Хьа-мūм.
Iайн-сūн-къāф.
Иштта вехьий доуьйту хьоьга а‚ хьол хьалха хиллачаьрга а Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Дала.
Цуьнан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза ву лекха верг а‚ веза- воккха верг а.
Герга ду стигланаш атадала шайна тIехула/Делан сийлаллица/. Маликаша тасбахь до шайн Кхиош-кхобург хасторца‚ цара гечдар доьху лаьттахь волчунна. Сема довла / хIай нах/! Баккъалла а, Дела − Иза ма ву Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
И воцург /шайна/ доладийрашлаьцнарш − Дела ву царна тIехь лардархо‚ хьо вац царна т1ехь векал.
Иштта вехьеца даийтира Оха хьоьга Iаьрбийн Дешархьоьга кхерам тасийта яртийн нанна а‚ цунна гонахь болчарна а‚ хьоьга кхерам тасийта гулдаран денца‚ шена чохь шеко йоцчу − цхьа тоба (бусалбанаш) ялсаманехь хир ю‚ важа тоба (керстанаш) жоьжахатахь хир ю.
Далла лиънехьара, Цо цхьа уммат хуьлуьйтара дара царах‚ делахь а‚ Цо шен къинхетамна чувохуьйту Шена луург‚ ткъа зуламхой− ма вац царна доладийриг‚ ма вац /царна/ гIоьнча.
Я цара Иза воцург доладийраш лаьцна? Ткъа Дела − Иза ву-кх доладийриг‚ Цо денбо белларш‚ Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг.
Шун шегахь цхьана хIуманах хилпало йоьжнехь − цуьнан хьукам Далла тIе ду. /Аш āла:/ "Иза АллахI-Дела ву‚ сан Кхиош-кхобург‚ Цунна тIе тевжина со‚ Цунна тIе дIавоьрзу со /сан массо а гIуллакхашкахь/".
Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг /ву Иза/. Цо хилийтина шуна шух шайх зударий‚ бежнех а − тайп-тайпа. Цо шу алсамдоху цуьнца (зударий балабеш дебарца). Яц Цунах (Делах) тера хIума а. Иза хозуш верг ву‚ гуш верг а ву.
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догIанаш. Цо шортта хуьлуьйту рицкъ Шена луучунна‚ /кIеззиг/ барам а бо /Шена луучунна − уьш зерхьама/. Баккъалла а, Иза массо а хIума хууш верг ву.
Цо шуна шарI хилийтина динах Ша шеца весет дина хилларг Нухьана а, хьоьга вехьеца даийтинарг а‚ Оха шеца весет динарг ИбрахIимна а‚ Мусана а‚ Iийсана а‚ "дин хIоттаде, − аьлла‚ − декъа ма ло цу чохь (динехь)". Доккха /хала/ хили мушрикунашна ахь шаьш шена тIе кхойкхург. Дала цунна (Дела цхьаъварна) тIе хоржу Шена луург‚ Цо цунна (Дела цхьаъварна) тIе нисво ша /цунна тIе/ воьрзург.
Уьш бекъа ма ца белла шайга Iилма деъначул тIаьхьа а бен вовшийн юккъехь хьагI хилар бахьанехь. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучунгара "тоьхна хан тIе кхаччалц", аьлла долу, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, царал тIаьхьа шайга ирсана жайна делларшцунах (Мухьаммад элча хиларх) шеконан шеконехь ма бу.
Цуьнга (Дела цхьаъваре) кхайкха /хIай Мухьаммад/. ДIанислохьайга омра ма ди. Церан дезаршна тIаьхьа ма хIотта‚ ахь āла: "Ас ийман дилли Дала доссинчу жайне‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна − шун Iамалш ю. Цхьа а къовсамбац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнатухур ду вай (къематдийнахь бакъдерг къасто)‚ Цунна тIе ду дIадерзар".
И Делан /динехь элчанца/ къуьйсуш берш Цунна жоп деллачултIаьхьа церан делилш дIатеттина /харц/ ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна оьгIазло а ю /Делера/‚ чIогIа Iазап а ду.
Дела ву Ша доссийнарг жайна бакъдолчуьнца‚ терза а. Хьуна хьан хоуьйту‚ сахьтгерга хила тарло.
Цуьнца (къематденца) сихлуш бу шаьш цунах ца тешаш берш. Ийман диллинарш кхоьруш бу цунах‚ царна хаьа иза хьакъ-бакъ дуйла. Сема довла! Баккъалла а, цу сахьтах (къематдийнах) шеко еш берш генарчу тиларчохь ма бу.
Дела Шен лех дукха къинхетамема ву, рицкъ ло Цо Шена луучунна. Иза нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.
Милла хиллехь эхартан ял езаш − Оха соввоккхур ву иза шена ял яларехь. Милла хиллехь дуьненан ял езаш − лур ю Оха цунна оцунах‚ эхартахь цхьа а дāкъа дац цунна.
Ткъа царна накъостий бу шайна Дала ца магийнарг динехь шарI деш? Къасторан дошца хиллехьара, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, зуламхой − царна лазош долу Iазап ду.
Хьуна гур бу зуламхой чIогIа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ карадинчух цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тIебоьжча. Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза /Делера/ доккха дозалла ду-кх!
Иза бу Дала Шен ийман диллина болчу‚ дика Iамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахь āла: "Ас ца боьху шуьга цунна тIехь цхьа а мах /вайн/ гергарлонашкахьбезам /тергал бар/ бен". Диканиг деш волчунна − Оха алсамдоккхур ду цунна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ /диканиг динчунна/ баркалле а ву.
Я цара олу: "Цо (Мухьаммад пайхамаро) кхоьллина Далла тIехь харцдерг?" Далла лууш делахьара, хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо. Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
Иза ву къобалдеш тōба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аш тōба дича/‚ Цунна хаьа аш дийриг.
