ХIай ийман диллинарш! Хьалха ма гIерта Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ Делах кхера! Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.
ХIай ийман диллинарш! Шайн аьзнаш ай ма де пайхамаран аьзнал сов‚ чIогIа а ма āла цуьнга дош, шун цхьаболчара вовшашка чIогIа āларх тера шун Iамалш ца яйа, шуна хаа ца луш.
Баккъалла а, шайн аьзнаш гIелдеш берш Делан элча волчохь − уьш бу Дала шайн дегнаш /Делах/ кхерарна т1ехь зийна берш. Царна гечдар а ду‚ сийлахь- йоккха ял а ю.
Баккъалла а, и хьоьга кхойкхуш берш цIенойн чоьний дехьахьара − царах дукхахберш ца кхеташ бу.
Цара собар дахьара хьо шайна тIе араваллалц, царна дика хир ма дара. Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ХIай ийман диллинарш! Шуьга цхьа песакъ стаг веъча цхьа хабар дахьаш‚ аш билгалдаккхалаш /цо деънарг/ аш ца хууш цхьана нахана зен ца дан − тIаккха шу шаьш динчунна тIехь дохкодевлла хир ду.
Шуна хаалаш шуна юккъехь Делан элча вуйла. Дукха долчу гIуллакхашкахь и шуьга ладуг1уш велхьара − шуна шайна хала хир дара. Делахь а‚ Дала дезийтина шуна ийман‚ Цо хаздина и шун дегнашкахь‚ ца дезийтина шуна керстаналла а‚ песакхалла а‚ Iесалла а. Изаш − уьш бу нийса леларш.
Делера къинхетамца а, ниIматаца а. И Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.
Муъмин нахах ши тоба летача‚ царна юккъехь маслахьат де. Цу шиннах цхьаъ вукханах летачах ца сацахь − тIом бе /аш массара а/ оцу летачуьнца и Делан омрана (ШарIана) тIеялц. Иза тIеягIахь /Делан омрана/‚ − маслахьат де цу шиннан юккъехь нийсонца. Аш нийсо ēлаш. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш.
Баккъалла а, муъмин нах − вежарий бу. Маслахьат де шайн шина /довдечу/ вешина юккъехь. Делах кхера‚ шух къинхетам бан мегара.
ХIай ийман диллинарш! Цхьа нах кхечу нахах ца бēшаш ма хуьлийла‚ уьш царал дика хила а мега‚ зударий а ма хуьлийла кхечу зударех ца бēшаш‚ уьш царал дика хила а мега‚ вовшийн кхачамбацарш ма лēхалаш‚ вовшашна /ца еза/ цIерш а ма техкалаш. Вон цIе ю песакхалла ийманал тIаьхьа. /Цул тIаьхьа/ тōба ца динарш − уьш зуламхой бу.
ХIай ийман диллинарш! Генадовла дукхадолчу мотталучу (дагадогIучу) хIуманех. Цхьа долу мотталу хIуманашкъа ду. Вовшашна ма теIалаш /къайлаха хIума хаа гIерташ/‚ шух цхьаберш вукхарех тIехьашха ма лēлаш‚ шух цхьанна а дезий шен вешин жижиг даа, и велча? − шуна иза ца дийзи. Делах кхералаш. Баккъалла а, Дела тōба дукха къобал дийриг а ву‚ /дукха/ къинхетаме верг а ву /дохковаьлла Шега тōба динчунна/.
ХIай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах а‚ зудчух а‚ хилийтина шух халкъаш а‚ тайпанаш а шу вовшашна довзийта. Баккъалла а, шух Далла гергахь уггар сийлахь верг − шух уггар /Делах/ кхоьруш верг ву-кх. Баккъалла а, Дела /шу/ девзаш ву‚ сов дика хууш ву.
Кхелхаш лелачу Iаьрбашаэлира: "Иймандиллина Оха". Ахь āла: "Ийман ца диллина аш‚ делахь а, аш āлалаш: "МуьтIахь хили тхо". ХIинца а ийман ца дахна шун дегнашка. Шу Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хилахь − шун Iамалех хIумма эшор ма яц Цо. Баккъалла а, Дела тIеттIа гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву.
Баккъалла а, муъмин нах бу шаьш ийман диллинарш Деле а‚ Цуьнан элчане а‚ тIаккха шеко ца еш‚ шайн бахамца а‚ шайн синошца а Делан новкъахь къахьегнарш. Уьш бу бакълуьйш берш.
Ахь āла: "Аш Iамадо Далла шайн дин? Дела хууш ма ву стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Дела массо а хIума хууш верг ма ву".
Хьуна баккхийбоь бу уьш шаьш бусалба хиларна. Ахь āла: "Суна даккхий ма доь шаьш бусалба дин т1елацарна". ХIаъ‚ Дела къинхетам беш ву шух − шу нисдина ийманна тIе‚ шу бакълуьйш хиллехь.
Баккъалла а, Далла хаьа стигланийн а‚ лаьттан а хьуламехь дерг. Дела гуш дерг ма ву аш дийриг.