Дерриге а Исламан библиотека

54 - The Moon - Al-Qamar .

:1

Гергадеана сахьт (къематде)‚ бутт ахбаьллера.

:2

Шайна делил (муIжизат) гичи а, уьш (цатешарш) юхабовлу /иманах/‚ цара олу: "Дахделла бозбуунчалла ду".

:3

Цара харцдира /пайхамар ваийтар/‚ уьш тIаьхьабаьзира шайн дезаршна. Массо а гIуллакх /диканиг а‚ вониг а/ чIагIделла ду /шен тоьхна хан йолуш/.

:4

Цаьрга деара май хабарш /хьалхалера Делах ца тешаш хилла болу нах хIаллакбарах лаьцна долу/‚ шайна чохь /уьш къинах/ юхаозар а долуш.

:5

КIорггара хьикмат а /деара цаьрга/. Пайда ца бора кхерамаша (хьехамаша).

:6

Генавала царах‚ /бита уьш/ кхойкхучоца дезачу хIумане шаьш кхойкху /къемат/де т1екхаччалц.

:7

БIаьргаш хьетIабаьлла /дукха кхерабаларна/, арабовлур бу уьш кешнашкара, даьржина цIоз санна

:8

/Шайга/ кхойкхуш волчунна /тIе кхача/ сихбевлла. /Эццахь/ цатешачара эр ду: "Ма хала де ду-кх хIара!"

:9

Харцдира /дин/ царал (къурайшал) хьалха Нухьан къомо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: "Жинийх ву иза"‚ тIаккха иза дIаэккхира.

:10

ТIаккха цо кхийкхира ша Кхиош-кхобучуьнга: "Баккъалла а, со эшийна. Ахь гIо де-хьа суна!"

:11

ТIаккха Оха дIаеллира стигланан неIарш дIакхуьссуш долчу хица.

:12

Лаьттах схьадехира Оха хьосташ, хи вовшахкхийтира ша язделла хилла долчу омрана тIехь.

:13

Оха дIаваьхьира иза (Нухь кема тIехь) аннаш а‚ хьостамаш а долчу.

:14

Иза (кема) дIаихара Тхан бIаьргий хьалхахьша харцвинахиллачеран бекхамна.

:15

Оха дитира изаделил хилла‚ вуй цхьа а иза тергал деш верг?

:16

Муха дара Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

:17

Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?

:18

Харцдира /дин/ Iадаша а. Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

:19

Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь.

:20

Цо схьабохура нах /шаьш болчуьра/, уьш буьсуш /лаьттах/ схьадохуш долу хурманан диттийн орамаш санна.

:21

Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

:22

Оха атта дира Къуръан дагалацан. Вуй цхьа а дагалоцург?

:23

Харцбира самудаша а кхерамаш (хьехамаш).

:24

Цара (самудаша) элира: "Тхайх цхьана адамна тIаьхьадезар ду тхо? ТIаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ сийзаллина чохь а.

:25

/Цара элира/:"Вайна юккъера /деккъа/ цуьнга доссийна вехьий? ХIа-хIа! Иза ву-кх /сов/ харцлуьйш дозалла деш верг".

:26

Хуур ду царна кхана‚ мила ву /сов/ харцлуьйш дозалла деш верг.

:27

Оха йохуьйтур эмкал царна питна хилла. Хьо хьажал цаьрга /хIай Салихь/‚ собаре а хилла.

:28

Āла цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юкъахь: хIоранна а шен малар хир ду /шен хенахь/.

:29

Цара кхийкхира шайн накъосте‚ Цо /шен куьйга/ схьаийцира /шаьлта/‚ /эмкална/ хьекхира.

:30

Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

:31

Оха бахийтира царна тIе цхьа /чIогIа/ мохь −уьш /белла/ бисира, /шен бежнашна/ керт йинчун якъаелла /дечиган/ юьхкаш санна.

:32

Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?

:33

Харцдира ЛутIан къомо кхерамаш (хьехамаш).

:34

Оха бахийтира царна тIе тIулгаш хьош болу мох‚ ЛутIан доьзал юкъара- боккхуш. Уьш кIелхьарбаьхира Оха сатосуш

:35

Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукр дечунна.

:36

Цо (ЛутIас) кхерам тесира царна Тхан ницкъаца −цара шеко йира кхерам тасарх.

:37

Цуьнгара (ЛутIера) цуьнан хьеший схьабаха хьевсира уьш−Оха бIаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: "ХIинца Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а".

:38

Схьалецира уьш Iуьйрана чIагIделлачу Iазапо.

:39

"Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а".

:40

Оха атта дира Къуръан дагалаца‚ вуй цхьа а дагалоцург?

:41

ФирIавнан охIлана тIе а баьхкира кхерамчаш.

:42

Цара харцдира Тхан аяташ дерриге а −Оха схьалецира уьш Веза волчун‚ ницкъ Болчун схьалацарца.

:43

Шун цатешарш дика бу царал /хIай къурайшаш/ я шу цIена хиларан бакъо ю Зубурийчохь?

:44

Я цара (Абу ДжахIла и санначара) олу: "Вай дерриг /цхьана хилча/, тоьлур ду /Мухьаммадал/"‚

:45

Берриг /уьш/ эшор бу −бовдур бу уьш.

:46

ХIаъ‚ сахьт (къематде) ду царна тоьхна хан. И сахьт вуно ирча а ду‚ вуно къаьхьа а ду.

:47

Баккъалла а, къинош динарш /дуьненахь/ хьере а‚ /эхартахь/ жоьжахатин цIергахь бегар болуш ма бу.

:48

Оцу дийнахь уьш такхор ма бу шайн яххьий тIехь цIерга. /Эр ду/: "Iовша шайна сакъараххьакхадалар!"

:49

Оха массо а хIума кхоьллина шен барамехь.

:50

Тхан омра-м цхьа /дош/ бен дац, бIаьрнегIар тохар санна.

:51

Оха хIаллакйира шух тера тобанаш −вуй цхьа а дагалоцург?

:52

Массо а цара дина долу хIума Зубурий чохь ду.

:53

Массо а жиманиг‚ массо а доккханиг дIаязделла ду.

:54

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш бошмашна чохь а‚ хишкахь а хир бу,

:55

Бакъдергдолчахь‚ Ницкъ болчу Паччахьан (Делан) гергахь /хир бу уьш/.