Дерриге а Исламан библиотека

46 - The Wind-Curved Sandhills - Al-'Aĥqāf .

:1

Хьа-мūм.

:2

Жайна (Къуръан) охьадоссор ду /хIара/ Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера.

:3

Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а бакъонца бен‚ цIе тоьхначу ханна бен. Керста хилларш шайна тийсинчу /эхартан 1азапан/ кхерамех дIа ма боьрзу.

:4

Ахь āла: "Дийцал суна, Дела а витина, аш /шайга/ кхойкхучарех. ХIун кхоьллина цара латтах‚ я царна накъосталла ду /Делаца цхьана хIума кхолларехь/ стигланашкахь? Схьало соьга жайна хIокхул (Къуръанал) хьалха /доссийна долу/‚ я Iилманах лар, шу бакълуйш хиллехь".

:5

Мила ву вунō тилавелла ша Дела воцучуьнга кхойкхуш волчул, шена жоп цалучуьнга къематде кхаччалц‚ уьш церан кхайкхарх (Iибадатах) гIовпал а болуш? /Вац цхьа а!/

:6

Нах гулбича /къематдийнахь/, уьш хили царна мостагIий‚ церан Iибадатана керста.

:7

Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, керста хиллачара элира бакъдолчух (Къуръанах), и шайга деъначул тIаьхьа: "ХIара билгала долу бозбуунчалла ду".

:8

Я цара олу: "Цо/шегара/ кхоьллина иза?" Ахь āла: "Ас иза /Къуръан/ айса кхоьллинехьара, аш доладийр ма дац суна Делера хIумма а (шуна ницкъ кхочур бацара сох Делан Iазап духатоха, тIаккха шун дуьхьа ас хIунда кхуллу и сайгара)? Иза дика хууш ву-кх аш цунах /Къуръанах/ дуьйцург. Кхачо ю-кх Цуьнца теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Иза гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву".

:9

Ахь āла: "Со хилла вац элчанех дуьххьар ваийтинарг‚ суна ца хаьа сайх хIун дийр ду а‚ шух /хIун дийр ду а/. Со тIаьхьахIутту деккъа сайга вехьеца хаийтинчунна. Со ма вац билгала волу кхерамча бен".

:10

Ахь āла: "Аш дийцал суна /шайн хьолах/ иза /Къуръан/ Делан агIорхьара хилча, аш цунна керстаналла дина‚ ткъа Исраилан кIентех цхьаммотешалла ди и санначунна тIехь. Цо ийман диллира‚ шу курадевлира. Баккъалла а, Дāла нис ма ца до зуламе долу къам".

:11

Цатешначара элира ийман диллнчарех: "/Иза‚ ислам дин/ дика хиллехьара, тхол хьалха цунна тIе кхиар ма бацара уьш". Шаьш цуьнца (Къуръанца) нийсачу новкъа нис ца белча‚ цара эр ду: "ХIара хьалхалера харцдерг ду".

:12

Цул хьалха Мусан жайна/доссийра Оха/ баьчча а‚ къинхетам а хилла. ХIара жайна /ду/, бакъдеш /шел хьалха хилларш/‚ Iаьрбийн маттахь а долуш, кхерам таса зулам диначарна‚ кхаъ хилла дикачарна.

:13

Баккъалла а, шаьш аьлларш: "Вай Кхиош-кхобург Дела ву"‚ тIаккха /Делан новкъахь/ чIагIбелларш − кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан 1азапах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь шайл бухадуьсчух/.

:14

Уьш ялсаманин дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш − бекхам бу /иза/ цара еш хиллачу Iамална /дуьхьал/.

:15

Весет дина Оха адаме шен деца-ненаца дика хилар − нанас /кийрахь/ лелийна иза халонца‚ /дуьнена/ ваьккхина иза халонца. Иза /кийрахь/ лелоран а‚ /вакхорах/ къасторан а хан ткъе итт бутт бу /6-9 бутт кийрахь, йисина хан вакхош/. Ша г1еметтах1оьттича, шовзткъа шере ваьлча, цоэлира: "Везан Дела‚ аьтто белахь суна Хьан ниIматана баркалла ала‚ Ахь суна а‚ сан дена-нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а‚ тоделахь суна сан зуьрретехь /сан г1уллакхаш – нсбелахь уьш а нисчу новкъа/ а. Баккъалла а, ас тōба ди Хьоьга‚ баккъалла а, со /Далла/ муьт1ахьболчарах (бусалбанех) ву-кх".

:16

Уьш (Абу-Бакр а и саннарш а) бу Оха шайгара къобалдеш берш шаьш йинчу Iамалах уггар хазаниг‚ Оха тидаме оьцур дац церан /кегий/ къинош‚ /уьш хир бу/ ялсаманин дайшкахь‚ /Делан/ бакъ хилла ваIда ю иза царна йина хилла йолу.

:17

/Хьажал/ и аьлларгшен дега-нене а: "Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо ваIда йо суна со /веллачул тIаьхьа каш чуьра/ аравоккхур ву‚ олий‚ /дукха/ тIаьхьенаш дIа ма яхна сол хьалха /царах цхьа а ца ваьлла каш чуьра ара/. Цу шиммогIо доьхуш Деле: "Ма вāла декъаза‚ ийман дилла. Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю". Цоолу: "ХIорш-м хьалхалерчийн туьйранаш бен дацара".

