Дерриге а Исламан библиотека
1

Даржош долчех/дуй боу Ас/ даржорах тера.

2

Мохь д1асалелош долчарах/дуй боу Ас/.

3

Лелаш долчарах атта /дуй боу Ас/.

4

ГIуллакх доькъуш долчараха /дуй боу Ас/ :

5

Шуна еш йолу ваIда бакъерг ма ю.

6

Бекхам д1ахIуттур болуш ма бу.

7

Стиглах /дуй боу Ас/, шена /седарчий дIасалела/ некъаш долчу.

8

Баккъалла а, шу тайп-тайпачу дашехьма ду.

9

Iехо цунахша Iехвелларг /шайтIано Iехийнарг/

10

Байина /неIалт аьлла/ харцлуьйш берш.

11

Шаьш жехIаллина чохь гIовпал хилларш.

12

Цара хоьтту: "Маца хир ду бекхаман де?"

13

Оцу дийнахь уьш цIарна тIехь питанелуьйцур ма бу. /Жоьжахате лохкур ма бу/.

14

"Iовша шайн питана− /олуш/. − ХIара ду и ша аш сихдеш хилларг". (Жоьжахатин Iазап).

15

Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу

16

Оьцуш шаьш Кхиош-кхобучо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш.

17

Уьш хилира кIеззиг бен доцуш буса шаьш наб яр.

18

ТIаьххьа буса шайна /Деле/ гечдар доьхуш.

19

Шайн даьхнина (хьола) чохь хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицкъах/ хадийна волчуннаа.

20

Лаьттахь а делилш ма ду /ч1ог1а Делах/ тешачарна.

21

Шу шаьшкахь а /делилш ду/‚ шуна ца го?

22

Стиглахь ду шун рицкъ а (догIа‚ шеца дерриг хIума кхуьу), шуна хир ду аьлларг а. (Аш йинчу Iамалашна дуьхьал бекхам).

23

Стигал а‚ латта а Кхиош-кхобучух /дуй боу Ас/ иза бакъ ма ду, шу хабар дуьйцуш хилар санна.

24

Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахIиман сийлахь хьешех лаьцна?

25

Ойла е! Уьшчоьхьа бевлира и волчу‚ цара элира: "Салам!" Цо элира: "Салам", /шега элира цо/: "Ца бевза нах /бу-кх/".

26

Иза (ИбрахIим) вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/.

27

Цо иза (эса дина‚ цуьнан кхарзийна я кхахкийна жижиг) царна гергаозийра‚ элира: "Аш ца доу?"

28

Иза царах кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера!" Цара цунна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кIант /Исхьакъ/ хир ву аьлла.

29

Дуьхьалйеара цуьнан зуда, чIогIа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тIара деттара‚ ōлура: "Бер ца хуьлу къена зуда юй ша-м!"

30

Цара элира: "Иштта аьлла хьо Кхиош-кхобучо. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а ву‚ хууш верг а ву".

31

Цо (ИбрахIима) элира: "Шун хIун гIуллакх ду‚ хIай даийтинарш?"

32

Цара элира: "Тхо даийтина къинош дечу къомана тIе.

33

Царна даийта топпарантIулгаш

34

Хьо Кхиош-кхобуш волчунна (Далла) гергахь тIаламза болчарна билгалдина хилла долу".

35

Оха арабаьхира цу чохьхилла болу муъмин нах.

36

Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтIахь болчарах цхьа цIа бен.

37

Оха дитира цу чохь делиллазош долчу Iазапах кхоьруш болчарна.

38

Мусагахь а /делил дитира Оха/, Оха вахийтича иза ФирIавна тIе билгалчу бакъонца.

39

Иза (ФирIавн) юхарвелира шен бIоца /Мусан дин тIе ца лоцуш/‚ элира: "Бозбуунча ву‚ я жинех ву".

40

Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хIорда чу‚ иза (ФирIавн) шен бехк баккха хьакъ долуш ву /ша элчане ийман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/.

41

Iадашкахь а /делил ду шуна/ Оха бахийтира царна шайн тIаьхье хадош болу мох. (Шеца догIа доцу, беркат доцу мох).

42

Ца юьтуш ша тIе кхаьчна йолу хIума яхка елла хIума йой бен.

43

Самудашкахь а /ду делилш/. Цаьрга элира: "/Дуьненца зовкх хьоьгуш/ дāха /шаьш х1аллакдаран/ хан тIекхаччалц".

44

Шаьш Кхиош-кхобучун гIуллакхах дIабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохьо, шаьш хьоьжуш лаьтташ.

45

Царна ца мегира гIовта а‚ шайна гIо деш а ца хилира уьш.

46

Нухьан къомах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песакъ къам.

47

Стигал Оха юьгIийра куьйгашца (ницкъаца). Баккъалла а, Тхо ницкъ кхочуш ду.

48

Латта даржира Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду.

49

Массо а хIуманах Оха кхоьллира шиш‚ аш ойла ер яцара-те.

50

/Элира Нухьас/: "Д1адовда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву.

51

Ма хилийта Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву".

52

Иштта ца веана царал хьалха хиллачаьрга а цхьā а элча‚ цара олуш бен: "Бозбуунча ву, я жинех ву".

53

Цара вовшашна цуьнца весет дора-те? ХIаъ. Уьш дозанех даьлла къам ду-кх.

54

Юхавала царах (д1атаса уьш)‚ хьуна бехк буьллур бац.

55

Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъмин нахана.

56

Ас ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадатдан бен.

57

Суна ца деза цаьргара цхьа а рицкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар.

58

Баккъалла а, Дела ву тIеттIа рицкъ луш верг а‚ ницкъ берг‚ чIогIа верг а.

59

Баккъалла а, зулам диначарна /Iазапах/ дāкъа ду, шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн декъах терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссон/.

60

Бāла бу цатешначарна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера.