Далла тасбахь династигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчо. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Цо дендо‚ Цо долуьйту. Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
Иза ву хьалхарниг а‚ тIаьхьарнига‚ гучахь верг а‚ къайлахьверга. Иза ву массо а хIума хууш верг а.
Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь. ТIаккха Иза дIанисвелира Iарша тIехь. Цунна хаьа латта чу дуьйлург а‚ цу чуьра арадуьйлург а‚ стиглара охьадогIург а‚ цу чу айлург а. Иза шуьца ву, шу миччахьа а хилча а. И Дела аш дийриг гуш ву.
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле дIадерзо гIуллакхаш.
Буьйса денна чуйолуьйту Цо‚ де буьйсанна чудолуьйту. Иза ву хууш верг дегнашкахь дерг.
Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ харжаш е /Делан новкъахь − сагIа луш…/ Оха лело шайга еллачух. Шух ийман диллинарш а, /Делан новкъахь/ харжаш йийнарш а − царна йоккха ял ю.
Шуна хIун ду ца теша Делах? − Элча ма вуй шу кхойкхуш шайн Кхиош-кхобучуьнга тешаре‚ Цо ("Ша вуй шун Дела", олуш аш "Ву Деллара", олуш) шуьгара чIагIо ма эцна, шу муъмин нах делахь.
Иза ву доссош верг Шен лега билгала аяташ шу арадахархьама боданера нуре. Баккъалла а, и Дела шуна къинтIераволург а‚ къинхетаме верг а ма ву.
Шуна хIун ду Делан новкъахь харж ца ян? Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс! Цхьатерра вац шух /Делан новкъахь/ харж йинарг толамбаккхале‚ тIом бинарг /цул тIаьхьа харжаш йинарг а‚ тIом бинарг а/. Царна вуно сийлахь-йоккха ял ю тIаьхьа харж йиначарал‚ тIаьхьа тIом биначарал. /Царна/ массарна а хазниг ваIда йина Дала. Дела аш дийриг дика хууш ву.
Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг? − Цо тIеттIа алсам доккхур ду Иза цунна‚ цунна хир ю сийлахь йолу ял а.
Оцу /къемат/дийнахь хьуна гур бу /хIай Мухьаммад/ и муъмин божарий и муъмин зударий шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агIорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш маликаша/: " Кхаъ бу шуна тахана − бошмаш шайна бухахула хиш оьхуш долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!"
Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: "Хьовсийш тхоьга! Шун нурах нур оьцур дара Оха". Олур ду: "Юхадерза‚ лаха шайна нур!" Царна (муъмин нахана а мунепикъ нахана а) юккъехь керт хIоттор ю шена неI йолуш‚ цунна чоьхьахула (муъмин нах болу агIо) къинхетам болуш‚ цунна арахала (мунепикъ нах болу агIо) Iазап долуш.
Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара − мунепикъаша): "Тхо шуьца дацара ткъа?" Цара эр: "ХIаъ‚ делахь а, шайн догIмаш питане лаьцира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгIира аш‚ /Делан ваIда/ шеконе лаьцира аш‚ лаамаша Iехийра шу Делан омра (Iожалла) далц‚ Делаца Iехийра шу Iехочо (шайтIано).
Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ ца тешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Шун чугIойла − жоьжахати хир ю. Иза ю шун тIетовжийла. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!"
Хан ца кхаьчна-те ийман диллинчарна шайн дегнаш муьтIахь хила Дела хьехорна‚ бакъдолчух доьссинчунна‚ уьш ца хила хьалха шайга жайна доссинчарах тера? Церан-м зама яхъелира − дегнаш /къизаллица/ чIагIделира церан. Царах дукханаш песакъ ма бу.
Шуна хаалаш‚ Дала латта дендо и деллачул тIаьхьа. Оха билгалдаьхна шуна аяташ‚ шу хир дац-те хьекъале.