Жоп луш ву Иза ийман диллиначарна а‚ дика Iамал йиначарна а (церан доIина)‚ Цо совбоху уьш Шен комаьршаллех. Ткъа керстанаш − царна чIогIа Iазап ду.
Дала шортта даржинехьара рицкъ Шен лешна‚ тIехбовлур ма бара уьш /Делан дозанел/ лаьттахь‚ делахь а, Цо доссадо /рицкъ/ Шена луучу барамехь. Баккъалла а, Иза Шен лай сов дика бевзаш а‚ гуш а ма ву.
Иза ву цара дог диллинчул тIаьхьа догIа доуьйтуш верг‚ Цо баржабо Шен къинхетам. Иза ву хастаме волу доладийриг.
Цуьнан Iаламатех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар а‚ цу шинна чохь Цо даржина долу дийнат а. Иза уьш гулдарна тIехь, Шена ма лиънехь, ницкъ болуш а ву.
Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам − шун куьйгаша карадинчуьнца бу‚ дукхадерг гечдо Цо.
Шу ма дац лаьттахь д1адовдалур долуш /Делан кхиэлах/. Ма вац шуна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а.
Цуьнан Iаламатех ю хIорда чохь лелаш ерш‚ лаьмнех тера.
Шена лиъча мох сацабо Цо‚ уьш (кеманаш) дуьсу чIагIделла цуьнан букъа тIехь. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо а собардолчунна а‚ баркалла олучунна а.
Я хIаллакдийр дара Цо уьшцаракарадийнарг бахьанехь‚ Цо гечдо дукхадерг.
Тхан аяташкахь къуьйсачарна хаийла‚ шайна цхьа а кIелхьардовлийла йоцийла.
Цхьацца хIуманах шуна елларг − дуьненан дахаран дāкъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, вуно а бухадуьсуш а ду ийман диллинчарна а‚ шайн Далла тIетевжинчарна а.
/И хаза ял ю/ даккхийчу къинойх а‚ боьхачу хIуманех а генабеввлачарна а‚ шаьш оьгIазбевлича, гечдеш болчарна а.
/Иза ду/ шайн Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна а‚ ламаз хIотточарна а‚ шайн гIуллакх вовший юкъахь кхеташойолчарна а‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Делан новкъахь нахана диканиг деш/ харжаш ечарна а.
Шайх цхьа хьагIкхиъча, вовшашна гIо деш болчарна а.
Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьатдинарг - цуьнан ял Далла тIехь ю. Баккъалла а, Цунна ца беза зуламхой.
ГIо лехнарг шена зулам /динчул/ тIаьхьа − цунна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цунна).
Некъ боьхкур бу (таIзар дийр ду) нахана зулам деш болчарна а‚ лаьттахь бовла хьакъ доцуш /нахана ницкъаш беш, вон лелаш/ курабовлучарна а. Царна лазош долу Iазап ду.
Собар динарг а‚ гечдийнарг а − баккъалла а, иза чIогIачу гIуллакхех ду.
Дала тилавала витинарг - ма вац цунна цхьа а доладийриг Цул тIаьхьа. Хьуна гур зуламхой шайна Iазап гинчул тIаьхьа олуш: "Духадерзан цхьа а некъ буй-те?"
Хьуна гур бу уьш цунна (жоьжахатина) хьалхатеттина‚ сийсаза хиларх кхерабевла‚ къайлаха хоьжуш. Ийман диллинчара эр: "Баккъалла а, зен хилларш бу-кх шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь. Сема довла! Ткъа, баккъалла а, зуламхой /хир/ бац гуттаренан Iазапа чохь?"
Ма ца хили царна доладийраш‚ царна гIо деш, Делан /1азапна/ дуьхьал. Дала тилавала вуьтург, милла велахь а, − ма бац цунна цхьа а некъ /кIелхьарвала/.
Жоп ло шайн Кхиош-кхобучунна (Цунна Iибадат дарца) шен Делера духтохалур доцу дедāле. Яц шуна цхьа а дIадовда меттиг оцу дийнахь‚ вац шуна цхьа а /шун Iазапан/ инкарло йийр ерг.
Уьш дIаберзахь, − Оха ца вахийтина хьо царна тIе хехо (лардархо) хилла. Хьан тIехь дIаккхачор бен дац. Оха адамна Iовшийтича Тхайгара къинхетам‚ даккхийдоь иза цуьнца. Ткъа цунах кхиъча вониг, цуьнан куьйгаша хьалхадаьккхина долу, − тIаккха адам керста хуьлий дIахIутту.
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Кхуллу Цо Шена луург. Ло Цо Шена луучунна зудабераш, ло Цо Шена луучунна божабераш.
Я хуьлуьйту царна божабераш а‚ зудабераш а‚ Шена луург тIаьхье йоцуш вуьту. Баккъалла а, Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву.
Ца хили адамна Дела шега вистхилар вехьеца бен‚ я кирхьана дехьахула‚ я элчаваийтарца бен − цо вехье луш Цуьнан пурбанца Цунна луург. Баккъалла а, Иза лекха верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.
Иштта хьоьга а вехьеца даийтина Оха саТхан гIуллакхах. Хьо ма вацара хууш‚ жайна хIун ду‚ ийман хIун ду а‚ делахь а, Оха нур хилийта цунах (Къуръанах), шеца нисвеш Тхайна луург Тхан лех‚ баккъалла а, ахь нисваларе ма кхойкху /исламан/ нийсачу новкъа‚
Делан новкъа‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Ткъа Далла тIе ца доьду гIуллакхаш? /ХIаъ! Доьду!/