Дерриге а Исламан библиотека

55 - The Beneficent - Ar-Raĥmān .

:1

Сов къинхетаме верг.

:2

Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ Къуръан.

:3

Цо кхоьллина адам.

:4

Цо Iамадина цунна (адамна) хаар.

:5

Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапаца /дIасалелаш/ бу.

:6

Седаа‚ дитт а /Цунна/ сужуд деш ду.

:7

Стигал − Цо иза аййина‚ мийза-терза дIахIоттина.

:8

Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь.

:9

Озар-дустар хIоттаде нийсонца‚ эша ма е терза!

:10

Латта а дIадаржина Цо /Шен/ Iаламна!

:11

Цунна (латта) тIехь стоьмаш схьаболу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /схьадолу/.

:12

Ча-гIад долубуьртигаш а, хаза хьожа йолу баццаш а /схьайолу лаьттах/.

:13

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:14

Цо кхоьллира адам бекъачу поппарах, кхийра пхьегI санна (поппаран пхьегI санна).

:15

Цо кхоьллира жин кIура ца болучу (цIенчу) цIерах.

:16

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:17

Шинамалхбален а Дела ву Иза‚ шина малхбузен а Дела ву.

:18

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:19

Цо паргIат битира Ши хIорд /дуьра берг а‚ теза берг а/ вовшашца цхьаьнакхета.

:20

Царна шинна юккъехь дуьхьало ю уьш вовший тIе ца кхийда.

:21

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:22

Схьадолу цу шина /хIордах/ луълуъ а‚ маржан а.

:23

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:24

Цуьнан ду хIордачухула дIасалела кеманаш, лекхачу лаьмнех тера.

:25

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:26

Массо а цу /лаьтта/ тIехь верг хIаллакхир ву.

:27

Юьсур ю хьан Кхиош-кхобучун юьхь‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу.

:28

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:29

Цуьнга доьху стигланашкахь а‚ лаьттахь а болчара. Х1ор дийнахь Иза гIуллакхехьву.

:30

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:31

ТIаьхьа мукъадерду Тхо шуна, хIай жинаш а‚ адамаш а.

:32

Т1аккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:33

ХIай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь стигланийн а‚ лаьттан а дозаний дехьадовла‚ довлал! Шу довлур-м дац цхьана бакъонцаа бен.

:34

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:35

Шуна шинна тIе йоуьйтур ю /кIура боцчу/ цIеран алу а, кIура а. ГIо дийр дац шуна шинна.

:36

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:37

Стигал йедича‚ иза юьсур ю цIиелла, басар санна.

:38

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:39

Оцу дийнахь шен къих хоттур ма дац адаме а‚ жине а.

:40

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:41

Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоьцур бу кIужалашца а‚ когашца а.

:42

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:43

ХIара ю и жоьжахати, къиношдиначара ша харцъеш хилла йолу.

:44

Цара гонаш бохур бу цунна а, цIийдинчу хина а юккъехула.

:45

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:46

Шен Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттарах кхийринчунна /ялсаманин/ ши беш хир ю.

:47

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:48

Гаьннаш долуш /ю и ши ялсаманин беш/.

:49

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:50

Цу чохь оьхуш ши шовда ду.

:51

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:52

Цу шина /ялсамани/ чохь хIор стоьмах ши тайпа бу.

:53

ТIаккъа а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:54

Уьш (дика Iамалш йинарш) хир бу маьнганий тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу.

:55

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:56

Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.

:57

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:58

Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш.

:59

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:60

Ткъа диканан бекхам дика а бен дуй?

:61

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:62

И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю.

:63

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:64

ТаьIна баьццара босахь /ю и ши беш/.

:65

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:66

Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир бу.

:67

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:68

Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ гранат а хир ю.

:69

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:70

Царна чохь дика‚ хаза мехкарий хир бу.

:71

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:72

Iаьржа бIаьргаш болуш‚ хьажар лоцу долу мехкарийхир бу четаршкахь.

:73

ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:74

Шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.

:75

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:76

Шаьш тIетевжина болуш баьццарчу гIайбаний‚ хазаллих буьззинчу кузашна а.

:77

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

:78

Беркате хилла хьан Кхиош-кхобучун цIе‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу.