Дерриге а Исламан библиотека

56 - The Inevitable - Al-Wāqi`ah .

:1

Ша хилаза ца долургхилча‚

:2

И хилар харцдеш цхьа а /са/ ма дац.

:3

/Дукханаш/ цо охьатаIор бу‚ /дукханаш/ хьалабохур ма бу.

:4

Латта ластийча, ласторца‚

:5

Лаьмнаш даржича, даржорца‚

:6

/Царах/ хилча дIасхьаяьржина чан.

:7

Шу а хилча кхаа декъе декъаделла:

:8

Аьтту куьйгандай −муьлш бу и аьтту куьйган дай?

:9

Аьрру куьйган дай −муьлш бу и аьрру куьйгандай?

:10

/Ийманца дуьненахь/ хьалхабевлла хилларш −хир бу /ял шайна яларца къематдийнахь/ хьалхабевлла берш.

:11

Уьш хир бу /Далла/ гергахь

:12

НиIматийн бошмашкахь.

:13

Хьалхарчарах цхьа тоба‚

:14

ТIаьхьарчарах цхьа кIеззиг берш

:15

/Деших‚ жовхIарех/ тегначу маьнганий тIехь хир бу.

:16

Царна тIетевжина‚ вовшашна дуьхьалбирзина.

:17

Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу гуттар къона кегирхой

:18

Стаькнашца‚ кIудалшца‚ /чагIаран/ шовдан кадаца −

:19

Кортош лезар дац церан цунах‚ бехар а бац уьш.

:20

Стоьмаш хир бу царна шаьш хаьржинчух‚

:21

Хьозан жижиг хир ду царна шайна дукхадезачух‚

:22

Iаьржа‚ бакхий (хаза) бIаьргаш болу мехкарий а хир бу‚

:23

Нуьцкъала Iалашдечу луълуъах тера болу −

:24

Цара деш хиллачун бекхаман дуьхьа ду иза.

:25

Царна хозур дац цу чохь (ялсаманехь) даьсса хабарш а‚ къинош дина, бохуш, бехкаш а −

:26

Деккъа "Салам!" "Салам!" олу дош бен.

:27

Аьтту куьйган дай −муьлш бу и аьтту куьйган дай?

:28

КIохцалш доцчу лотос диттийн юккъехь хир бу /уьш/‚

:29

ТIетта стоьмех дуьзначу тIалхьдиттий юккъехь /хир бу/‚

:30

Дехха даьржинчу IиндагIехь хир бу‚

:31

Гуттар оьхачу хина юккъехь хир бу‚

:32

Дуккха стоьмий юккъехь хир бу‚

:33

Шаьш царах хадор боцчу‚ духатухур боцчу‚

:34

Хьалаайбинчу маьнганий тIехь.

:35

Баккъалла а, Оха кхиина уьшкхиорца‚

:36

Оха хилийти уьш йоI-цIена

:37

Шайн марош дукхабезаш‚ царца цхьанахенара‚

:38

Аьттачу куьйган дайшна /хир бу уьш/‚

:39

/Уьш бу/: хьалхарчарах цхьа тоба‚

:40

Кхечарах цхьа тоба.

:41

Аьрру куъйган дай −муьлш бу и аьрру куьйган дай?

:42

Уьш хир бу цIе еттачу махехь‚ цIийдинчу хичахь‚

:43

Сов Iаьржачу дохкан IиндагIехь‚

:44

Ша шила доцчу‚ ша /дегIана/ там беш доцчу.

:45

Баккъалла а, уьш ма бара оцул хьалха /дуьненахь/ зовкх хьоьгуш.

:46

Уьш бара къар ца луш доккха къадеш.

:47

Уьш бара олуш: “Тхо делча‚ тхох топпар (поппар) а‚ т1ехкаш (даьIахкаш) а хилча, тхо юха дендийр ду?

:48

Я тхан хьалхалера дай /денбийр бу/?”

:49

Ахь āла: “Баккъалла а, хьалхалераш а‚ тIаьхьарнаш а,

:50

Гулбийр ма бу билгалчу /къемат/ дийнан тоьхначу ханна.

