Дерриге а Исламан библиотека

45 - The Crouching - Al-Jāthiyah .

:1

Хьа-мūм.

:2

Жайна охьадоссор /ду хIара/ веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера.

:3

Баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а делилш ма ду муъмин нахана.

:4

Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилш ду ша /ч1ог1а/ тешаш долчу къомана.

:5

Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стиглара охьадоссинчу рицкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилш ма ду хьекъале болчу нахана.

:6

ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарех Делал а‚ Цуьнан аятел тIаьхьа теша уьш?

:7

/Боккха/ бāлабу массо а къа деш /чIогIа/ харцлуьйш волчунна.

:8

Ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/, кураваьлла шена уьш ца хозучух /ца хезаш санна/ − ахь кхаъ баккха цунналазош долчу Iазапаца.

:9

Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча, − иза схьалоцу цо белам а бой. Уьш (Ан-Надар а, и саннарш а) шайна сийсаза долу Iазап хир дерш бу.

:10

Церан хьалхахьжоьжахати ю. Цара карадинчо а‚ Дела а витина, цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьардоккхур дац царах. Царна деза-доккха Iазап ду.

:11

ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-кхобучун аяташ керстадинарш − /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш.

:12

Дела ву Ша хIорд шуна муьтIахь бинарг цу чухула кема лелийта а Шен омраца‚ шуьга лехийта Цуьнан комаьршаллех /хIордан ниIматаш − чIера‚ маржанаш…/‚ шуьга баркалла алийта /Ша деллачу ниIматашна/.

:13

Шуна муьтIахь дина Цо стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а − массо а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла еш болчу нахана.

:14

Ахь āла ийман диллинчаьрга гечдойла цара Делан деношка дог дохушбоцучарнаЦуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ карадеш хиллачуьнца.

:15

Милла велахь дика дина, − цунна шена ду иза‚ милла велахь вон дина, − цунна шена дуьхьал ду иза а. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучунна тIе дIадерзор ду шу.

:16

Оха делира Исраилан кIенташка жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а‚ рицкъ делира царна цIена долчух‚ Оха базбийра уьш Iаламел.

:17

Оха елира царна /динан/ гIуллакхан билгалонаш. Церан хилпало ма ца хилира шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовший юккъехь хьагI хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь.

:18

ТIаккха хьо /я Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гIуллакхан бакъонехь− цунна тIаьхьахIотта‚ ца хууш болчеран дезаршна тIаьхьа ма хIотта.

:19

Баккъалла а, цара Делера хIумма а кIелхьардоккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой - церан цхьаберш вукхарийн гIоьнчий бу хьуна. Дела ву /Шех/ кхоьруш болчеран гIоьнча.

:20

ХIара − билгалонаш ю /бIаьрг беллош/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу /ч1ог1а/ тешаш долчу къомана.

:21

Къинош летийначарна моьттина-те Оха шаьш ийман диллинчаьрца‚ дика Iамалш йиначаьрца цхьанийсса хуьлуьйтур ду − шайн денбалар а‚ балар а? Вон хили цара деш долу хьукам.

:22

Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хIор синна ша карадинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанна а цадинарг бахьанехь/ зулам дийр дац.

:23

Хьуна гой и шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тилавала витина иза шен хаарца‚ Цо мухIар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тIе‚ цуьнан бIаьрсана тIе кирхьа диллина Цо. ТIаккха иза хьан нисвийр ву Делал тIаьхьа? Аш ойла ца йо?

:24

Цара элира: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнен чу бовла /цхьаберш/‚ вай хIаллакдийр ма дац замано бен". Церан ма дац цуьнца цхьа а Iилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу.

:25

Царна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира цара алар бен: "Схьабалабе тхан дай, шу бакълуйш хиллехь".

:26

Ахь āла: "Дала дендийр ду шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тIаккха гулдийр ду шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу"‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх.

:27

Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Сахьт хIоттинчу дийнахь − оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш.

:28

Хьуна гур ма ду массо а уммат горх1оьттина. ХIор уммат кхойкхур ма ду шен жайна тIе − тахана шуна бекхам бийр ма бу аш деш хиллачуьнца.

:29

ХIара ду Тхан жайна, тешалла дийр долуш шуна т1ехь бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дIаяздеш аш деш хилларг.

:30

Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а − уьш буьхкур бу шайн Кхиош-кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх!

:31

Ткъа цатешнарш- /цаьрга эр ду/: "Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Т1аккха аш куралла ма йийра − шух къинош деш долу къам хилира".

:32

/Шуьга/ элча: "Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю‚ сахьт /хIуттур ду/‚ шеко яц цу чохь"‚ аш элира: "Ца хаьа тхуна‚ сахьт хIун ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо /эхартах/".

:33

Гучуделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг.

:34

Элира /цаьрга/: "Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хIокху денна дуьхьалкхетар дицдаларх терра. Шун чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю‚ вац шуна г1оьнчех цхьа а ".

:35

Иза ду /шуна/ аш Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Iехорна а. Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тōба дар а доьхур дац.

:36

Далла бу хастам‚ стигланийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Iаламийн Да волчу.

:37

Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.