Баккъалла а, Оха белира хьуна билгала болу толам.
Гечдархьама хьуна Дала хьан хьалхайахана ледарлонашна‚ тIаьхьахилларг а‚ кхочушдархьама Шен ниIмат хьуна тIехь‚ нисвархьама хьо нийсачу новкъа‚
Цо хьуна деза гIо дархьама а.
Иза ву муъмин нехан дегнашка синпаргIато йоссийнарг уьш совбалийтархьама шайн иймана тIе а ийманца. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела хууш верг‚ хьукам /нийса/ деш верг а.
/И хьукам до Дала/ Ша чубахийтан муъмин божарий а‚ муъмин зударий а /церан Далла деш долу 1ибадат а, Делан новкъахь шайн синошца а, шайн бахамца а къахьегар бахьанехь/ шайн бухахула хиш а оьхуш долчу бошмашна‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ‚ д1аэцан церан вонаш. Иза хилира Далла гергахь сийлахь-боккха толам.
Iазап дан шаьш Делах боьха ойланаш еш болчу (хьуна керстаний тIехь толам хир бац‚ бохуш) мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ Делаца накъостий луьйцачу божаршна а‚ Делаца накъостий луьйцачу зударшна а. Царна боьхачун го бу. ОьгIазвахана царна Дела‚ неIалт аьлла царна‚ Цо кечйина царна жоьжахати. Вон хили-кх /церан/ дIадоьрзийла.
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.
Баккъалла а, Оха вахийтина хьо /х1ай Мухьаммад/ теш хилла /къематдийнахь нахана т1ехь/‚ къаанча хилла /муъмин нахана ялсаманица/‚ кхерамча хилла /цатешачарна 1азапаца/.
Шу тешийта Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ аш цунна (элчанна) гIо дан а‚ аш иза ларан а‚ аш Цунна (Далла) тасбахь дан Iуьйранца а‚ суьйренца а.
Баккъалла а, шаьш хьоьца дуй боуш чIагIо йинарш − Делаца дуй боуш чIагIо йинарш бу. Делан куьг церан куьйгий тIехь ду. И /ч1аг1о/ йохийнарг − Цо йохош ю шена‚ кхочуш йинарг Делаца шен хилла ваIда − Цо цунна лур ю сийлахь-йоккха ял.
Хьоьга эр ду кхелхаш лелачу Iаьрбех бухабисинчара: "Тхо совцина тхан бахамо а‚ тхан доьзало а‚ гечдар дехахь тхуна". Цара олу маттаца дагахь доцург. Ахь āла: "Хьан доладийр дара шуна Далла дуьхьал цхьанна а хIуманца‚ Цуна шуна цхьа зен лиъча я шуна цхьа пайда лиъча? ХIаъ‚ хили Дела аш дийриг сов дика хууш.
ХIаъ! Шу моьттуш дара элча а‚ муъмин нах а шайн доьзална тIе цкъа а боьрзур бац аьлла. Иза хаздина шун дегнашкахь. Шуна моьттура вон хIума. Вон къам хили-кх шу".
Делах а‚ Цуьнан элчанах а цатешнарг − баккъалла а, Оха кечйина керстанашна жоьжахати.
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Гечдо Цо Шена луучунна‚ Iазап а до Цо Шена луучунна. Хили Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а.
Эр ду бухабуьсучара шу хIонсана тIе доьрзучу хенахь и эца: "Тхо а диташ шайна тIаьхьах1итта". Уьш лууш бу шаьш хийцадан Делан дош. Ахь āла: "Цкъа а тхуна тIаьхьахIуьттур дац шу. Ишта аьлла Дала хьалха". ТIаккха цара эр ду: "ХIаъ‚ тхуна хьагI еш ду-кх шу". ХIаъ‚ уьш хилира ца кхеташ кIеззиг /х1уманах/ бен.
Цу кхелхаш лелачу Iаьрбех бухабуьсучаьрга ахь āла: "ТIаьхьа шу кхойкхур ду чIогIа ницкъ болчу къоме (цуьнца тIом бан)‚ царца аш тIом бийр бу‚ я уьш /шайн лаамехь Далла/ муьт1ахьхир бу. Шу муьтIахь хилахь /Делан омрана/, Дала хаза ял лур ю шуна. Шу дIадерзахь шаьш хьалха дIа ма дирзи‚ Цо лазош долчу Iазапаца Iазап дийр ду шуна".