:18

Уьш бу шайна тIехь хьалха даханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дошбакъхилларш. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш.

:19

ХIоранна ша йинчу Iамалан дарж ю. Цо бекхам бийр бу царна цара йинчу Iамалашка /хьаьжна/‚ царна зулам дийр дац.

:20

Оцу /къемат/дийнахь цатешнарш хьалхатоттур бу жоьжахатина‚ /цаьрга эр ду маликаша/: "ДIадахийтина аш шайн диканаш (ни1маташ) шайн дуьненан дахарехь‚ цуьнца /дуьненца/ зовкх а хьегна аш. Тахана шуна бекхам бо сийсазаллин Iазапаца аш куралла ярна лаьттахь, цхьа а бакъо йоцуш‚ шу песакъ хиларна".

:21

Хьахаве Iадийн ваша‚ цо кхерам тесира шен къомана Ахькъафехь‚ кхерам тосурш /элчанаш/ цул хьалха а хилира‚ тIаьхьа а хилира: "Аш Iибадат ма делаш Далла бен‚ баккъалла а, со кхоьру шуна сийлахь-доккхачу дийнан Iазапах"‚ аьлла.

:22

Цара элира: "Хьо веана тхуна тхо дIахьавзадан тхан делийх. Схьадаладе айхьа тхуна хир ду бохург, хьуо бакълуьйчарах хиллехь".

:23

Цо элира: "Баккъалла а, Iилма Далла гергахь ду‚ ас шуьга дIакхачадо со шеца ваийтинарг /и Iазап хIун ду/‚ хIетте а суна шу хета жехIал къам".

:24

Шайна гича иза марха шайн тогIина тIе йогIуш‚ цара элира: "ХIара марха вайна догIа дахьаш ю-кх". "ХIан-хIа! Иза аш ша сихдинарг (Iазап) ду − мох бу шена чохь лазош долу Iазап долу"‚ /элира кхечара/.

:25

"Цо дохор ду массо а хIума шен Делан омраца"‚ /элира цхьаболчара/‚ уьш Iуьйранга бевлира церан гIишлош бен гуш хIума а доцуш (Дала хIаллакбира уьш). Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.

:26

Оха чIагIбинера уьш шу (къурайшаш) шеца чIагI цабинчуьнца‚ Оха хилийтира царна хазар а‚ гар а‚ дегнаш а. Царах кIелхьар ца даьккхира церан хазаро а‚ церан гаро а‚ церан дегнаша а хIумма а‚ уьш хилира Делан аятех ца тешаш‚ царах хьаьрчира уьш шех ца бешаш хилларг.

:27

Оха хIаллакйира шун гонахьара ярташ‚ далийра делилш‚ уьш юхабоьрзур бацара-те.

:28

ГIо ма ца дира царна, Дела а витина, Цунна гергахилийта шаьш лаьцна хиллачу дēлаша. ХIаъ‚ уьш дIатилира царах‚ Иза церан харцдерг а дара‚ цара харц кхуллуш хилларг а дара.

:29

Оха хьавзира хьо волчу жинийх цхьа тоба‚ цара Къуръане ладугIу. Шаьш цигахь долуш цара /вовшашка/ элира: "Совца /ладогIа Къуръане/". И дешна даьлча, уьш дIадахара шен къомана тIе, кхерам тосуш.

:30

Цара элира: "ХIай тхан къам! Тхуна хезира цхьа жайна‚ Мусал тIаьхьа доссийна долу шел хьалха хиллачуьнца (Тавратаца а‚ Инжилаца а) нийса догIуш долу‚ ша нисвеш долу бакъдолчунна тIе а‚ нийсачу новкъа а.

:31

ХIай тхан къам! Жоп ло Делера кхойкхуш волчунна‚ теша цунах‚ Цо гечдийр ду шун къинош‚ шу кIелхьардохур ду лазош долчу Iазапах".

:32

Делера кхойкхуш волчунна жоп ца луш верг − ницкъ кхочур бац цунна лаьттахь /Делан Iазапах къелхьаравала/‚ Иза воцучо Iалашбийр бац уьш. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!

:33

Царна ца го-техьа Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела‚ уьш кхуллуш кIад ца велла волу‚ ницкъ кхочуш вуйла белларш денбан? ХIаъ‚ баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг ву-кх.

:34

Оцу дийнахь хьалхатоттур бу цатешнарш /жоьжахатин/ цIарна /цаьрга хоттур ду/: "Бакъ дац хIара?" /олуш/. Цара эр: "ХIаъ‚ тхан Кхиош-кхобучуьнца (дуй боу оха): бакъ ду". Цо (Дāла) элира: "Iовша шайна Iазап шаьш ца тешаш хиларна".

:35

Собар де‚ элчанехшайгахь чIагIо хиллачара собар дарх терра‚ сих ма де царна /Iазап доссар/. Уьш тера бу‚ шайна ваIда йинарг шайна гучу дийнахь‚ дийнан цхьана сахьтехь бен /дуьненахь/ ца лаьттинчарах. /ХIара Къуръан нахе/ дIакхачор ду /хьуна тIехь/. Песакъ къам бен хIаллакдеш ду-й? /Дац –те!/