Дерриге а Исламан библиотека

53 - The Star - An-Najm .

:1

Седах /дуй боу Ас/, иза /лакхара/ охьабужуш:

:2

Некъах д1а ца тили шун накъост (Мухьаммад пайхамар)‚ гала а ца вели.

:3

Цо ца дуьйцу шегара /шена дезарг/-

:4

Иза деккъа вехьий ду, цуьнга дIахоуьйтуш долу /Дала/.

:5

Иза (Мухьаммад пайхамар) Iамийна ша ницкъаца чIогIа долчо.

:6

Шегахь ницкъ болчо. Иза (Джабраил малик) нийсса дIахIоьттира.

:7

Ша лекхачу анахьдолуш.

:8

ТIаккха иза гергахилира /Мухьаммад пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тIех гергадера, /элчане вехьий дахьаш/.

:9

Иза хилира /гергахь/ шина Iадан барамехь‚ я кхин герга.

:10

Иштта вехьи дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг.

:11

Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг.

:12

Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гинчуьнца?

:13

Цунна (Мухьаммад пайхамарна) иза гира кхин а охьадоссарехь(кхин цкъа дуссуш).

:14

Чакхенан /дозанан/ лотос диттана гергахь.

:15

Цунна гергахь ю /ялсаманин/ чугIойлан беш.

:16

/Мухьаммад пайхамарна гира и дитт ша тамаше/ х1умнашахьулдечу хенахь.

:17

ДIа ца тилина /пайхамаран/ бIаьрса‚ дозанах ца даьлла.

:18

Цунна гира шен Кхиош-кхобучун даккхийчу аятех /аяташ/.

:19

Аш дийцал суна Ал-латах а‚ Ал-Iуззах а,

:20

Кхин кхозлагIа Манатаха. /Буй церан Делан санна ницкъ?/

:21

Ткъа шуна божабераш ду‚ Цунна зудабераш ду?

:22

Иза декъаза дāкъа ма ду.

:23

Уьш еккъа цIерш ю аша а‚ шун дайша а техкина йолу. Дала цхьа а бакъо ца йоссина /царах лаьцна/. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа шайн мотталуш долчунна а‚ /шайн/ дегнашна дезачунна а. Цаьрга ма беана шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийса некъ.

:24

Я адамна шена дезарг ду?

:25

Делан ю тIаьхьарниг (эхарт) а, хьалхарниг (дуьне) а.

:26

Маса малик ду стигланашкахь, шайн шапаIаташа хIумма а кIелхьардохур доцуш, Дала Шена луучунна пурба делча а бен‚ И реза хилча а бен!!

:27

Баккъалла а, эхартах цатешачара йоккху маликех зударийн цIе.

:28

Цуьнца цхьа а Iилма ма дац церан. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа моттарна. Ткъа моттаро хIумма а хьалхадоккхур ма дац бакъдолчух.

:29

Хьо дIаверза Тхан хьехамах юхавеллачух‚ дуьненан дахар бен шена ца дезаш волчух.

:30

Иза ю церан Iилманах кхиаран дарж. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург (хьан Дела) −Иза ву дика хууш Шен некъах тилавелларг а, Иза ву дика хууш ша нисвелларг а.

:31

Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг Цо бекхам бархьама вон хиллачарна цара динчуьнца‚ Цо бекхам бан дика хиллачарна уггар дикачуьнца.

:32

Ишттанаш бу уьш, шаьш генабовлуш къинойх даккхичарах а‚ боьхучух а, кегийнаш бен /ца долуьйтуш шайгара/. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург Шегахь шортта гечдар долуш ву-кх. Иза дика хууш ву шух дерг шу Ша лаьттах кхуллучу хенахь а‚ шу шайн нанойн кийрахь хIу долчу хенахь а. Шаьш цIан ма де −Цунна дика вевзаш ву /Делах/ кхоьруш верг!

:33

Дийцал /хIай Мухьаммад/ цу /иманах/ юхаваьллачух.

:34

КIеззиг /сагIа/ делларг‚ тIаккха дIакъевлинарг /сагIа ца луш/?

:35

Ткъа цуьнгахь ду-те къайленан Iилма, цунна ган гуш?

:36

Я цуьнга ца дийцина-те Мусан жайнашкахь дерг?

:37

ИбрахIиман а /жайнашкахь дерг/‚ ша кхочушдина хилла волчу /шена Дала тIедихкинарш/

:38

/Цуьнга ца дийцина-те/: хьур бац хьочо кхечун мохь‚ аьлла‚

:39

Дац адамна ша къахьегнарг бен‚ аьлла‚

:40

Цуьнан къахьегар тIаьхьа гур ду‚ аьлла‚

:41

ТIаьхьа хир бу цунна сов нийса болу бекхам‚ аьлла‚

:42

Хьо Кхиош-кхобучуьнга ю /хьан/ чакхе‚ аьлла‚

:43

Баккъалла а, Иза ву воьлуьйтург а‚ /Иза ву/ воьлхуьйтург‚ аьлла.

:44

Баккъалла а, Иза ву волуьйтург а‚ /Иза ву/ денвийриг‚ аьлла‚

:45

Баккъалла а, Цо кхоьллина шишша −боьрша а‚ сте а‚ аьлла.

:46

/Цхьана/ тIадамах, иза кхоссабелча /ненан кийрахь долчу беран цIа чу/‚ аьлла.

:47

Цунна тIехь кхин цхьа кхоллар (белларш денбар) ду‚ аьлла.

:48

Баккъалла а, Иза ву‚ аьлла‚ хьал делларг а‚ /шега/ тардайтинарг а /рицкъ/.

:49

Баккъалла а, Иза ву СириусцIе йолу седа Кхобург (цуьнан Дела а)‚ аьлла.

:50

Баккъалла а, Иза ву аьлла Ша хIаллакбинарг хьалхалера Iадаш.

:51

Самудаш а‚ /цхьа а/ буха ца витира /царах/‚

:52

Нухьан къам а‚ хьалха. Баккъалла а, уьш хилира вуно зуламе а‚ вуно дозанех бевлла а.

:53

Муътафиката хьалаяьккхина охьатуьйхира Цо.

:54

ДIахьулйира Цо уьш‚ Ша дIахьулйинарг.

:55

Хьан Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматаца къуьйсу ахь‚ /хIай адам/?

:56

ХIара (Мухьаммад пайхамар) кхерамча ву хьалхалерчу кхерамчех волуш.

:57

ТIекхечи цIеххьана тIекхочург (къематде).

:58

Ма вац цунна Дела воцург дIадоьллуш верг.

:59

Ткъа цу хабарх а цецдовлу шу?

:60

Доьлу шу? Ца доьлху шу?

:61

Ма тIаламза ду шу (шайн хан эрна йойуш)!

:62

Аш Далла сужд де‚ /Цунна/ Iибадат а де!