Дерриге а Исламан библиотека

43 - The Ornaments of Gold - Az-Zukhruf .

:1

Хьа-мūм.

:2

Билгалчу жайнаца /дуй боу Аса/.

:3

Оха хилийтина цунах Iаьрбийн /маттахь/ Къуръаншу /цуьнан хьукамех/ кхетийта.

:4

Баккъалла а, иза (Къуръан) жайнан неначохь ду Тхан гергахь‚ лекханиг а ду‚ хьукаме дерг а ду /ша/.

:5

Ткъа Оха шух ца тухуш буьтур бу хьехамшу тIаламза къам хили аьлла?

:6

Мел /дукха/ пайхамарш бахийтина Оха хьалхалерачаьргахь!

:7

Цхьа а пайхамар ца веана цаьрга цара иза сийсазвоккхуш бен.

:8

Оха хIаллакбина царах /хьан къомал/ ницкъаца вуно чIогIа берш −дIадахана хьалхалерачеран масал.

:9

Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла, цара аланне а эр ду хьуна: "Уьш кхоьллина Ша веза волчо‚ Ша хууш волчо (Дала)!"

:10

Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь (лаьттахь) некъаш −шу нийсачу новкъахь хир дацара-те.

:11

Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доуьйтуш стиглара хи барамехь −Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/.

:12

Ишттаниг а ву Иза Ша массо а хIума шиш-шишкхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховша хIуманаш

:13

Шу дIанисдалийтан церан баккъаш тIехь‚ тIаккха аш хьехадан шайн Кхиош-кхобучун ниIмат шаьш царна тIехь дIанисделча‚ аш āла: "Вонах цIена ву И Ша тхуна хIара муьтIахь йина‚ тхуна цу тIехь ницкъ кхочур ма бацара.

:14

Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзур долуш ма ду (къематдийнахь) ".

:15

Цара ма хилийти Цунна Цуьнан лех цхьа дāкъа. Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх.

:16

Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух /Шена/ мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца?

:17

Царах цхьанна кхаъ баьккхича шаьш Къинхетам болчунна масал далийначуьнца−Iаржалой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /и шена йоI хилар ца дезаш/.

:18

Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?

:19

Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара-те уьш (маликаш) кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга барт хоттур ма бу.

:20

Цара элира: "Къинхетам болчунна лиънехьара‚ оха царна (маликашна) Iибадат дина хир дацара". Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харцлуьйш бен.

:21

Я Оха жайна делла-те цаьрга цул (Къуръанал) хьалха, т1аккха уьш цуьнца чIагIбелларш а хуьлуш?

:22

ХIаъ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорах (тачча) дIанислуш ду".

:23

Иштта ца вахийтира Оха хьол хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучара олуш бен: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорана (тачана) тIаьхьадаьзаш ду".

:24

Цо (Мухьаммад пайхамара) элира: "Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул вуно нийсачуьнца‚ /тIаккха а харцво аш со/?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо шу (элчанаш) шеца даийтинчунна керста ду-кх".

:25

Оха чIир ийцира цьаргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначеран тIаьхье!

:26

Дагадаийта! ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къоме а: "Баккъалла а, со цIена ву аш шена Iибадат дечух.

:27

Со кхоьллинчунна бен /дийр дац ас Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву".

:28

Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош −уьш юхаберза там бара-кх.

:29

ХIаъ‚ Ас бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валц.

:30

Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: "ХIара бозбуунчалла ду‚ баккъалла а, тхо цунна керста ду".

:31

Цара элира: "ХIара Къуръан доссинехьара шина юьртара сийлахь-везачу стаге".

:32

Ткъа уьш бу хьан Кхиош-кхобучун къинхетам буьйкъуш берш? Оха бийкъина царна юккъехь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царах цхьаберш вовший тIехь даржашца лакхабехина‚ царах цхьаболчаьрга шайна вукхарга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-кхобучун къинхетам дика бу цара гулдешдолчул.

:33

Нах /берриге а/ цхьа умматца хилахьара, Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчух цатешачарна церан цIеношна датонтхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу.

:34

Церан цIеношна неIарш а‚ уьш шайна тIетовжуш болу маьнганаш а /датох хуьлуьйтура бара Оха/,

:35

/Кхин/ хазаллаша /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а −дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-кхобучунна гергахь /Делах/ кхоьручарна ду.

:36

Сов къинхетаме верг (Аллах1-Дела) хьехьорах гIовпал хилларг −Оха тIекхуссу цунна шайтIа, и цунна ца къесташ накъост а хуьлуш.

:37

Баккъалла а, цара (шайтIанаша) дIатилабо уьш (шайн накъостий −адамаш нийсачу Делан) некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.

:38

Шатхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр: "Декъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна хьох, шайтIанах/".

:39

Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьана хир ду.

:40

Ткъа ахь хозуьйту къораволчунна я нийсачу новкъа вуьллу бIаьрсадоцург‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг?

:41

Оха хьо дIакхалхийчи а −баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю.

:42

Я Оха хоьга гайтанне а гойтур ма ду Оха царна ваIда йинарг −баккъала а Тхо царна тIехь ницкъ кхочуш ма ду.

:43

Ахь схьалаца хьайга вехьеца делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву.

:44

Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу хьуна а‚ хьан къоме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуьга.

