Дерриге а Исламан библиотека

47 - Muhammad - Muĥammad .

:1

Шаьш цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ д1атилийнарш а − Цо дIатилина церан Iамалш (цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартахь церан Iамалаш хьесапе оьцур яц).

:2

Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а − иза церан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду − Цо дIаийцина цаьргара церан къинош‚ тодина церан гIуллакх.

:3

Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуьттуш хиларна харцдолчунна‚ ийман диллинарш тIаьхьахIуьттуш хиларна шайн Кхиош-кхобучуьнгара бакъдолчунна. Иштта дāладо Дала нахана шайн масалш.

:4

Шаьш дуьхьалкхетча цатешначаьрца − логехтоха аш уьш гIелбаллалц‚ чIагIъе буржолаш− тIаьхьа къинхетам беря дуьхьал мах оьцур− тIамо шен мохь охьабиллалц. Иза - Далла лаахьара, Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а, шун цхьаберш вукхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш − Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш.

:5

Цо тIаьхьа нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх.

:6

Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу (хIоранна шена ялсаманехь хир йолу хIусам хууш).

:7

ХIай ийман диллинарш! Аш Далла гIо дахь (Цуьнан дин ч1аг1деш)‚- Цо шуна а гIо дийр ду‚ шун ког а чIагIбийр бу.

:8

Цатешнарш − хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилина церан Iамалш.

:9

Иза ду царна ца дийзина дела Дала охьадоссийнарг (Къуръан) − Цо дIаяйа церан Iамалш.

:10

Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу‚ муха хилла царал хьалхахиллачеран тIаьхье? Дала бохийра уьш. /ХIокху/ керстанашна а цунах тераниг хир ду.

:11

Иза - Дела ийман диллинчеран гIоьнча волу дела ду‚ ткъа керстанаш − церан цхьа а гIоьнча вац.

:12

Баккъалла а, Дала бухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Ткъа цатешнарш /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма доу − /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла.

:13

Маса юрт‚ шаьш хьо шена чуьра араваьккхина хьан юьртал (Маккал) нуьцкъалō йолуш йолу‚ хIаллакйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча!

:14

Ша Кхиош-кхобучуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг шена хазйиначух‚ шайн дезаршна тIаьхьахIиттинчарах?

:15

/Делах/ кхоьручарна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучарна чIогIа чōмехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIенчу мозан татолаш а ду. Царна цу чохь массо а стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобучуьнгара гечдар а ду. Уьш (ялсаманин дай) тера буй гуттар цIергахь болчарах (жоьжахатин дайх), шайна кхахкина хи малош болчу, тIаккха цо церан чуьйраш туьйдуш болчу?

:16

Царах хьоьга ладоьгIурш бу, шаьш хьо волчуьра āра ма бевллинехь, цара олура шайгахь Iилма долчаьрга: "ХIун элира цо (Мухьаммада) хIинца хьалха?" Уьш бу Дала шайн дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьабевларш.

:17

Шаьш нисбелларш а − Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар.

:18

Уьш хьовсур буй сахьте, иза шайна дāрах (т1екхачарах) цIеххьана? Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма деана. Мичара хир бу царна, иза шайна деъча, вовшашна хьехам? (Цо гIо дийр дац царна тIаккха).

:19

Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI (цхьа Дела) бен‚ гечдар дēха хьан ледарлонашна а‚ муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а. Дела хууш ву шун дIасаийдар /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буса/.

:20

Ийман диллинчара олу: "Сурат доьссинехьара". Хьукаме долу сурат доссича‚ цу чохь тIом хьахийча‚ хьуна ги шайн дегнашкахь цамгар ерш хьоьга хьоьжуш, шена вала хорша еанарг санна. Царна вунō тамедара −

:21

МуьтIахь хилар а‚ хаза дош а (там бара цаьргара хьуна хила). ГIуллакх сацаделлачухенахь уьш Деле бакълийча − дика дара-кх царна.

:22

Шу хила мега, шаьш /ийманах/ дIадирзича, боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш хēдош?

:23

Уьш Дала шайна неIалтаьлларш бу‚ тIаккха къора бина Цо уьш /бакъдерг ца хозуш/‚ бIаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/.

:24

Къуръанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь дōгIанаш ду?

:25

Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна (керстаналлина) тIе юхабирзинарш шайна нийса некъ билгалбаьллчул тIаьхьа − шайтIано хаздина царна /шайн боьха гIуллакхаш/‚ цо даг чу кхуьссуш ду царна /Делан некъах д1атилар/.

:26

Иза ду цара аларна Дала доссош дерг (Къуръāн) ца дезаш хиллачаьрга: "Тхо муьтIахь хир ду шуна цхьадолчу гIуллакхашкахь". Далла хууш ма ю церан къайленаш.

:27

Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дIакхалхинчу хенахь‚ цара царна етташ яххьийх а‚ баккхийх а?

:28

Иза ду уьш Дела оьгIазвоккхучунна тIаьхьахIиттарна‚ Иза реза хилар шайна цадезарна − тIаккха Цо дIаяйа церан Iамалш.

:29

Шайн дегнашкахь цамгар йолчарна моьттина-те Дала цкъа а шайн мостагIалла гучуйоккхур яц?

:30

Тхуна лиъча, Оха гайтина хир бара уьш хьуна − тIаккха хьуна бевзина хир бара уьш шайн билгалонашца. Хьуна бовзанне а бовзур бу уьш дешан аьзнашца. Дела хууш ву-кх шун Iамалш.

:31

Оха зенне а зуьйр ду шу Тхуна шух /Делан новкъахь т1амца/ къахьоьгурш а‚ собар дийраш а бовзалц‚ Оха зуьйр ду шун хабарш а.

:32

Баккъалла а, цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ д1атилинарш а‚ шайна нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа элчанца мостагIалла лелинарш а − цара хIумма зен дийр ма дац Далла‚ тIаьхьа Цо дIайойур ю церан Iамалш.

:33

ХIай ийман диллинарш! Далла муьтIахь хила‚ Делан элчанна муьтIахь хила‚ шайн Iамалш ма яйа.

:34

Баккъалла а, цатешнарш‚ Делан некъах /нах/ дIатилинарш‚ тIаккха керста хьолехь белларш − Дала цкъа а гечдийр дац царна.

:35

Шу ледар ма довлалаш‚ машаре /керстанаш/ ма кхайкхалаш‚ шу хьалахь /нуьцкъала/ долуш. Дела шуьца ву шуна‚ Цо эшор яц шуна шун Iамалш.

:36

Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ эрна хан яйара ду. Аш ийман диллахь‚ шу /Делах/ кхерахь − Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхни а /деккъа закат даккхар бен/.

:37

Цо шуьга /дерриг даьхни/ доьхуш делхьара‚ шуна тIевирзина и доьхуш‚ шу бIаьрмециг хир дара. Цо гучудоккхур дара /шун дегнашкахь долу Делан новкъахь харжаш яр/ цадезар (баьрмецигалла).

:38

ХIай шаьш кхойкхуш дерш Делан новкъахь харж ян − шух бIаьрмециг (пис) верг − шена бIаьрмециг (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву‚ шу пекъарш ма ду. Шу юхадовлахь /ийманах/, Цо хийцор ду шу кхечу къомаца‚ тIаккха уьш хир бац шух тера.