БIаьрса доцучунна къа дац‚ астагIа волчунна а къа дац‚ цомгуш волчунна а къа дац /гIазоте ца бахча/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг − Цо вохуьйтур ву иза бошмашка‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ дIавирзинарг /Делан динах/ − Цо Iазап дийр ду цунна лазош долчу Iазапаца.
Реза хили Дела муъмин нахана, цара шаьш хьуна тешаме хир ду‚ аьлла дош луш дитта кIел‚ Цунна хиира церан дегнашкахь дерг. ТIаккха Цо йоссийра синпархато царна‚ Цо совгIат делира царна герга хир болчу толамца а,
Дуккха хIонсашца а‚ цара шаьш оьцур йолу. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.
Дала ваIда йира шуна дуккха хIонсаш − аш уьш оьцур ю. Цо сихдира шуна хIара /хIонс/‚ айдира нехан куьйгашшуна тIера‚ муъмин нахана билгало хилийтан /царна гIо хилан/‚ Цо шу нисдан нийсачу новкъа.
Кхин /хIонсаш а хир ю шун/ шуна шена тIехь ницкъ кхочур боцу, Дала го бина царна (Далла хаьа уьш шун хир юйла). Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш.
Шуьца тIом бича цатешначара − цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. (Уьш юха бовлур бу) − тIаккха царна карор вац доладийриг а‚ гIоьнча а.
Делан Iадатду иза‚ хьалха а лелла долу. Хьуна цкъа а карор ма бац Делан Iадатна хийцам.
Иза ву церан куьйгаш айдинарг шуна тIера‚ шун куьйгаш /айдинарг а/ царна тIера Маккан БатIнехьЦо шуна царна тIехь толам беллачул тIаьхьа. Хилира Дела аш дийриг гуш.
Уьш цатешнарш бу‚ шу духатуьйхира цара Дезачу маьждигах‚ гIурбанна дойу бежна кхаьбира сацийна шен меттигедIакхачарах. Муъмин божарий а, муъмин зударий а ца хиллехьара /Маккан охIлах/, шуна шаьш бевзаш боцу /шуна пурба лур дара Макка йоккхуш тIом бан/. ХIинца − аш царна зулам дийр дара‚ /тIаккха/ цаьргара къа хьерчара дара шух, ца хууш. /Иза хилира/ Дала Шен къинхетам чу вахийтархьама Шена луург. Уьш /Маккахь бисна хилла бусалбанаш/ къаьсташ хиллехьара, Оха Iазап дина хир дара царах (Маккан охIлах) цатешначарна лазош долу Iазапца.
Цатешначара хилийтира шайн дегнашкахь нуьцкъала оьгIазло‚ жехIал заманан оьгIазло − тIаккха Дала Шен синпархато йоссийра Шен элчанна тIе а‚ муъмин нахана тIе а‚ /сийдарца/ хаьржира царна /Делах/ кхераран дош. Уьш хилира цунна (Делан къинхетамна) вуно хьакъ цуьнан (Маккин) охIлал. Дела хили массо а хIума хууш верг.
Бакъдира Дала Шен элчанна гIанбакъдолчуьнца: шу данне а гIур ма ду Дезачу Маьждига чу‚ Дала мукъалахь‚ кхерам боцуш‚ шайн кортош дешна‚ /мекхаш‚ кхин чоьш/ лацдина‚ шу кхоьрур дац. Цунна хиира шуна цахуург‚ Цо хилийтира /шуна/ иза доцург гергара толам а.
Иза ву Ша вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а иза толийта массо а динал. Кхачо хилла Делаца теш хилар.
Мухьаммад − Делан элча ву‚ цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовший юккъехь. Хьуна го уьш горауьхуш‚ сужуд деш, шаьш лоьхуш Делера /Цунна Iибадат дарца/ къинхетам а‚ резахилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю − сужуд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Таврата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: цо зазадоккху‚ цара цунна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен гIода тIехь, цецбохуш ялта дуьйш берш‚ царна керстанаш оьгIазбахийта. Дала ваIда йина Ша царах ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю‚ аьлла.