:51

ТIаккха баккъалла а, аш‚ хIай тиладелларш‚/бакъдерг/ харцдийнарш‚

:52

Дуур ма ду заккъумдиттах /стоьмаш/‚

:53

Юзор ма цунах /шайн/ гайш‚

:54

Цунна тIе /аш/ молур ма ду цIийдинчу хих‚

:55

/Аш/ молур ма ду хьогъеллачу эмкалан малар.”

:56

Иза ду царна кечдийнарг бекхаман дийнахь.

:57

Оха кхоьллина шу‚ аш хIунда бакъ ца до /юхадендар къематдийнахь/?

:58

Шуна ца го шаьш хIу тосуш?

:59

Аш кхуллуш ду иза /адам/ я Тхо ду кхуллурш?

:60

Оха билгалдаьккхира шуна юккъехь валар‚ Тхо тIаьхьадуьсур дац

:61

Шу хийцо шух терачарах‚ шу кхио шуна ца хуучу кепара.

:62

Шуна девзира-май дуьххьарлера кхоллар‚ аш ойла хIунда ца йо?

:63

Шаьш дуьйш дерг (ялта) гой шуна?

:64

Шу ду и /лаьттах/ кхуьуьйтуш я Тхо ду и кхуьуьйтурш?

:65

Тхуна лиънехьара‚ Оха екъа яр хуьлуьйтур яра цунах‚ шу цецдевлла дуьсур ма дара‚ /олуш/:

:66

"Баккъалла а, тхо декхар кIелма диси.

:67

ХIаъ‚ тхо хIумма доцуш ма диси".

:68

Шуна гой шаьш молуш долу хи?

:69

Аш даийтина иза мархий юккъера я Тхо ду и доуьйтурш?

:70

Тхуна лиънехьара, Оха и дуьра холуьйтур дара /шуна мала ца луш/‚ баркалла хIунда ца олу аш?

:71

Шуна гой цIе‚ шаьш латаеш йолу?

:72

Аш кхиина цуьнан диття Тхо ду и кхиош дерш?

:73

Оха хилийтина иза /жоьжахатин цIе/ дагайойтург а‚ яьссачу арахь болчарна пайда оьцу хIума а хилла (царна нах 1еш болу меттиг йовзуьйтуш).

:74

Хьан сийлахь-воккха волчу Кхиош-кхобучун цIе хастае (И массо а вочу х1уманах ц1анвеш)!

:75

ТIаккха Ас дуй боу седарчий дIадузучу меттигах.

:76

Баккъалла а, и дуй‚ шуна хаахьара‚ беза-боккха ма бу!

:77

Баккъалла а, иза сийлахь Къуръан ма ду

:78

Iалашдинчу жайначохь.

:79

Цунах хьакха ца ло цIенаберш бен.

:80

Охьадоьссина ду иза Iаламийн Дегара.

:81

И хабар а ца лоруш ду шу?

:82

Шайна рицкъ даларна /Далла шукур дар/ шаьш /цуьнан/ ни1мат (дин) харцдар хуьлуьйту аш?

:83

И (са арадолуш) къанкъаркъе кхаьчча‚

:84

Цу хенахь шу хьоьжуш долуш, /шуна и юха чудерзо могур ма дацара/,

:85

Тхо вуно гергахь ду цунна шул‚ делахь а, шуна ца го.

:86

Шу ца хиллехьара /къематдийнахь/ шайгара бекхам оьцуш‚

:87

Аш духадерзор дара и /са/, шаьш бакъ луьйш хиллехь?

:88

Амма иза хиллехь /Далла/ гергарчарах‚−

:89

/ТIаккха цунна/ ду садаIар‚ дог парг1атдалар а‚ ниIматийн бошмаш а.

:90

Амма иза хиллехь аьтту куьйган дех −

:91

ТIаккха салам ду хьуна аьтту куьйган дайшкара.

:92

Амма иза хиллехь /дин/ харцдиначарах‚ тилабеллачарах −

:93

Цунна ду хьошалгIа тIелацар цIийделлачу хих‚

:94

Жоьжатехь вагар а.

:95

Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!

:96

Ахь хастае хьан сийлахь-воккхачу Кхиош-кхобучун цIе (И массо а вочу х1уманах ц1анвеш)!