Дерриге а Исламан библиотека

44 - The Smoke - Ad-Dukhān .

:1

Хьа-мūм.

:2

/ХIумнаш билгалдохучу/ билгалчу жайнаца дуй боу Ас.

:3

Баккъалла а, Оха доссина иза беркате йолчу буьйсана. Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/.

:4

Цу (Къуръана) чохь къастадо массо а хьекъале долу гIуллакх.

:5

Тхан агIорхьара г1уллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш

:6

Къинхетам а хилла хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

:7

Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /ч1ог1а/ тешаш хиллехь.

:8

Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-кхобург ву Иза.

:9

ХIаъ‚ уьш шекончохь ловзаш ма бу.

:10

Ахь тергал де стигло билгала кIурбахьар болу де.

:11

Нах д1ахьулбийр бу цо. /Цара эр ду/: "ХIара лазош долу Iазап ду".

:12

"Тхан Кхиош-кхобург‚ айдехь тхуна тIера хIара Iазап. Баккъалла а, тхо иман диллина ду-кх".

:13

Мичара бу царна хьехам? Цаьрга веара ма-й билгала волу элча.

:14

ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: "Жинийх волуш шена /наха Къуръан/ Iамийнарг ву /хIара Мухьаммад /".

:15

Баккъалла а, Оха айдо Iазап кIеззиг −шу юха а тIедоьрзу /шайн керстаналлина/.

:16

Оха боккхачу ницкъаца /Iазапе/ лоцур дончу дийнахь−баккъалла а, Оха чIир оьцур ю.

:17

Царал хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам −цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса).

:18

"ДIало соьга Делан леш/олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.

:19

Хьаладовла (курадовла) ма гIерта Далла‚ баккъалла а, ас шуна деана билгала долу делил.

:20

Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца‚ шун Кхиош-кхобучуьнца аш суна тIулгаш деттарх (аш со верах).

:21

Шу сох ца тешахь‚ со суо вита".

:22

/ТIаккха/ цо (Мусас) шен Кхиош-кхобучуьнга кхийкхира: "ХIара къам къинош деш ма ду"‚ /аьлла/.

:23

/ТIаккха элира Дала/: "ДIагIо сан лешца (Исраилан кIенташца) буьйсана‚ баккъалла а, уьш/шуна/ тIаьхьабовлур бу хьуна.

:24

ХIорд бекъабеллачахьбита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ бухагIур долу эскар ма ду".

:25

Мел /дукха/ бухадити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚

:26

Ялташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚

:27

Шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а.

:28

Иштта /хилира церан чакхе/. Оха уьш ирсана дIеделира кхечу къомана.

:29

Стигал а, латта а ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца таьттира уьш /Iазапах/.

:30

Оха кIелхьарбехира Исраилан кIентий сийсазачу Iазапах‚

:31

ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарах.

:32

Оха уьш (Исраилан кIентий) хаьржира Iилмаца/массо а/ Iаламел.

:33

Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бāла берш а.

:34

Баккъалла а, хIорш (къурайшаш) олуш ма бу:

:35

"Вайн цхьа дуьххьарлера далар бен дац‚ вай гIовтор дац /деллачул тIаьхьа/.

:36

Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь".

:37

Уьш дика бу я ТуббаIанкъам а‚ царал хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира.

:38

Оха ловзашца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а.

:39

Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.

:40

Баккъалла а, къасторанде −царна массарна а хан тоьхна ма ду.

:41

Оцу дийнахь гергарчо духатухур дац гергарчух хIумма а‚ царна гIо дийр дац.

:42

Дала шех къинхетам биначунна а бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

:43

Баккъалла а, и Заккъумолу дитт -

:44

Къинош дечун кхача бу.

:45

Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь‚

:46

Кхехкина хи кхахкарх терра.

:47

/Мохь хир бу/: "Схьалаца иза‚ дIакхосса иза жоьжахатина юккъе.

:48

ДIадотта цуьнан коьртана тIехула лалийначу хин Iазап".

:49

Iовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хIай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/.

:50

Баккъалла а, хIара ду аш шеца шеко йинарг".

:51

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш −тешамечу меттигехь хир бу.

:52

Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.

:53

ТIедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а, вовшийн дуьхь-дуьхьал хIуьттуш.

:54

Иштта Оха бāлор бу царна хаза бIаьргашберш.

:55

Кхойкхур ду цара хIора стоьме, /уьш кхачалур цахиларх, массо а халонех/ тешаме а болуш.

:56

Цу чохь валар Iовшур дац цара −дуьххьарлера /дуьненахь хилла/ валар доцург −Цо ларбира уьш жоьжахатин Iазапах

:57

Хьан Кхиош – кхобучуьнгара комаьршаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам.

:58

Баккъалла а, Оха атта дина иза /Къуръан/ −хьан маттахьа долуш −уьш кхетар бацаре-те.

:59

Хьо хьажа /хIай Мухьаммад, царах хIун кхиар ду/, уьш а хьовсуш бу /хьо хIаллакхиларе - тIаьхьа хуур ду, хьан хир ду гIо дуьненахь а эхартахь а/.