара дина хилларг къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ма ву.

8

Хьуна ца го и къайлаха хабар дийцар шайна ца магийнахилларш? ТIаккха юха а тIебоьрзуш шайна ца магийна хиллачунна‚ вовшашка къайлаха хабарш дуьйцуш къа дарций‚ мостагIаллиций‚ элчанна Iесалла ярций. Хьо волчу шаьш баьхкича, хьоьга салам ло цара Дала хьоьга салам ца лучу кепара. Шайга олу цара: "ХIунда Iазап ца до вайна Дала вай бохучуьнца?" Кхачо ю царна жоьжахати − бōгур бу уьш цу чохь. Ма вōн дIавоьрзу меттиг ю-кх иза!

9

ХIай ийман диллнарш! Шаьш къайлаха хабар дийцахь‚ ма дийца иза къаций‚ мостагIаллиций‚ элчанна Iесалла ярций. Аш дийца къайлаха хабар диканций‚ /Делах/ кхерарций. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе дIагулдийр долчу.

10

Баккъалла а, къайлаха хабар дийцар шайтIанера ду ийман диллнарш пошме хилийтархьама. Царна цуьрриг зен дийр дац цо Делан пурбанций бен. Далла тIе тевжийла муъмин нах!

11

ХIай ийман диллинарш! Шайга аьлча: "Меттиг хилийта /дIасахилий/ мажлисехь‚ меттиг хилийта. Дала шорто йийр ю шуна. "ХьалагIовта!" аьлча, хьалагIовта. Дала лакхабоху шух ийман диллинарш а‚ шайна Iилма делларш а даржаца. И Дела аш дийриг сов дика хууш ма ву.

12

ХIай ийман диллинарш! Аш къайлаха хабар дийцинехь элчанна хьалхахь, цу шайн къайлаха хабарна хьалхадаккхалаш сагIа. Иза шуна дика а ду‚ вунō цIена а ду. И /сагIа/ шуна ца карадахь − тIаккха баккъалла а, и Дела гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву.

13

Шу кхийрира шайн къайлаха хабарал хьалха сагIа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/. ТIаккха аш иза ца дахь‚ − Дала шуна гечдина (шуна тIера дIадаьккхи и омра) − ламаз хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. (Цуьнца кхачо хир ю пайхамарна хьалхахь къайлаха хабар дийцале хьалха сагIа даккхарх). И Дела дика хууш верг ву аш дийриг.

14

Хьуна гой и Дела шайна оьгIаз ваханчу къомацадоттагIалла лелош берш? Уьшшух бац‚ царах а бац. Харцдолчунна тIехь дуй боуш бу уьш, шайна хуушехь.

15

Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Баккъалла а, ма вōн хили-кх цара деш хилларг.

16

Цара лецира шайн дуйнаш/нехан довах а‚ бехках а‚ шайн къинойх/ дуьхьало йина‚ иштта цара дIатилира /нах/ Делан некъах. Царна сийсаза долу Iазап ду-кх.

17

Х1умма хьалхадоккхур дац Делера церан хьоло а, церан доьзало а. Уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу-кх. Уьш цу чохь гуттар хир бу.

18

Цхьана дийнахь Дала хьалагIовтор бу уьш берриг‚ тIаккха цара Цунна дуйнаш боур бу, шуна шаьш дуйнаш баарх терра. Царна моттур ду шаьш цхьана бухана тIехь ду. Ткъа, баккъалла а, уьш бац харцлуьйш берш?!

19

ШайтIано доладина царна тIехь‚ цо дицдайти цаьрга Дела хьехавар. Уьш шайтIанан тōба ю. Ткъа шайтIанан тōба яц гIорасазниг (эшнарг)?

20

Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а /мостагIаллица/ дуьхьалбуьйлурш − уьш бу-кх уггар сийсазхиллачарна юккъехь.

21

ДIаяздина Дала: "Тоьлур ву Со а‚ Сан элчанаш а". Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.

22

Хьуна карор бац Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш болу нах шайна дукхабезаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьалбуьйлуш берш‚ уьш церан дай хиллехь а‚ я кIентий хиллехь‚ я вежарий хиллехь‚ я церан гергара хиллехь. Уьш бу Цо шайн дегнашкахь ийман яздинарш‚ Цо чIагIбинарш Шегара сица. Цо бухкур бу уьш бошмашка‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш реза хили Цунна. Уьш бу Делан тōба. Ткъа, баккъалла а, Делан тōба − и яц яккхийедар ерг?! / Ю, Деллара!/