Дерриге а Исламан библиотека

52 - The Mount - Aţ-Ţūr .

:1

Ламанах/дуй боу Ас/.

:2

МогIанашца яздинчу жайнаха /дуй боу Ас/,

:3

Ша даржийначу аннийтIехь /яздина/ хилла долчу,

:4

Шена зиярат дечу цIийнаха /дуй боу Ас/,

:5

Айбина хилла болчу тховах (стигалах) а /дуй боу Ас/,

:6

/Къематдийнахь цIарах/ буьззина хир болчу хIордах а:

:7

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобучун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду).

:8

Ма дац цунна ша духатухург.

:9

/Оцу къемат/дийнахь стигал дIатохалур ю тохаяларца,

:10

Лаьмнаш а дIадолалур ду дIадоладаларца,

:11

Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харцдечарна,

:12

Шаьш харцончохь ловзуш болчу.

:13

Оцу дийнахь уьш кхойкхур бу жоьжахатин цIарга кхайкхарца.

:14

/Эр ду цаьрга/: "ХIара ю и цIе‚ шу ша харцъеш хилла йолу.

:15

Бозбуунчалла ду хIара я шу ца гуш ду?

:16

Дāга цу чохь‚ собар де я ма де − цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу аш еш хиллачу Iамалшца".

:17

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш − /ялсаманин/ бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а хир бу

:18

Зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-кхобучо шайна деллачуьнца. Шаьш Кхиош-кхобучо жоьжахатин Iазапах ларбина уьш.

:19

/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ г1оза мала шайна шаьш еш хиллачу Iамалш бахьанехь".

:20

Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганий тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха бāлор бу царна хьурал Iинаш.

:21

Шаьш ийман диллина хилла берш‚ шайн зуьррет а ийманца шайна тIаьхьахIиттина хилларш − царна тIекхиор ду Оха церан зуьррет а. Церан Iамалех хIумма а эшор а яц Оха. Массо а стаг а ша /дуьненахь/ карадинчуьнца закъалт ву.

:22

Оха /хан мел ели/ латтор бу царна стоьмаш а‚ жижиг а царна дезаш хиллачух.

:23

Цара вовшашка кхийдор бу чагIаран кад‚ шеца /и молуш/ даьсса къамелаш доцуш‚ къа а доцуш болу.

:24

Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу кIентий-ялхой‚ шаьш Iалашдеш долу луълуъ санна болу.

:25

Царах цхьаберш вукхарна тIебоьрзур бу, хоьттуш.

:26

Цара эр ду: "Баккъалла а, тхо ма дара хьалха тхан доьзалах кхоьруш (уьш хIаллакхиларна).

:27

Дала къинхетам бина тхох. Цо кIелхьардаьхна тхо самýманIазапах.

:28

Баккъалла а, тхо дара хьалха /дуьненахь/ Цуьнга доIанаш деш. Баккъалла а, Иза ву диканиг а‚ кхинхетаме верг а".

:29

/Керстанашна/ кхерам тасарна тIехь дāим латта! Хьан Делан ниIматаца хьо вац бозбуунча а‚ жинийх верг а.

:30

Я цара олу: "Илланча ву. Хьовсар вай − замано дIалистар ву иза".

:31

Ахь āла: "Хьовса шу. Со а шуьца цхьана хьовсачарах ву".

:32

Я церан набаран гIенаша хьоьхуш ду-те и царна‚ я иза дозанах даьлла къам ду-те?

:33

Я цара олу: "Цо кхоьллина иза?" ХIаъ‚ уьш ца теша-кх.

:34

Цунах тера дийцар дахьийла цара, шаьш бакълуьйш белахь!

:35

Я уьш хIумма йоцчу хIуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш?

:36

Я цара кхоьллина стигланаш а‚ латта а? ХIаъ‚ баккъалла а, ч1ог1а тешаш бац уьш.

:37

Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш?

:38

Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Iарш тIе бовлуш/, ладугIуш цу чохь /дуьйцучуьнга/? Схьадалойла церан ладугIучо билгала делил!

:39

Я Цуьнан мехкарий бу‚ шуна кIентий бу?

:40

Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?

:41

Я цаьргахь къайле ю‚ цара дIаяздеш?

:42

Я мекарло езаш бу уьш? Ца тешаш хилларш − царна йина мекарло!

:43

Я церан АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) воцург кхин дела ву? ЦIена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх!

:44

Царна стиглара охьайогIуш кийсакаш гичи а‚ цара эр ма дара: "ТIеттIа йолу марха ю".

:45

Бита уьш‚ шегахь ткъес йолу шайн денна дуьхьалкхетталц.

:46

Оцу дийнахь церан мекарлос цхьанна хIуманах кIелхьарбохур бац уьш‚ царна гIо хир дац!

:47

Баккъалла а, зулам диначарна цул совнаха Iазап хир ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.

:48

Хьан Делан хьукамна собаре хила. Хьо Тхан бIаьргий хьалхахь ву (Оха ларвеш ву хьо). Ахь хьан Далла хастам беш тасбахь де, хьуо хьалагIеттича.

:49

Буса а тасбахь де Цунна‚ седарчий дIатилаш а /де тасбахь/.