:45

Ахь хаттал Оха хьол хьалха элчанех баийтинчаьрга: "Оха хилийтиний-те Къинхетаме верг воцург /кхин/ делий, цара шайна Iибадат деш?"

:46

Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо злира: "Баккъалла а, со Iаламийн Ден элча ву".

:47

Иза (Муса) шайга веъча Тхан аяташца‚ уьш царах (аятех) боьлу.

:48

Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул доккхо долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапаца −уьш юхабоьрзур бацара-те /шайн тиларх/.

:49

Цара элира: "ХIай бозбуунча! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хьуна гергахь Цуьнан ваIдахилларг −баккъалла а, тхо нислур ма ду (оха иман дуьллур ма ду и Iазап дIадаьккхича).

:50

Оха ай ма диннехь шайна тIера Iазап −цара бартбохо.

:51

Кхийкхира ФирIавнас шен къомехь, элира: "Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна (сан гIалина) бухахула лелаш долуш? Шуна ца го /сан сийлалла/?

:52

Я со дика вац хIокхал‚ ша заIип волчу‚ талкхо (мотт тийсалуш) волчу?

:53

Кхуьссинехьара цунна тIе дашон чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/ хуттаделла".

:54

/Дукха/ дайа карийра цунна шен къам −уьш цунна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах.

:55

Цара Тхо оьгIаздаьхча −Оха цаьргара чIир ийцира −хина бухабахийтира уьш берриге а.

:56

Уьш хилийтира Оха хьалхабахна‚ масал хилла тIаьхьабогIучарна.

:57

Марьяман кIантахмасал далийча, хьан къомо чIогIа гIовгIа йоккху /хазахетта/.

:58

Цара элира: "Тхан делий дика бу я иза ву?" И (масал) ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду.

:59

Иза-м (Марьяман кIант Iиса) веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цунна‚ Оха хилийтина цунах масалИсраилан кIенташна.

:60

Тхуна лууш делхьара, шун метта маликаш хуьлуьйтура дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдинчул тIаьхьа/ дуьсуш.

:61

Баккъалла а, иза (Iиса пайхамар) сахьтан (къематдийнан) Iаламатду‚ аш янне а шеко ма елаш цуьнгахь. /Ахь āла цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Суна тIаьхьадазалаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ."

:62

Данне а шайтIано юьстах ма дохийла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала мостагI ма ду.

:63

Iиса веъча билгалонашца, цо элира: "Со веана шуьга хьекъалаллица (хьекъал дахьаш)‚ шуна шеца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш.

:64

Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цунна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ".

:65

Хилпало хилира тобанийн шайна юккъехь. Ма /боккха/ бāла бу зулам диначарна лазаме долчу дийнанIазапах.

:66

Уьш хьовсий-те шайга цIеххьана сахьт (къематде) даре бен, и шайна хаа ца луш?

:67

ДоттагIий оцу /къемат/дийнахь вовшийн мостагIий хир бу, /цхьа Делах/ кхоьруш берш боцурш. /Ткъа цаьрга Дала эр ду/:

:68

ХIай Сан леш! Кхерам бац шуна тахана‚ шу сингаттаме а хир дац:

:69

Тхан аятех иман диллина хилла берш‚ /Тхан хьукамна а, Тхан омрана а/ муьт1ахьхилла берш.

:70

ЧугIо ялсамани шу а‚ шун зударий-/цигахь шуна чIогIа/ хазахоьтуьйтур ду.

:71

Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргаш мел Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду.

:72

Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аш йина хилла Iамалш бахьанехь.

:73

Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аш царах буур а бу.

:74

Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу.

:75

И царах айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу.

:76

Оха зулам ца дина царна‚ делахь а, уьш хилира шаьш /шайна/ зуламхой.

:77

Цара кхойкхура: "ХIай /жоьжахати/ долахь ерг! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-кхобучо" Цо элира: "Шу лаьттар ду /лийр доцуш /".

:78

Тхо деънера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а, шух дукхах- болчарна бакъдерг ца дийзира.

:79

Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара (Маккин керстанаша элчанна дуьхьал)? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш (Оха хIаллакбийр бу уьш).

:80

Я царна моьтту-те Тхуна ца хозу церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХIаъ‚ Тхан элчанаш (маликаш) цаьргахь яздеш лаьтташ ду.

:81

Ахь āла: " Сов къинхетаме волчунна (Делан) доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх /оцу доьзалхочунна/ Iибадат дечарах".

:82

Вонах цIена ву стигланийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаршан Да‚ цара дечу /харц/ сибатах.

:83

Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/денна дуьхьалкхетталц.

:84

Иза ву стиглахь а Дела‚ лаьттахь а Дела‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву.

:85

Декъала ву Шена стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цуьнан тIе дIадерзор ду шу а.

:86

Цара, Иза а витина, шайга кхойкхучеран долахь дац шапаIат‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахьбен, /и шаьш деш долу шапа1ат Делан пурбанца дуйла / шайна хууш.

:87

Ахь цьарга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/!

:88

Цуьнга (Мухьаммад пайхамара Деле) элира: " Х1ай со Кхиош-кхобург (веза-воккха Дела)‚ хIара къам иман дуьллуш ма дац".

:89

ДIаверза царах (уьш хьайца санна, во ма хила цаьрца)‚ āла: "Машар!" ТIаьхьа хуур ду царна.