Баккъалла а, сагIа луш берш‚ божарий а‚ зударий а‚ Далла юхалург хаза декхар а делларш − Цо тIеттIа алсам доккхур ду царна /мела баларца/. Царна хир ю сийлахь ял а.
Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешнарш − уьш бу бакъберш а‚ шайн Далла гергахь шахIидаша. Царна шайн ял а ю‚ нур а ду. Ткъа цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а − уьш бу жоьжахатин дай.
Шуна хаалаш: дуьненан дахар − ловзар а‚ эрна хан яйар а ду‚ хазахеташ шайга хьежар ду‚ вовшашна юккъехь кураллаш яр а ду‚ хьолехь а‚ доьзалехь а вовший юккъехь совбийлар а ду. ДогIех тера ду /иза/: и деача /лаьттах/ схьайолучу хIуманаша цецбоху керстанаш. ТIаккха уьш якъало‚ хьуна го уьш можаелла‚ тIаккха хуьлу уьш кагъелла. Эхартахь нуьцкъала Iазап ду /керстанашна/‚ Делера гечдар а‚ реза хилар а ду /муъмин нахана/. Ма дац и дуьненан дахар /цхьа / Iехаваларан хIума бен.
Сихло шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане‚ шен шоралла стиглан а‚ лаьттан шораллах тера йолчу‚ ша кечйина йолчу Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешаш хиллачарна. И Делан дозалла ду-кх‚ Цо ло и Шена луучунна. И Дела Шегахь сов доккха дозалла долуш ву-кх.
Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахьа‚ шуьгахь шайгахь а /цамгар хиларца/ иза Оха хилийтале хьалха /Лавхь махьфуз/ жайна чохь язбелла болуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ду −
/Иза ду/ шу гIайгIане ца хилийтархьама шух дIатилинчух‚ шу даккхий ца дедийтархьама Цо шуна деллачуьнца. Далла ца веза-кх массо а кура верг а‚ ша /наха/ хеставан лууш верг а‚−
Ша бIаьрмециг волуш‚ нахана а бIаьрмециг хила бохуш омра деш волу. Милла а дIаверзахь /Делан некъах/ − баккъалла а, и Дела Ша хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.
Оха бахийтира Тхан элчанаш билгалонашца‚ доссира цаьрца жайна а‚ терзаа нах латтархьама нийсона тIехь. Оха доссира эчиг‚ шена чохь чIогIа ницкъ болуш‚ нахана пайданаш болуш‚ Далла хаархьама‚ мила ву Шена а‚ Шен элчанашна а гIо лоцуш верг, /и Дела/ шена гуш воццушехь. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.
Оха вахийтира Нухь а‚ ИбрахIим а‚ Оха хилийтира церан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а. Царах нисвелларг а ву‚ царах дукхаберш песакъ бу-кх.
ТIаккха церан лорах Оха бахийтира Тхан элчанаш. /Церан лорах/ Оха вахийтира Марьяман кIант Iийса‚ цуьнга делира Оха Инжил‚ цуьнан тIаьхьахIиттинчеран дегнашкахь хилийтира Оха дог-кIедалла а‚ къинхетам а. Дуьненан марзонах д1ахадар− иза цара шаьш кхоьллина ду‚ Оха и лелор царна тIе ца диллина‚ Дела реза хилар лахар а бен‚ иза а тергал ца дина цара тергал дан ма дезза. Царах ийман диллинчарна шайн ял ели Оха. Царах дукхаберш песакъ бу-кх.
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цуьнан элчанах тешалаш − Цо Шен къинхетамах ши дакъалур ду шуна‚ Цо хуьлуьйтур ду шуна нур‚ цуьнца шу лелаш‚ Цо шуна гечдийр ду. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
/И хоуьйту Ас шуна / жайнан охIлана хаархьама Делан къинхетамах цхьанна а хIуманна тIехь шайна ницкъ кхочур боцийла‚ къинхетам Делан карахь буйла: Цо ло иза Шена луучунна. И Дела Шегахь беза-боккха къинхетам болуш ву-кх.