Дерриге а Исламан библиотека

50 - The Letter "Qaf" - Qāf .

:1

Къāф. Сийлахь долчу Къуръанора /хьо Делан элча ма ву/.

:2

ХIаъ‚ ма цецбевли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варах‚ керстанаша элира: "ХIара тамаше хIума ду:

:3

Вай делча‚ вайх топпархилча‚ /вай дендийр ду бохург/ − иза дукха генара духадерзар ду".

:4

Тхуна хиира мел лаьтто царах дIахьош бу− Тхоьгахь Iалашдеш долу жайнама ду.

:5

Цара харцдира бакъдерг (Къуръан) иза шайга деъначул тIаьхьа‚ тIаккха уьш дукха кегаделлачу гIуллакхехь бу-кх.

:6

Уьш ца хьовсу шайна тIехула /лаьттачу/ стигале‚ муха хIоттийна Оха иза /цхьа а бIогIам а боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Iуьрг а ма дац.

:7

Латта а даржина Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо а хазчу шиннах/ораматаш/.

:8

Гар а‚ хьехам а хилла /хилийтина Оха уьш/ массо а /Тхуна тōбанца/ т1евоьрзачу лена.

:9

Оха доссийра стиглара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтан буьртиг а.

:10

Деха (лекха) хурманан дитташ‚ шайн тIеттIа (мог1аршца) стоьм а болуш.

:11

/Делан/ лешна рицкъ а хилла. Цуьнца (догIица) Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешний чуьра/ арадовлар а.

:12

Харцдира /бакъдолу дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Рассандайша а‚ Самудашаа‚

:13

Iадашаа‚ ФирIавно а‚ ЛутIан вежарша а‚

:14

Айкатандайша а‚ ТуббаIанкъомо а /Цара/ массара а харцбира элчанаш − бакъ хилира Сан / царна кхерам тасарца / йина ва1да.

:15

Ницкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигланаш а‚ латта а/? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу керлачу кхолларах (денбарх).

:16

Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цунна /шен/ лаган пхал а.

:17

ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/, аьтту агIорахь а, аьрру агIорахь а, /шаьш/ хевжина долуш.

:18

Цхьа а дош олуш ма дац цо шена гергахь кийча волу тергал деш верг волуш бен (дIаяздеш малик).

:19

Валаран вахордеара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш (кхоьруш) верг.

:20

Сур лекхира − иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дийр ду аьлла/ ваIда йина де.

:21

Деара массо а са шеца дIалоллург а‚ теш а волуш (шеца маликаш а долуш).

:22

Хьо хиллера хьокхунах гIовпал волуш /тидаме ца оьцуш/ − Оха айдира хьан /бIаьргий/ тIера кирхьа − тахана хьан бIаьрса ира хилира.

:23

Элира цуьнан накъосто (цунна тIе хIоттинчу малико): "ХIара ду соьгахь /хьуна/ кечдинарг" − /жоьжахатин Iазап/.

:24

/Омра хир ду/: "Аш шиммо (тIехIоьттинчу маликаша) кхосса жоьжахати чу массо а нуьцкъала /дуьхьал/ волу керста.

:25

Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/ шеко йойтуш хилла волу.

:26

Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аш шиммо (омра шина малике ду) кхосса иза чIогIачу Iазапа чу".

:27

Цуьнан накъостоэлира: "Тхан Кхиош-кхобург! Ас ца тилина иза‚ тек иза ша хили-кх генарчу тилар чохь".

:28

Элира /Дала/: "Аш ма къийса Суна гергахь. Ас хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна Сан кхерам.

:29

Дош хийцор дац Суна гергахь. Со вац зуламаш дийр долуш Сан лешна".

:30

Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: "Хьо юьзний?" Цо эр: "Кхин сов буй?" /чубахка/.

:31

Гергаялира ялсамани /Делах/ кхоьручарна гена йоцуш.

:32

ХIара ду шуна хир ду аьлларг- х1ор /тōба дарца/ Далла тIе воьрзучунна‚ /дин/ Iалашдечунна.

:33

Къинхетаме волчух кхоьруш хиллачунна, Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тIе/ доьрзучу дагца веана волчу.

:34

ЧугIо цунна машарца! ХIара ду гуттаренан де.

:35

Царна шайна мел дезарг ду цу чохь. Тхоьгахь тIетоха а ду.

:36

Мел /дукха/ хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ уьш царал вуно а чIогIа а йолуш ницкъаца. Уьш дIасхьаийдира махкахула‚ юй техьа /валарх/ кIелхьарбовла меттиг?

:37

Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шен дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна /ладогIа/, ша теш а волуш.

:38

Оха кхоьллира стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚ Тхох ца хьакхаделира цхьа а кIаддалар.

:39

Ахь собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ тасбахь де хьуо Кхиош-кхобург хасторца малх схьакхетале а‚ дIабузале а.

:40

Буьйсанах а − тасбахь де Цунна‚ сужданийн (ламазийн) тIаьхьа а.

:41

ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучун (Исрафил маликан) кхайкхаре (сур лакхаре стигална) герга йолчу меттера (Байтул макъдисера).

:42

Оцу дийнахь царна хозур бу мохь (Исрафил малико шолгIа зурна локхуш юха денбар) бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/.

:43

Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а.

:44

Оцу дийнахь латта дедар ду царах, /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза гулдар Тхуна атта ду.

:45

Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницкъ бийриг. Хьехам бе Къуръанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна.